Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум!

Сан бусалба ваша, суна бехк ма биллалахь хIара хаттар иштта хиларна.

Тахана вайна ма-хаъара Iашураъ де ду. Со а, сан хIусамнана а марха лоций дIадуьжу Iуьйра ламаз динчул тIаьхьа. Юха тхойшина цхьанакхетар нисделла, лийчар тIе а дужуш. Оха къа латийнай? Латийнехь, цунах цIандала хIун дан деза оха? Дехар дара сан, хьайн аьтту балахь хье ца долуьйтуш жоп далар.

Дала меле дойла хьан къахьегар.

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Хаа дезарг хаттар бехке хIума дац, мелхо а дика хIума ду.

Аш къа ца латийна, Дала мукъалахь, хIунда аьлча шафиIий а, хьанбалий а мазхIабехь мегаш ду суннат долу Iибадат сацо а, чекх ца даккха а, хьадж а, Iумрат а доцург.

Имам Нававийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Суннат лоруш долу ме́лан марха кхаба волавеллачунна а, иштта ламаз дан волавеллачунна а мегаш ду и шиъ ха́до́. (Хадийнарг) декхар тIе а ца дужу (цаьршинна)».[1]

Цунна тешалла ду Умма ХIа́ниа (Дела реза хуьлда цунна) дийцина долу хьадис, Делан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «Ме́лан марха кхобуш верг ша ву шен дегIан да: шена лаахь сацор ду цо марха, шена лаахь чекхдоккхур ду».[2] Кхин а, Салман Ал-Фарисийга марха дастийтина хилла Абу Ад-Дардаа (Дела реза хуьлда цаьршинна) , тIаккха иза Пайхамарна (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) хаа а хиъна, цо иза тIе а чIагIдина.[3]

Бакъду, ме́лана кхобуш долу марха дастар мегаш делахь а, цхьаъа бахьана а доцуш иза дохор дика лоруш дац, йа вуьшта аьлча «макрухI» (дика доцу хIума) лоруш ду иза, хIунда аьлча кхечу мазхIабашкара Iелам-наха иза кхочушдар важиб ду аьлла долу дела. Амма нагахь санна цхьа бахьана делахь, масала хьешаца яахIума ца йиъча цхьа новкъарло хир йолуш елахь, иштта цхьа цхьа бахьана хилча «макрухI» долчура дIадолу иза, мелхо а дастар «мустахьабб» хуьлу.[4]

Кхин а, иштта марха дохийча иза доькхуш кхабар важиб дац, делахь а дика лоруш ду иза доькхуш кхабар, «мустахьабб» ду иза иза доькхуш кхабар, кхечу мазхIабашкара Iелам-наха иза доькхуш кхабар важиб ду аьлла долу дела.[5]  

ТIаккха, иштта марха даьстича, рамадан баттахь парз марха дохийча санна гIуда дала а ца деза. Имам Нававийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «ГIуда далар тIехь дац вицвеллачунна а, рамадан баттахь а доцуш кхечу дийнахь кхобуш долу (ме́лан) марха дохийначунна а, эвхьаза юкъаметтиг хилийтарца а доцуш кхечу агIор дохийначунна а…».[6]

Цигара схьа девза вайна хьан хаттарна жоп: ахь кхобуш хилларг ме́лан марха ду, иза дохор къилахь дац, цундела шуьшинна тIехь къа а дац, гIуда а дац, йа ашшимма сагатдан дезаш хIума а дац, Дала мукъа лахь.

Дика хуург сийлахь АллахI ву!

27.12.2009 - ‏1431‏.01‏.10


 

[1] Имам Ан-Нававий, «МинхIажут-тIолибин», 186.

[2] Ахьмад, Хьаким; СуютIий – Ал-Албаний, «Сохьихьул-джамиIис-согIир».

[3] Бухарий.

[4] Имам Ад-Дами́рий, «Ан-наджмул-ваххIадж фи шархьил-минхIадж», 3/363; Имам Такъиййуддин Ал-Хьисний, «Кифайатул-ахйар», 1/208.

[5] Уьзза жайна.

[6] Имам Ан-Нававий, «МинхIажут-тIолибин», 185.