Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 


Ассаламу Iалайкум!
ХIокху статьяхь (……) яздина ду боьрша стага шен месашна тIе, маж тIе цIен йа можа басар хьакхар суннат ду аьлла. Ша-йолу месашна тIе хьокху цIе басар, йа цхьацца метташкахь бен хьокхуш дац и?

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

● Зударша шайн къежйеллачу месашна басар дар дика хилар а, къежйалаза йолчарна басар дар мегаш хилар а вай дийцира хьалха хIокху шина хаттарехь:

Месашна басар дан мега йа ца мега?

ЙоIана корта Iаьржачу хнаца басар бан мегий?

● Божарша шайн къежйеллачу месашна а, мажана а басар даран хьокъехь Iелам-нахана юкъахь хилпало ю. Къежйеллачу месашна а, мажана а басар дар даим суннат ду аьлла дуккха Iелам-наха. Ткъа цхьаболчара иза хIоьттина долчу Iадате хьаьжжина ду аьлла, вукхара стеган хьоле хьаьжжина ду аьлла. Иза вайна билгалдер ду, Дала мукъа лахь, жимма тIаьхьа.

Имам Муслима – Дала къинхетам бойла цунах – дийцинчу хьадисехь деана ду, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – Абу Къухьáфатан корта а, маж а къежйелла шена гича, элира аьлла: «Цхьана хIуманца (басар дей) хийца иза, Iаьржачу (басарх) лар а ло».

Имам Муслима дийцина кхин хьадис а ду: «Бакъдолуш, жуьгташа а, керстанаша а басар ца до, церах тар ма лойла шу».

Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – оцу хьадисийн маьIна деш аьлла:

«Къеда хилла волчу (Имам) Iийа́да аьлла: «Асхьабашна а, та́биIунашна а юкъахь хилпало хилла хIума ду месашна басар даран хьукм. Церах цхьаболчара аьлла: басар ца дар дезох (гIолий) ду; (цунна тешаллийна) цара дийцина хьадис, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – къежйелла месаш (йа маж) ма хийца аьлла хиллера аьлла. Кхин а (цхьа тешалла а ду церан), Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – шен къежвалар хийцина хилла ца хилар. Иштта аьлла аьлла дийцина ду Iумарера а, Iелигара а, Убайгара а, кхиболчу асхьабашкара а, Дела реза хуьлда царна.

Кхиболчара аьлла: басар дар дезох ду. Асхьабашна юкъара а, табиIунашна юкъара а, церал тIаьхьа хиллачара а дуккхамма басар дина а хилла. Церан тешалла хилла Имам Муслима а, кхечара а дийцина долу хьадисаш». …

Къеда Iийа́да аьлла: Имам ТIабарийс аьлла: «Нийса дерг – иза Пайхамарера схьа – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – дуьйцуш шинне кепара долу хьадисаш нийса хилар ду, къежвалар хийца аьлла дерш а, уьш ма хийца аьлла дерш а. И хьадисаш галморзах догIуш а дац. Муххале а, хийца аьлла омру дийриш Абу Къухьафатан хьолехь волчунна догIуш ду, ма хийца аьлла даьхкина дерш цхьайолу месаш йа цхьайолу маж къежйеллачунна догIуш ду. Хьалха хилла болчу асхьабаша а, табиIунаша а и хIума цхьаболчара лелийна хилар а, вукхара лелийна ца хилар а шайн хьолашка хьаьжжина хилла ду. Ткъа и хийца аьлла дина долу омру а, ма хийца аьлла дерг а парз дац (важиб долу омру дац), цу тIехь берриге Iелам-нехан барт хилла а бу. Цундела вовший инкарло ца йина цара цу гIулкха тIехь (иза суннат бен доцу дела)». …

Къеда Iийа́да аьлла: «Имам ТIабарий воцуш, цхьаболчу кхечу Iелам-наха аьлла: «И хIума шина хьолехь хила йиш ю: Басар деш болчу нахана юкъахь волчо басар ца дича, иза хIоьттина долчу Iадатах вохар хуьлу, цунах иза гIарава́лар хуьлу, ткъа иза дика дац. Басар деш доцучу меттехь волчо басар дича, иза а хIоьттина долчу Iадатах вухуш хуьлу, цунах иза гIарава́лар хуьлу, ткъа иза дика дац.[1]

Кхечу кепара маьIна а дина оцу хьадисийн: къежйелла месаш а, маж а цIена хиларе хьаьжжина ду цунна басар дар. Нагахь санна уьш басар ца деш Iадйитича, басар динчул хаза а, цIена а хуьлуш елахь, басар ца дар гIолий ду. Нагахь санна къежваларо куц ирчадоккхуш делахь – басар дар гIолий ду».

Иштта, Iелам-нехан и дешнаш дийцина Къеда Iийа́да».[2] Чекхдели Имам Нававийс аьлларг.

● Имам Iийа́да ма-дийццара, къежваларна басар дарах лаьцна тайп-тайпана шина маьIнийца даьхкинчу хьадисийн маьIна деш, Iелам-наха масех кепара тидина уьш, цхьадолу хьадисаш вукхарна тIехь туола а ца деш, церах юкъара цхьа маьIна даккхархьама. Ткъа цхьаболчу Iелам-наха басар дар дика хилар гойтуш долу хьадисаш вукху хьадисашна тIехь туолийна, хьадисан Iилманца а, усулул-фикъхI Iилманца а. Масала, и вай далийна долу дешнаш чекхдевлча, Имам Нававийс аьлла: «Суннатана герга а долуш, нийсох дерг – вай хьалха вайн мазхIабехь ду аьлла дийцинарг ду (иза – къежйеллачу месашна а, мажана а басар дар суннат хилар ду)».[3]

● Иза суннат ду бохург – лело луучо лелийча мел а болуш, ца лелийча къа а доцуш хIума ду бохург ду, цу тIехь Iелам-нехан барт хилла а бу, цундела цара шайна юкъара и ца лелочунна инкарло а ца йина, лелочунна инкарло а ца йина.

● Ткъа, - «Къежвалар хуьйцийла аш» - аьлла, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – дина долу омру важиб ца хуьлуьйтуш, иза суннат хиларе де́хьадаьккхинарг хIун ду аьлча – иза цо шен дукхах йолчу хенахь иза дина хилла ца хилар ду, цо иза кIеззиг йолчу хенахь бен дина ца хилар ду, цхьаболчу асхьабаша а иза деш хилла ца хилар а ду. Имам Шавка́нийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Имам ТIабарийс, шина агIор даьхкина долу и хьадисаш цхьанатухуш, аьлла: «Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – басар динера аьлла хадам боллуш дийцина болчу асхьабаша шайна гинарг дийцина, ткъа иза (цо басар дар) наггахь хуьлуш хилла. Цо иза ца динера аьлла дийцинчара аьлларг цуьнан дукхах долчу хьоле хьаьжжина аьлла ду, АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна».[4]

● ТIаккха, Хьафиз Ибн Хьаджар Ал-Iаскъола́нийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Къежйеллачу месашна а, мажана а басар дар даим дика дерг ду, хIунда аьлча, Жайнин охIлу болчу (жуьгтех а, керстанех а) тар ма ло аьлла дина долчу омрунна муьтIахь хилар нисло цуьнца, месаш тIехь чан а, кхийолу хIума а сацарх ларво цо. Делахь а, нагахь санна басар дар цхьана махкахь лелош хIума дацахь, церах къаста а къаьстина басар дийриг цу махкахь бехачу нахана юкъахь къастош гIараволуш хир велахь – и санна волчо басар ца дар гIолий ду».[5]

«Къежвалар хуьйцийла аш» - бохучу хьадисан маьIна деш, Имам Ал-Мунна́вийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Ибн Хьаджара аьлла: «Къежваларна басар дар дика лоруш ду («мустахьабб» ду), нагахь санна ша вехачу махкахь Iаш болчу нехан Iадат иза ца дар дацахь, хIунда аьлча басар дарца церах къаьсташ верг царна юкъахь гIараве́р ву, цундела (иштта меттехь) иза Iаддитар гIолий ду».[6]

● Амма басар деш волчо иза массо месашна дан деза, йа цхьайолчу меттигашкахь дича а тоьар ду боху хаттар – иза цхьаъа Iелам-стага хьахош суна гина дац, цундела цунна жоп суна ца девза.

Дика хуург АллахI ву!

 

15.05.2009


 

[1] Къежваларна басар дар оьмар а, Iадаташ а хийцадаларга хьаьжжина хийцалуш ду аьллачу Iелам-нахах ву Шейх Саййид Са́бикъ. Хьажа: «ФикъхIус-СуннахI», 1/40. Цунна тIе ца тайна Шейх Ал-Алба́ний. Хьажа: «Тама́мул-МиннахI фит-ТаIликъи Iала ФикъхIис-СуннахI», 1/77-78.

[2] Имам Ан-Нававий, «Шархь Сахьихь Муслим»,  14/80.

[3] Уьзза жайна.

[4] Имам Аш-Шавка́ний, «Найлул-АвтIо́р», 1/147.

[5] Хьафиз Ибн Хьаджар Ал-Iаскъола́ний, «Фатхьул-Ба́ри́ Шархь Сахьи́хьил-Буха́рий», 10/355.

[6] Имам Ал-Мунна́вий, «Файдул-Къади́р», 4/537.