Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 


Ассаламу Iалайкум!

Са цхьа хаттар дар хьоьга: Нохь пайхмар (Делер салам хийл цунна) хIорд кеман тIехь волуш, Дала латта тIе хIорд баитан меттиг хIу меттиг ю? Кхин адам хилли латта тIехь, я билгал Нохь пайхмар (Делер салам хийл цунна) хилла меттиг ю и хин бух яхнаг?

БаракаЛЛахI фика.

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Суна а хууш бусалба динан баххашкахь билгалйина яц Нухь-пайхамар – Делера салават а, салам а хуьлда вайн пайхамарна а, цунна а – ваьхна меттиг.

Лаьтта тIехь кхин адамаш хиллий, хи буха яхнарг къаьсттина цхьа меттиг ю, йа дерриге латта буха дахана хилла бохучу хаттарх лаьцна Шейх Рашид Ридо́с аьлла: «Къуръанан айатийн доьххьала дIа долчу маьIно гойтург и хи тIедалар къаьсттина Нухьан къомана хилла хилар ду, хIунда аьлча иза царна дина Iазап хилла. Ткъа, и хаттар кхолладалале хьалха хIара хаттар а хIутту вайна хьалха: «Нухьан къам доцург кхин адамаш хиллий дуьнена тIехь цу хенахь?». Цу хенахь уьш боцург кхин адам ца хилла аьлла ала догIуш хила а мега, хIунда аьлча лекха хинволчу АллахIа аьлла ду: Нухьа элира: ХIай сан Эла! Керстанех цхьаъа дийна стаг ма вита хIокху лаьтта тIехь﴿ (Нухь 26). Делахь а, иза хадам болуш тешалла дац, хIунда аьлча хIора къомо ша дехачу меттигах «латта» олу…

Кхидолчу аларшна юкъара нийса дерг хIун ду аьлча, иза иштта ду: Къуръан тIехь хадам боллуш тешалла долуш айат дац, хи-тIедалар дерриге латта чулоцуш хилла хилар гойтуш. Делахь а, Къуръанан маьIна дина болчу Iелам-наха а, кхечара а олуш дерг ду иза, (хи-тIедалар дерриге лаьтта тIехь хилла аьлла), хIунда аьлча и дийцар дуьйцучу Къуръанан айатийн доьххьала дIа долу маьIна и гойтуш ду. Кхин а, иштта аьлла хета «жайнин охIлу» болчу нахана а (керста нахана а, жуьгташна а). Ткъа и доьххьала дIа долу маьIна кхечу агIор дерзош кхин цул чIогIа хадам болуш далил дац….

Къуръан тIехь аьлла ду, Нухьан хIурдакема «Ал-Джу́дий» тIехь сецира аьлла. «Ал-Джудий» йа меттиган цIе ю, йа ломан цIе ю. Йа Къуръан тIехь а, йа нийса хьадисашкахь а билгалдина дац и меттиг стенгахь ю, хIунда аьлча цу дийцарх иэца беза пайда и меттиг йовзарх боьзна бац».[1]

 

Дика хуург сийлахь АллахI ву!


 

[1] «Маджаллатул-Манар», 32\24, Шейх Рашид Ридо́.