|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Багахь марха а долуш Iеттийча марха духий?
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Абу ХIурайрас (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «Лаа а ца лууш Iеттийначо марха доькхуш кхаба ца деза, ткъа лаа а лууш ша Iеттавайтинчо марха доькхуш юха кхаба деза».[1] Оцу хьадисо гойтуш ду, лаамаза Iеттор нисделча марха духуш ца хилар. Амма нагахь санна марха кхобучо ша́ шена Iеттавайтахь, цо ша́ цхьа бахьана а лелийна иза Iеттавахь, тIаккха марха духу, иза юха доькхуш кхаба а деза. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 21/08/2010 = 11/09/1431
| КхидIа |