|
|
|
Ассаламу Iалайкум! Мархи бутт дIабаьлча мас суннат марха кхаьбча дика ду?
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Рамадан бутт дIа ма-баьлла кхаьбча дика долу суннат марханаш ялх ду. Рамаданал тIаьхьа богIучу шаввал баттахь кхобуш ду уьш. Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Рамадан баттахь а, шаввал беттан ялх дийнахь а марха кхаьбначо цхьана шарахь марха кхаьбна».[1] Кхин а аьлла Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «Рамадан баттахь марханаш а кхаьбна, тIаккха цул тIаьхьа шаввал беттан ялх дийнахь марха кхабар - дерриге дахарехь марханаш кхабар санна ду».[2] Кхин а аьлла Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «Рамадан баттахь а, шаввал беттан ялх дийнахь а марха кхаьбначо цхьана шарахь марха кхаьбна. Цхьа дика хIума динчунна иза совдоккхур ду итт дика дича санна».[3] И ялх де шаввал бутт болабелча а, юккъе баьлча а, чекхбалале а, муьлхха деношкахь кхаба мегаш ду, делахь а марханаш даьстинчул тIаьхьа дукха хан юкъа а ца йолуьйтуш кхаьбча дика ду. Кхин а, и ялх де тIаьхьий-хьалхий кхаьбча мелехь а ду, дика а ду, ткъа шена иштта кхаба ца луучо юккъе денош а долуьйтуш кхаба а мегаш ду, масала цхьана дийнахь марха кхобуш, тIаккха масех дийнахь ца кхобуш, тIаккха юха а кхобуш, иштта кхидIа а.
|