|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум варахьматуллахI. Компьютерни играш ловзар хьарам дуй? Баркалла!
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! «Компьютерни играш» ловзар хьарам ду нагахь санна хIокху хIуманех цхьа хIума цаьрца делахь: 1. Дукха хан йайъар. Хууш ма-хиллара, дукхах болчу наха оцу ловзарех ловзуш вуно дукха хан йойъу, цхьа ловзар доьххьара дуьйна чекхдаккха масийтта бутт безаш хуьлу. Ткъа оццул и хан эрна йайъар мегаш хIума дац, хIунда аьлча хан уггаре мехала хIума ю могшаллийца цхьаьна. Хенах лаьцна хIора адаме хаттам бийр болуш а бу. Наггахь, шен хьекъале садоIуьйтуш ловзар гIалат дац. Вон дерг – оцу ловзарш тIехь сахьташ дахар ду. 2. Важиб долу хIума оцу ловзарех ловзар бахьана долуш бухадитар, ца дар, тIаьхьадиссийтар. Масала, Дела хьахорах вухакхетар, ламаз шен хенахь ца дар, деша вахарна тIаьхьависсар, Iилма Iаморна новкъарло йар, ден-ненан хьакъ кхочуш дарна новкъарло йар, иштта кхидIа а. 3. Могшаллийна зен хилар. Дукха ловзар бахьана долуш цхьаболчеран бIаьрса телха, йа «нерваш» меттахйовлу, йа догиэтIаш хуьлу, иштта кхидIа а. 4. Оцу ловзар юкъахь хьарам эшарш хилар; йа хьарам суьрташ хилар, масала берзина зударий, ах-берзина зударий, иштта кхидIа а; йа кхидолу хьарам хIуманаш хилар, масала къаьркъа малар, жаIарш лелор, жаIарш йазйар, йа бусалба кхетамца догIуш доцу кхидолу хIуманаш лелор, и.кх.д. 5. Оцу ловзарш чохь бусалба нах байъар, маьждигаш дохор, бусалба нахана доьхьал тIом бар. Хууш ма-хиллара, цхьадолу ловзарш «тIеман стратеги» йолуш ду, царна юкъахь бусалба мехкаш схьадахаран Iалашонаш ю, бусалба нах байъаран Iалашонаш ю, маьждигаш дохоран Iалашонаш ю.Масала, Макка йохийча «очкиш» луш а ду церах цхьадерш. Оцу кепара долчу ловзарех ловзар хьарам ду. 6. Керста-нах базбар, бусалба нах сийсаз хетар. 7. Вовший къийсадалар, ваьснаш йар, девнаш дахар. 8. Берана вон кхетам чубуьллуш хилар, бер вочу агIор кхиорна оцу ловзарша Iаткъам беш хилар. Нагахь санна оцу бахьанех цхьа бахьана кхочуш хуьлуш дацахь, церах ловзар хьарам дац; Лакхахь вай хьахийна долу муьлхха а цхьа бахьана кхочуш хуьлуш делахь, йа вай хьахийна а доцуш, цхьа керла вон хIума кхочуш хуьлуш делахь – тIаккха хьарам ду церах ловзар. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 25.04.2010 = 11/05/1431
| КхидIа |