|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Iуьйра ламазан тIаьхьа висча, малх хьала баьлча, дуьххьара сай Iуьйра парз ламаз дина, тIаккха суннат ламаз дан меги? Йа суннат дина, тIаккха Iуьйра парз ламаз дан деза ас? АллахIа диканца бекхам бойла хьуна.
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Бухарийс а, Муслима а дийцинчу хьадисашкахь деана ду, Делан Элча – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – новкъа воьдуш волуш, буьйсанна наб тIе а гIоьртина, садаIа сецначу хенахь, Билале – Дела реза хуьлда цунна – Iуьйра ламазана шаьш хьалагIитта де а аьлла, дIавижина хиллера аьлла. ТIаккха, Билал – Дела реза хуьлда цунна – вижина а виссина, малх хьалабаьлча бен сама бевлла ца хилла уьш. Ткъа ша́ самаваьлча, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – шайн къепал цу меттера жимма дехьа дIа а йолаялийтина, тIаккха саца а сецна, Iуьйра ламазал хьалхара ши ракаIат суннат ламаз а дина, тIаккха Билале къамат а дайтина, Iуьйра ламаз дина хилла. Цу хьадисаша гойтуш ду, Iуьйра ламазана вижина виссинчо, цуьнца цхьаьна цул хьалхара ши ракаIат суннат ламаз доькхуш дар мелехь хилар а, и суннат ламаз Iуьйра ламазал хьалха деш хилар а. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 02.08.2010 = 22.08.1431
| КхидIа |