Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум, Олхазар цхьа хаттар кхолладелла тхан. Бельгехь пхьуьйра ламаз хан 12 с. даьллачул тIаьхьа бен ца хуьлу. Кхузахь маьждиг пхьуьйра ламазана дIакъовлу. Пхьуьйра ламаз кхузара маьждиган имамо маьркIаж ламазана тIеоьзна дойту, иштта дан мегар ду оле. Кхузара цхьаболу нах пхьуьйра ламаз тIеоьзна деш бу маьркIижчунна. Хьуна хIун аьлла хета оцу хьолах лаьцна, кхечаьрга хатте хьайна хетарг алахь ахь.

 

Ассаламу Iалайкум ва рахьматуллахIи ва баракатухI!

Лераме бусалба ваша, сан а, кхузахь Iаш болчу дуккха нехан а хьоьга цхьа хаттар дара, берийн хьокъехь.

Со Iаш Австрехь ву, кхузахь пхьуйра хан 23:36 даьлча хуьлу, цу хенахь сан бераш набарна охьаоьгуш хуьлу, иштта хьал хилча цара пхьуйра ламаз маьркIижчунна тIеоьзна дан мегар дуй? Сан бераш  6, 7, 9, 11 шераш долуш ду.

АллахIа диканца бекхам бойла хьуна.

Ларамца, Сайд Ахьмад воI Турпал-Iел

 

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Цу хьокъехь Iеламнехан боккхачу шина гуламо бина сацамаш бу.

Маккара ФикъхIан Гуламо бинчу сацамехь (2007-чу шеран 22-27 ноябрехь хиллачу кхеташонан шолгIачу сацамехь) аьлла ду: «Нагахь санна (оцу мехкашкахь) ламазийн хенийн билгалонаш къаьсташ елахь, делахь а пхьуьйра хан хилар хоуьйтуш долу цIелла къайлаялар дуккха а тIаьхьадуьссуш делахь (пхьуьйра хан дукха тIаьхьенга йоьдуш елахь), пхьуьйра ламаз шарIо хIоттийна йолчу оцу шен хенахь дар важиб хилар го Гуламна. Делахь а, иза шен хенахь дархьама (дIа ца вуьжуш) собар дарехь а, цуьнга хьоьжуш Iарехь а хало хуьлуш верг – масала, дешархой а, Iедалан белхалой а, вуьшта белхалой а шайн белха деношкахь – цунна мегар ду (пхьуьйра ламаз маьркIижчунна) тIеоза, хIокху умматана тIера хало дIааййар дуьйцуш даьхкинчу айаташна а, хьадисашна а тIе а тевжина. Церах ду «Сахьихь» тIехь Муслима а,кхиболчара а дийцина долу Ибн Iаббасан (Дела реза хуьлда цунна) хьадис: «АллахIан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) ша Мединатехь волуш, тIеттIаоьзна дира делкъа а, малхбуза а ши ламаз а, маьркIижа а, пхьуьйра а ши ламаз а, (хIоьттина лаьтташ цхьаъа) кхерам а боцуш, (йа догIуш) догIу а доцуш». Ибн Iаббасе хаьттина хилла иза иштта даран бахьанах лаьцна, тIаккха цо жоп делла: «Шен умматана хало (новкъарло) хилийта ца лиъна дела динера цо иза иштта».

Ткъа оцу мехкашкахь, оцу ерриге хенахь иштта и ламаз массо наха тIеоьзна дар, бух хилийтина (даим) лело мегар дац, хIунда аьлча иза иштта деш хилча, цхьа бахьана долуш магийна долу хIума даим деш долу хIума санна хуьлий, шен бух тIера хийцало.

ТIаккха, тIеоза магош йолу хало наха шаьш билгалйеш ю; адамашка а, меттигашка а, хьелашка а хьаьжжина хийцалуш а ю иза». Чекхбели Маккара ФикъхIан Гуламан сацам.

Европера Фатван а, Iилман талламан а Гуламо бинчу сацамехь (1999-чу шеран май беттан 19-22 деношкахь хиллачу кхеташонехь) аьлла ду: «Гуламан бартхилла, Европехь, аьхкена тIехь пхьуьйра ламазан хан буьйса юккъе яххалц тIаьхьенга йоьдучу хенахь, йа цуьнан хенан билгало йоцуш хуьлучу хенахь, (пхьуьйра ламаз маьркIижчунна) тIеоьзна дан мегаш хилар тIехь. Иза мегаш ду олу оха, Къуръанан айатца хIокху умматана тIера дIааййина йолу хало юхатохархьама а, Ибн Iаббасера схьа «Сахьихь Муслим» тIехь дийцина хьадис долу дела а: «Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) тIеттIаоьзна дира делкъа а, малхбуза а ши ламаз а, маьркIижа а, пхьуьйра а ши ламаз а, (хIоьттина лаьтташ цхьаъа) кхерам а боцуш, (йа догIуш) догIу а доцуш». Ибн Iаббасе хаьттина хилла: «ХIун лууш динера цо иза иштта?». Цо жоп делла: «Шен умматана хало хилийта ца лиъна дела динера цо иза иштта». …

ТIаккха, Гуламо тидам тIебохуьйтуш само йо: бусалба стага иштта и ламаз тIеоьзна ма дойла шен цхьаъа хьашт дацахь; даим лелош долу Iадат а ма дойла цо цунах». Чекхбели Европера Фатван Гуламан сацам.

Цундела, аьхкена хенахь пхьуьйра ламазан хан оццул тIаьхьенга йоьдучу мехкашкахь, буьйсанна дIа а вуьжуш, дийнахь шен гIуллакх деш лелаш волчо пхьуьйра ламаз маьркIижчунна тIеоьзна дан мегар ду, Дала мукъа лахь. Иштта иза тIеоьзна дайта мегар ду хаттар юкъахь хьахийна долчу берашка а.

Амма нагахь санна буьйсанна дIавуьжуш вацахь, дийнахь шен гIуллакх деш а вацахь, йа и ламаз шен хенахь дича хуьлуш хало яцахь (хьашт доцуш, бахьана доцуш дар боху маьIна ду иза) – цу хьолехь тIеоьзна дан мегар дац иза, муххале а шен хенахь дан деза иза, хIунда аьлча иза шен хенахь дар бухера лоруш долу хIума ду, тIеоьзна дар цхьа бахьана хиларна магийна хIума ду.

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

12.06.2010 = ‏29‏/06‏/1431