|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Зударийн дуккха а марханаш а, ламазаш а дуьсуш нисло. Иштта диссина марханаш ду сан, мел ду ца хаьа, муьлхча шарахь дисна ца хаьа. Пхийтта шо кхаьчхьана дуьйна марханаш тIехь ду бусулбачу адманна, и сайн дисина марханаш декха лаьара суна. Муха кхаба деза ас уьш, ният муха дан деза ас? ТIаккха, понедельникехь а, четвергехь а кхобаш ю со, ткъа ас суннат марха олий ният до, ас муха дан деза-те и? Ас оцу шина дийнахь кхобаш долчу марханашца декха лур дуй сан дисина марханаш?
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Доьххьара дуьйна, пхийтта шо кхаьчначу хенахь дуьйна хьайн кхабаза диссина марханаш мел хила тарло хьажа еза хьо. Масала, цхьана шарахь ахь ца кхобуш дитина 7 марха хила а тарло, 10 хила а тарло, вукху шарахь 5 хила а тарло, 8 хила а тарло – ткъа ахь схьаэца дезарг дукхах дерг ду. Цундела, цу шина шарахь ахь дитина хила тарлуш долчу марханех дукхах дерг 10 + 8 = 18 марха ду. Иштта кхидIа долчу шерашка а хьожу хьо. ТIаккха уьш дерриге, хIинца вай далийначу масалехь санна, цхьаьнатуху ахь. Иштта девзар ду хьуна айхьа доькхуш мас марха кхаба деза. ТIаккха, уьш доькхуш кхаба йолайала еза хьо. Ахь ма-аллара, оршота дийнахь (понедельникехь) а, еарий дийнахь (четвергехь) а хьо марханаш кхобуш елахь, «сайн диссина парз марха доькхуш кхаба» аьлла ниййат дан деза цу деношна, суннат марха кхаба ниййат а ца деш. Ахь иштта ниййат дича, ахь оцу шина дийнахь кхобучуьнца хьан диссина марханаш декхалур ду. Ахь ниййат «суннат марха» аьлла дахь, хьан диссинарг хьуна тIерадевр дац, йа декха а лур дац, цундела ниййат вай ма-аллара дан деза ахь. Хьайна лаахь и денош совдаха мегар ду ахь, масала оцу шина денца цхьаьна хIора бетта юккъера кхо де кхаба мегар ду ахь, хьайн ницкъ кхачахь «цхьа де кхобуш, цхьа де ца кхобуш» кхаба а мегар ду, «диссина парз марха доькхуш кхаба» аьлла ниййат а деш. Иштта, хьайн аьтту баьл-баьллачухула кхобуш тIерадаха деза ахь хьайн диссина марханаш. Къаьсттина атта хир ду хьуна иза дан Iай – Iаьна тIехь денош дацло, буьйсанаш яхло. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 2010.11.04 = 1431.11.27
| КхидIа |