Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Дела реза хуьйла хьуна. Сан цхьа шо, я ши шо хьалха мархийн беттан дийнахь марха багахь долуш зудчуьнца эвхьаза юкъаметтиг хиллера. Ас и марха тIе а кхебира. Амма хIинца дуккха хан ялла. Цу хенахь суна хIун дан деза ца хаьара. Цунах лаьцна хIун хьехар дийр дара ахь. Дела реза хуьйла хьуна.

 

Жоп:

БисмиллахIир-рохьманир-рохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Нагахь санна хьуна и хIума дар къа дуй а, хьарам дуй а хууш хиллехь, ахь иза вицвелла дина а ца хиллехь, хьо марха даста бакъо йолчу кепара некъахо а ца хиллехь, хьуна тIе кхо хIума дужу: айхьа динчунна Деле гечдар дехар а, айхьа дохийна марха юхакхабар а, марха дохорна гIуда такхар.

Марха доькхуш ахь кхаьбна. ХIинца, айхьа Деле гечдар дехаза делахь, хьайна гечдар а дехе, и хIума ахь хьайгара да́лийтар бахьана долуш хьайна тIедоьжна долу гIуда чекхдаккха деза ахь.

И гIуда иштта ду: цхьа лай паргIат ваккхар; нагахь санна иза ца каравахь тIаьхьий-хьалхий шина баттахь марханаш кхабар, цхьаъа де марха ца кхобуш Iадда а ца дуьтуш; нагахь санна иштта марханаш кхабалур дацахь, кхузткъа миска адамна даар далар, шен махкахь лелаш долчу юкъарчу даарх, хIора мискачунна цхьацца кан.

Иза шен тешаллийца вай дийцира хьалха хIокху хаттарехь:

Мархин баттахь шен зудчуьнца (эвхьаза) юкъаметтиг хилийтар

Нагахь санна хьан оцу кхаа хIуманах цхьаъа хIума дан хьан аьтту бацахь, йа ницкъ ца кхачахь, аьтту хиллалц, ницкъ кхаччалц хьуна тIехь декхар хилла лаьттар ду и гIуда, цундела хьайн аьтту ма-хилла тIерадаккха деза иза, хIара къепе лар а еш: лай паргIатваккхар, и ца далахь шина баттахь марха кхабар, и ца далахь кхузткъа миска стагана цхьацца кан даар далар. Хьалха-хьалха дерг дан аьтту ца хилча бен тIаьхьадогIучунна тIе дехьавала мегар дац, масала марха кхаба ницкъ кхочуш а волуш даар дала мегар дац.

Амма нагахь санна и хIума хьоьгара дужучу хенахь хьуна иза хьарам хилар девзаш ца хиллехь, иза мегаш доций хьуна хууш ца хиллехь, йа хьой марха кхобуш хилар вицвелла а волуш хилийтинехь, йа марха даста магош болчу новкъахь волуш хилийтинехь – и санна долчу хьелашкахь хьуна тIе гIуда ца дужу.

Дика хуург сийлахь АллахI ву!

27.11.2009