Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Кхетам

Доьзал

ГIиллакх

Iелам-нах

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео
Хьешан тептар
Кехат язде соьга

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Диссина фарз марханаш хилча, суннат марханаш кхаба мегий, йа кхаьбча къобал хир дац бохург бакъ дуй?

 

Жоп:

БисмиллахIиррохьманиррохьим.

АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

ХIара хаттар Iеламнаха толлуш долчу кхечу хаттарна тIедоьгIна ду: рамадан баттахь кхабаза марханаш диссина хилча, уьш доькхуш кхабар сихонца хила дезаш ду, йа шолгIа мархин бутт тIекхачале кхаьбча а мегар ду?

Цхьаболчу Iеламнаха и марханаш мархин бутт дIа ма-баьллинехь сихха тIекхаба деза аьлла. Делахь а, дукхах болчу Iеламнаха сихха ца кхаьбча а мегар ду аьлла уьш, шолгIа мархин бутт тIекхачале кхаьбна тIерадаьхча мегар ду аьлла.[1] Уьш тIетевжаш дерг Iаишас (Дела реза хуьлда цунна) дийцина долу хьадис ду, «рамадан беттан марханаш хуьлуьра суна тIехь декха дезаш, шаIбан баттахь бен декха а ца лора соьга уьш» - аьлла долу.[2]

Хууш ма-хиллара, шаIбан бутт рамаданал хьалха берг бу, ткъа Iаишас (Дела реза хуьлда цунна) боху оцу шен дешнашкахь, дIабахана болчу рамадан беттан шен кхабаза диссина марханаш дерриге шара чохь кхаба ца луш юьссура ша, шаIбан бутт тIекхаччалц. Цо гойту и диссина парз марханаш сихха доькхуш ца кхаьбча а мегаш хилар. ХIетте а, Iеламнаха дика (мелехь) лерина уьш дукха тIаьхьа ца тоьттуш шен аьтту ма-баьлла кхабар.

Бакъду, шафиIий мазхIабера Iеламнаха, иштта паргIат доькхуш кхаба мегаш долу марханаш шариIато луш йолчу бакъонца ца кхаьбна долу марханаш ду аьлла, масала марха ца кхаба магош йолу цамгар кхетта диссина хилча а, новкъахь хилар бахьана долуш диссина хилча а, зуда ламазах йохар бахьана долуш диссина хилча а, иштта кхидIа. Амма нагахь санна и диссина долу марха шариIато магош долчу бахьанца диссина дацахь, масала марха ца кхаба магош долу цхьаъа бахьана а доцуш марха ца кхобуш дитинехь, и санна долу марха сихха доькхуш кхаба деза аьлла цара.[3]

Цигара схьа девза вайна оцу хаттарна жоп а: дукхах болчу Iеламнаха ма-аллара, диссина парз марханаш а долуш суннат марха кхаба мегаш ду, кхаьбча иза нийса а ду, Дала мукъа лахь, делахь а парз марха хьалхадаккхар гIолий ду. Нагахь санна парз марха ца кхобуш диссаран бахьана шариIато магош долчу кепара ца хиллехь, суннат марха а ца кхобуш парз марха хьалхадаккха деза.

Кхузахь кхин цхьа хаттар ду: доькхуш кхаба дезаш долу парз марха а, кхаьбча мелехь долу суннат марха а цхьана дийнахь кхаба мегар дуй, кхаьбча цаьршинах шиннех ме́л а хир буй? И ши марха иштта кхаба мегар ду, цаьршиннах шиннех болу ме́л а хир бу цунна, Дала мукъа лахь. Масала оршот дийнахь марха кхабар сунна ду, шен диссина парз марха цу дийнахь кхаьбча, парз мархин мел а, оцу суннат мархин мел а хир бу цунна. Иштта ду еара а, беттан юккъера кхо де а, Iашураъ а, зул-хьидджа беттан исс де а, и.кх.д.[4] Бакъду, шаввал беттан ялх де кхаьбначунна шарахь марха кхаьбча санна мел хир бу бохучу хьадисо гойтург мархин бутт берриге кхаьбначул тIаьхьа и ялх де кхаьбча бен хуьлуш ца хилар ду. Цундела, оцу денойн и кхоччуш болу мел хилийта луучо цкъа доьххьара шен диссина марханаш чекх а даьхна, тIаккха кхаба деза и ялх де.[5] Диссина парз марханаш кхабале хьалха уьш кхаьбча, йа вай ма-аллара суннат дерг а, доькхуш дерг а цхьаьне кхаба лиъча, и шеран марханийн мел хир бац, парз кхабар а хир ду, суннат кхабар а хир ду.[6]

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

31.10.2011 = ‏04‏.12‏.1432


 

[1] Имам ан-Нававий, «Шархь сахьихь муслим», 8/22-23.

[2] Бухарий, Муслим.

[3] Шайхул-ислам Закариййа ал-Ансорий, «Аснал-матIолиб», 1/430; Имам Ибн Хьаджар ал-ХIайтамий, «Ал-манхIаджул-къавим», 405.

[4] Имам ар-Рамлий, «Фатава ар-рамлий», 2/63-64; Шейх Ибн Iусаймин, «МаджмуI фатава ва росаил ал-Iусаймин», 20/48.

[5] Уьзза жайна.

[6] Имам ал-Хьадрамий, «Бушрал-карим бишархьи масаилит-таIлим» (Шархьул-мукъаддиматил-хьадрамиййахI), 583.