Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Перз ламаз тIехь вайн маттахь деха ца мега, ткъа суннат ламаз тIехь йа истихарат ламаз тIехь мегий?

 

Жоп:

БисмиллахIир-рохьманир-рохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Суннатехь даьхкина долу доIанаш а, азкараш а ламаз тIехь шен маттахь гочдина дан мегаш дац Iаьрбин маттахь уьш Iамалуш волчунна. Iаьрбийн маттахь уьш Iамо ницкъ кхочуш воцучунна мегаш ду и доIанаш шаьш ма-дарра гочдина дан. Ткъа, суннатехь деана доцу доIа а, зикр а шен маттахь дан мегаш дац ламаз дечу хенахь, иза дан ца магарехь цхьатера ву Iаьрбийн маттахь иза Iамо ницкъ кхочуш верг а, воцург а. Мегаш доцучу меттехь иштта вай ма-аллара доIа а, зикр а динчуьнан ламаз галдаьлла лоруш ду. Иза вай дийцира хьалха хIокху хаттарехь:

«Перз ламаз тIехь волуш сужудехь нохчийн маттахь доIа дан мега йа ца мега?».

Ткъа цу хIумана тIехь суннат ламазна а, парз ламазна а юкъахь башхула еш ца гина суна шафиIий мазхIабера Iелам-наха. Иза мегаш ду аьллачеран дош а чIогIа дош хиларна, суннат ламаз деш хилча мегаш хила а тарлора хетаделлера цкъа цхьана юкъахь, делахь а, хIинца иза сайггара иштта ала ца хIутту со. Цундела, ламаз тIехь доIа дан луург Iаьрбийн маттахь дан хьажа веза, тIаккха шена шен маттахь шена луург деха лаахь, ламаз дIадерзийначул тIаьхьа дан мегар ду иза, хIунда аьлча парз ламазал дича азкараш дешначул тIаьхьа доIа дар суннат ду, цу доIанехь шена луъург деха мегаш а ду, и доIа шен маттахь дан мегаш а ду, Iаьрбийн мотт ца хуучо шен маттахь дар гIолий хила а тарло иза. Иштта ду истихарат ламаз а – дикачунна тIенисвар доьхуш деш долу доIа и ламаз динчул тIаьхьа деш ду. Ткъа ша́ и доIа ламаз дина ца хилча а дан мегаш ду. Истихарат ламазах лаьцна вай дийцира кхузахь:

«Истихара - ламаз а, доIа а».

Дика хуург сийлахь АллахI ву!

21.11.2009