Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум!

Я хотел бы узнать, является ли ношение бороды ваджибом, и надо ли убирать бороду, если сказали родители?

Маж лелор важиб дуй хаа лаьара суна. Кхин а, дас-нанас дIаяккха аьлча, маж дIаяккха езий?

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Маж лелор дукхах болчу Iеламнаха важиб ду аьлла, маж дIаяшар хьарам ду аьлла. Цхьаболчу Iеламнаха, маж дIаяшар «макрухI» ду аьлла, иштта аьллачерах бу шафиIий мазхIабера тIаьхьарчу заманахь хилла болу Iеламнах. ТIаккха, иза лелор важиб ду аьллачерах дукхах болчара аьлла: важиб болу уггар кIеззиг барам – стаг гича, иза маж йолуш вуй хуур долу барам бу, «мажош охьахеца» аьлла хьадисехь деанчу омрунна муьтIахь хилар нислуш а ду цу барамца.

Цунах лаьцна мелла а алсам вай дийцира хIокху хаттарна жоп луш:

«Маж лелор важиб ду йа суннат ду?».

Цундела, нагахь санна хьайга хьайн дас-нанас маж дIаяккха бахахь, цара иза аларан цхьа бахьана а делахь (масала хьуна цхьа кхерам хилар, йа цхьа хало хирг хилар), тIаккха ахь дIалахйан мегар ду хьайн маж, ерриге дIа а ца йоккхуш, хьо гинчунна хьо маж йолуш ву аьлла хетар долччул. Нагахь санна ахь маж дIа ца яккхар бахьана долуш шун юкъаметтиг юхур йолуш елахь, йа шун чохь дов лаьттар долуш делахь, йа цунах хьуна бала хир болуш белахь, тIаккха, маж дIаяшар макрухI бен дац аьлла болчу Iеламнехан дашна тIе а тевжина дIаяккха мегар ду ахь иза, хIунда аьлча маж дIаяшар хьарам хилар къовсаме хIума ду, ткъа шуна юкъара юкъаметтиг галйалар а, талхар а, шуна юкъахь девнаш латтар а иза дIаяккхарал доккха ду, шун гергарло хадаран зен маж дIаяккхаран зенал алсам ду.

Нагахь санна хьан хьал оцу кепара генадаьлла дацахь, жим-жима, сих ца луш, хьайн да-нана кхето хьажа веза хьо, мажах лаьцна Iеламнаха хIун аьлла а, Бусалба динехь иза лелор дика хилар а.

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

03.05.2010 = ‏19‏/05‏/1431