Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Буьйсанна 2 даьлча деш долчу ламазах хIун олу хаа лууш вара со.

 

Жоп:

БисмиллахIир-рохьманир-рохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Цунах Iуьйкъа ламаз олу вайн маттахь, «тахIадджуд», йа «къийа́мул-лайл», йа «сола́тул-лайл» олу Iаьрбийн маттахь. «ТахIадджуд» - вижинчура хьалагIаьттича бохург ду, «къийа́мул-лайл» - буьйса ламазехь яккхар бохург ду, «сола́тул-лайл» - буьйсанан ламаз бохург ду.

Цуьнан уггар дика хан муьлхург ю аьлча – Имам Нававийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Буьйсанна деш долу ме́ла ламаз дезох ду дийнахь дечу ме́ла ламазал. Буьйсанан шина декъах цхьа дакъа ламаз деш яккха лаахь – шолгIа дакъа дезох ду.

Буьйса кхаа декъе екъа лаахь – юккъера дакъа дезох ду.

Цул а деза ду буьйса ялх декъе екъа а екъна, цу ялх декъах доьалгIачу а, пхоьалгIачу шина декъехь ламаз дар. Иза шина «Сахьихь» тIехь деана ду иштта).

Ерриге буьйса даим ламаз деш яккхар «макрухI» (ца дича мел а болуш, дича къа а доцуш хIума) ду.

КIеззиг бен ца дахь а, буьйсанна ламаз дан хьажар дика ду.

Ме́ла ламаз шен хIусам чохь дар дезох ду, маьждигехь дечул а».[1]

Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «АллахIана уггар дукха дезаш долу ламаз Давудан ламаз ду: ах буьйсанна наб еш хилла цо, (тIаккха) буьйсанан кхоалгIа дакъа ламаз деш доккхуш хилла цо, (тIаккха) буьйсанан ялхолгIа дакъа (диссича) наб еш хилла цо».[2]

Дика хуург сийлахь АллахI ву.

04.11.2009

 

 

 

[1] Имам Ан-Нававий, «Ровдатут-тIолиби́н», 1/338.

[2] Бухарий, Муслим.