Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Марха долуш джунуб хилча марха духий? Лийча а лийчина дIа кхаба магийний вайна?

 

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Нагахь санна «джунуб» хилар бохучух лууш дерг лаамаза оралла араялар делахь, масала набарха оралла араялахь, оцу хьолехь марха ца духу. ХIокху хаттарехь лууш дерг и долчух тера ду. Ткъа иза вай дийцира хьалха кхузахь:

«Марха кхобучунна гIенах оралла араяларца лийчар тIедоьжча марха духий?».

«Мархин баттахь лийчар тIедоьжна а долуш Iуьйренга валар».

Нагахь санна цунах лууш дерг зудчуьнца эвхьаза юкъаметтиг хилийтар делахь, йа ша́ цхьа бахьана а лелийна оралла араялийтар делахь (масала куьйга-зина дарца), тIаккха марха духу. ТIаккха, зудчуьнца эвхьаза юкъаметтиг хилийтинехь, и марха доькхуш кхаба а деза, иштта марха дохорна тIедоьжна долу гIуда дIатакха а деза. Ши бехкеметтиг вовшахкхе́тачу кепара зудчуьнца эвхьаза юкъаметтиг хилийтина а йоцуш, вуьшта муьлхха а бахьана а лелийна оралла араялийтарца марха дохийнехь, и де доькхуш кхабчахьана во́лу, гIуда далар тIе ца дужу. И шиъ вай дийцира кхузахь:

«Мархин баттахь шен зудчуьнца (эвхьаза) юкъаметтиг хилийтар»

«Марха а долуш зудчуьнца дIавижча марха духий?».

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

26/08/2010 = ‏16‏/09‏/1431