Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Соьга цхьа хаттар де аьллера шуьга цхьана йишо. Ша маре йоьдучу хенахь шега ден цIе хаьттинера моллано боху цу йишо, ше ден цIе ша нийса ца яьккхинера, шен ден бакъ цIе ца яьккхинера, галйаьлла, доцца дийцича шен де шолагIа цIе яьккхина, дукхах болчара цуьна шолагI цIе йоккхура, бакъ цIеяккха хала долу дела.

 

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Церан мах бар нийса лоруш ду, Дала мукъа лахь. ХIунда аьлча цу меттехь коьрта дерг – маре йоьдуш йолу йоI билгалйина хилар ду, иза цхьа кхин йоI ю моьттийла доцучу кепара.

Ткъа, ден ши цIе а йолуш, цаьршиннах наха лелош ерг яьккхинехь, иза гIалат лара бахьана дац шариIатан агIор.

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

17.11.2010 = ‏1431‏-12‏-11