Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Кхетам

Доьзал

ГIиллакх

Iелам-нах

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео
Хьешан тептар
Кехат язде соьга

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум!

Сан даггара салам-маршалла ду массо а иманехь болчу бусулбанашка, къаьсттина Олхазаре!!! ……

Вайн Пайхамара, IалайхIиc-салату ваcсалам, муха деш хилла фарз ламазашца суннат ламазаш (мел-мел ракаIатш, хьалхара-тIаьхьара)?

Масала: аса делкъачунна хьалхари, тIаьхьари шиш ракаIат суннат ламазаш до...

Вайн Пайхамара, IалайхIиc-салату ваcсалам, деш ма хиллара кхочушдан лаара суна уьш.

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Делера салам-маршалла хуьлда хьуна а!

Делан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) фарз ламазашца деш хилла аьлла долу суннат ламазаш витр доцург берхIийтта ракаIат ду. И ламазаш иштта ду:

 

1. Iуьйра ламаз.

Iуьйра ламазал хьалха ши ракаIат суннат ламаз ду. ХIокху ламазан дозалла вуно доккха ду, масийтта хьадисехь дийцина а ду.

Iаишата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «Iуьйра ламазал хьалхара ши ракаIат (суннат ламаз) дика ду дуьненал а, цу чохь долчу (массо) хIуманал а».[1]

Iаишата (Дела реза хуьлда цунна) аьлла: «Iуьйра ламазал хьалхара ши ракаIат суннат ламаз санна чIогIа Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) лардеш кхи суннат ламаз дан а дацара».[2]

 

2. Делкъа ламаз.

Делкъа ламазал хьалха диъ ракаIат ду, делкъа ламазал тIаьхьа а диъ ракаIат ду. Хьалха а, тIаьхьа а долу и диъ ракаIат шишша ракаIат деш шина ламазе декъна дича дика ду. Шишша ракаIат деш ши ламаз дича, делкъа ламазал хьалха а ши суннат ламаз хуьлу, делкъа ламазал тIаьхьа а ши суннат ламаз хуьлу. Нагахь санна диъ-диъ ракаIат далуш ца хилахь, шишша ракаIат мукъане а дан хьажа веза, хIунда аьлча хьалха а, тIаьхьа а шишша ракаIат дар чIагIдина долчу суннаташна юкъадогIуш ду.

Умм Хьаби́бата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина шена хезира аьлла, Делан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) олуш: «Делкъа ламазал хьалха диъ ракаIат лардинарг а, цул тIаьхьа диъ ракаIат лардинарг а АллахIа хьарам вийр ву жоьжахатин цIарна».[3]

IабдуллахI ибн Ас-Са́иба (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) малх стигал юкъара дехьабаьлча диъ ракаIат дора делкъа ламаз дале хьалха. Цо элира цкъа: «Стигланан неIарш дIайоьллу хан ю иза, цундела цу хенахь сайн цхьа дика Iамал хьалайахар деза (лаьа) суна».[4]

Абу Аййуба (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан Элча (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) ша волчахь сецначу хенахь даим делкъа ламазал хьалха диъ ракаIат дора аьлла. (Цунах лаьцна) цо элира: «Малх стигал юкъара дехьабаьлча стигланан неIарш дIайоьллу. Делкъа ламаз дина даллалц дIа а ца къовлу уьш тIаккха. Ткъа суна оцу хенахь сайна цхьа дика хьаладахьийта лаьа».[5]

 

3. Малхбуза ламаз.

Малхбуза ламазал хьалха диъ ракаIат ду. ХIара диъ ракаIат шина ламазе декъна дича дика ду.

IабдуллахI ибн Iумара (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIа къинхетам бойла малхбуза ламазал хьалха диъ ракаIат ламаз динчу стагах».[6]

Iелас дийцина (Дела реза хуьлда цунна) Делан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) малхбуза ламазал хьалха диъ ракаIат дора аьлла, (ши ракаIат дIадаьлча) юккъехь салам а луш.[7]

 

4. МаьркIижа ламаз.

МаьркIижа ламазна хьалха а, тIаьхьа а шишша ракаIат ду. Хьалхара ши ракаIат азанна а, къаматна а юкъахь деш ду.

IабдуллахI ибн Ал-МугIаффала (Дела реза хуьлда цунна) аьлла: «АллахIан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) элира: «МаьркIижа ламазал хьалха ламаз дойла аш! МаьркIижа ламазал хьалха ламаз дойла аш!» Ша иза кхоалгIа аьллачул тIаьхьа тIетуьйхира цо - «…шена луучо» - аьлла, иза (чIагIдина) суннат ду аьлла ца хетийтархьама.

Анаса ибн Малика (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамаран (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) заманахь шаьш малх чубуьзначул тIаьхьа маьркIижа ламазал хьалха ши ракаIат ламаз дора аьлла. Анасе хаьттина тIаккха: «Делан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) дорий и ши ракаIат?». Цо жоп делла: «Тхо и шиъ деш гуора цунна. Йа де а ца олура цо тхоьга, йа ма де а ца олура».[8]

Кхин а дийцина цо (Дела реза хуьлда цунна) шаьш Мединатехь долуш, маьркIижа ламазана азан дича асхьабаш сихонца маьждиге а боьлхий, цу чура бIогIамашна улло дIа а хIуьттий, ши ракаIат ламаз дора; и ламаз дийриш дукха хиларна, цхьа хийра стаг маьждиг чуваьлча, парз ламаз дина даьлла олий хеталора цунна.[9]  

IабдуллахI ибн Iумара (Дела реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) делкъа ламазал хьалха а ши ракаIат ламаз дора, цул тIаьхьа а ши ракаIат ламаз дора; маьркIижа ламазал тIаьхьа а ши ракаIат ламаз дора шен хIусам чохь; пхьуьйра ламазал тIаьхьа а ши ракаIат ламаз дора».[10]

Кхин а дийцина цо (Дела реза хуьлда цунна): «Ас Iамийна Пайхамарера схьа (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) итт ракаIат дар: делкъа ламазал хьалха ши ракаIат а, цул тIаьхьа ши ракаIат а, маьркIижа ламазал тIаьхьа шен хIусамехь ши ракаIат а, пхьуьйра ламазал тIаьхьа шен хIусамехь ши ракаIат а, Iуьйра ламазал хьалха ши ракаIат а».[11]

 

5. Пхьуьйра ламаз.

Пхьуьйра ламазал тIаьхьа цуьнца шеца доьзна долу ши ракаIат суннат ламаз ду.

Цунна тоьшалла ду жимма хьалха дийцина долу хьадисаш а, кхин а хIара ши хьадис а:

Умм Хьабибита (Дела реза хуьлда цунна) аьлла: «Суна хезира АллахIан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) олуш: «Делан лай волчу бусалба стага хIора дийнахь лекха хинволчу АллахIа доьхьа фард а доцуш шийтта ракаIат суннат ламаз дахь, лекха хинволчу АллахIа цунна дугIур ду ялсамани чохь цIа». ХIара хьадис Муслима а, Абу Давуда а, Насаийс а дийцина. Тирмизийс дийцинчу хьадисехь и ракаIаташ иштта билгалдина ду: «Делкъа ламазал хьалха диъ ракаIат а, цул тIаьхьа ши ракаIат а, маьркIижа тIаьхьа ши ракаIат а, пхьуьйра ламазал тIаьхьа ши ракаIат а, Iуьйра ламазал хьалха ши ракаIат а».

Iаишата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «Дийнахь а, буса а даим шийтта ракаIат лардинарг ялсамани гIур ву: делкъа ламазал хьалха диъ ракаIат а, цул тIаьхьа ши ракаIат а, маьркIижа тIаьхьа ши ракаIат а, пхьуьйра ламазал тIаьхьа ши ракаIат а, Iуьйра ламазал хьалха ши ракаIат а».[12]

Къаьсттина пхьуйра ламазца доьзна дацахь а, суннат ду пхьуьйра ламазан азанна а, къаматна а юкъахь ши ракаIат суннат ламаз дар, йа кхин а сов ракаIаташ дар, шена луъучул.[13] Цуьнан тоьшалла ду IабдуллахI ибн МугIаффала (Дела реза хуьлда цунна) дийцина долу хьадис, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «Ламазана беш болчу хIора шина кхайкхамна юкъахь (суннат) ламаз ду! Ламазана беш болчу хIора шина кхайкхамна юкъахь (суннат) ламаз ду! Ламазана беш болчу хIора шина кхайкхамна юкъахь (суннат) ламаз ду!». И кхоалгIаниг аьллачул тIаьхьа тIетуьйхира цо: «…шена луучунна» - аьлла. ХIара хьадис Бухарис а, Муслима а дийцина.

 

Рузбана ламаз.

ШафиIийн мазхIабехь рузбана ламаз а делкъа ламаз санна ду суннат ламаз дарехь.

Имам Нававийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Рузбан ламазал хьалха а, тIаьхьа а ламаз дар суннат ду. Цунах уггар кIеззиг дерг ши ракаIат дар ду, цул хьалха а, цул тIаьхьа а. Ткъа кхачаме дерг диъ ракаIат хьалха а, диъ ракаIат тIаьхьа а дар ду. … …

Амма хьадисашкара цуьнан тешалла – IабдуллахI ибн Iумара (Дела реза хуьлда цунна) дийцинарг ду, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) рузбанал тIаьхьа шен хIусамехь ши ракаIат (суннат) ламаз дора аьлла. Кхечу некъаца деана ду иза, «ша рузба динчул тIаьхьа ламаз ца дора цо, маьждиг чура ара а ваьлла, шен чу ваххалц, тIаккха шен чохь ши ракаIат дора цо» - аьлла. Иза дийцина Бухарис а, Муслима а.

Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шаьш рузба динчул тIаьхьа диъ ракаIат (суннат) дойла аш». Кхин а дийцина цо, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлларг: «Шух цхьаъ рузбанал тIаьхьа ламаз деш хилахь, диъ ракаIат дойла цо». Кхечу некъаца а деана ду иза иштта: «Шаьш рузбанал тIаьхьа ламаз деш хилахь, диъ ракаIат дойла аш». И кхо хьадис Муслима дийцина. Абу Давуда дийцинчу хьадисехь деана ду: «Шаьш рузба дича, цул тIаьхьа диъ ракаIат (суннат) ламаз де аш».

Амма цул (рузбанал) хьалха деш долчу суннатан тешалла IабдуллахI ибн МугIаффала дийцина долу хьадис ду, хьалха вай хьахийна долу: «ХIора шина азанна (ламазан кхайкхамна) юкъахь (суннат) ламаз ду». Кхин а цуьнан тешалла ду иза делкъа ламазца дустар (къийас йар).

Амма Ибн Ма́джахIас Ибн Iаббасера схьа дийцина долу хIара хьадис: «Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) рузбанал хьалха диъ ракаIат ламаз дора, юкъахь салам а ца луш» - иза тешаллийна лацар нийса дац, хIунда аьлча иза цхьанне хIуманна пайде доцуш, чIогIа гIийла хьадис долу дела.

ТIаккха Абу Iийса Ат-Тирмизийс дийцина, IабдуллахI ибн МасIуда (Дела реза хуьлда цунна) рузбанал хьалха а диъ ракаIат дора аьлла, цул тIаьхьа а диъ ракаIат дора аьлла.

Иштта суннат дийр ду аьлла Суфйан Ас-Саврийс а, Ибнул-Мубарака а».[14]

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

 

31/01/2009  


 

[1] Муслим, Тирмизий. «Сохьихьут-ТаргIиби ват-ТархIиб», Ал-Мунзирий – Ал-Албаний.

[2] Бухарий, Муслим, Абу Давуд, Насаий. «Сохьихьут-ТаргIиби ват-ТархIиб», Ал-Мунзирий – Ал-Албаний.

[3] Ахьмад, Абу Давуд, Насаий, Тирмизий. «Сохьихьут-ТаргIиби ват-ТархIиб», Ал-Мунзирий – Ал-Албаний.

[4] Ахьмад, Тирмизий. «Сохьихьут-ТаргIиби ват-ТархIиб», Ал-Мунзирий – Ал-Албаний.

[5] ТIабара́ний, «Ал-МуIджамул-Кабир», «Ал-МуIджамул-АвсатI». «Сохьихьут-ТаргIиби ват-ТархIиб», Ал-Мунзирий – Ал-Албаний.

[6] Ахьмад, Абу Давуд, Тирмизий, Ибн Хьиббан, Ибн ХузаймахI. «Сохьихьут-ТаргIиби ват-ТархIиб», Ал-Мунзирий – Ал-Албаний.

[7] Абу Давуд, Тирмизий. И хьадис, Имам Нававийс а, Шейх Ал-Албанийс а ма-аллара нийса хьадис ду.

[8] Муслим.

[9] Муслим.

[10] Малик, БайхIакъий, Абу Давуд, Насаий. «Сохьихьул-ДжамиIис-СогIир», Ас-Суйу́тIий – Ал-Албаний.

[11] Бухарий, Муслим.

[12] Насаий, Тирмизий, Ибн МаджахI. «Сохьихьут-ТаргIиби ват-ТархIиб», Ал-Мунзирий – Ал-Албаний.

[13] Имам Ан-Нававий, «Ал-Маджму́I», 4/9.

[14] Имам Ан-Нававий, «Ал-Маджму́I», 4/10.