|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Суна са шичас цхьа кехат гайтнера "намаз как его делал пророк Мухьаммад" аьлла, со цунаха тишара, амма суна хьоьгар хаза луар дара и ламаз вай пайхмарс ма-дарра мичахь дешар хир дара-техьа са? Мичахь деша а дешна Iамалур вар со вай пайхамарс ма-дарра и ламаз да?
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Бусалба стеган декхар ду Делан Элчанна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – тIаьхьавазар. Цу юкъа догIуш ду ламазан сифат а, цо – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла дела: «Аш ламаз де, шайна ас ламаз деш ма-гарра».[1] Делера салам-маршалла хиларо ша ламазана хьала а гIаьттина, шен Далла хьалха ша дIахIуттучу хенахь шен дагца ниййат деш хилла, тIаккха такбир деш хилла цо «АллóхIу акбар» олуш, шен ши куьг белш тIе кхаччалц хьала а айдеш. Цхьайолчу хенахь ши куьг лергадуьме (лерган дуьхьиге) кхаччалц а ойъуш хилла цо. ТIаккха шен аьтту куьг шен аьрру куьйгана тIедуьллуш хилла цо, и шиъ ший а шен накхана тIе а дуьллуш. ТIаккха, цо ламаз дIадолош хилла, ламаз дIадолоран цхьана доIийца. Оцу доIанех цхьаъ ду: «СубхьáнакаллохIумма ва бихьамдик, ва табáрокасмук, ва таIáла джаддук, ва лáилáхIа гIойрук». ТIаккха цул тIаьхьа сурат «Ал-Фатихьат» доьшуш хилла цо: АIу́зу билла́хIи минаш-шайтIо́нир-роджи́м. Бисмилла́хIир-рохьма́нир-рохьи́м. Алхьамду лилла́хIи роббил-Iа́лами́н. Аррохьма́нир-рохьи́м. Ма́лики йавмид-ди́н. Иййа́ка наIбуду ва иййа́ка настаIи́н. ИхIдинас-сиро́тIал-мустакъи́м. Сиро́тIал-лази́на анIамта IалайхIим, гIойрил-магIду́би IалайхIим валад-до́лли́н. А́ми́н. Цул тIаьхьа Къуръанах цхьадерг доьшуш хилла цо, хуьлийла иза дерриге цхьа сурат, йа сурат юкъара цхьадолу айаташ. Кхузахь деша мегар ду, масала, "КъулхIу" а, иштта и санна долу сураташ а. ТIаккха, иза дешна ваьлча, «АллóхIу акбар» олуш хилла цо, шен ши куьг хьала а айдеш, тIаккха рукуI деш хилла, шен букъ нисса дIа а нисбеш, хи чохь долу кад шен букъ тIебиллича а Iенар боцуш. ТIаккха цо олуш хилла кхозза «Субхьáна роббийал-Iазúм», тIаккха хьаланислуш хилла иза – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ша олуш: «СамиIаллóхIу лиман хьамидахI, роббанá ва лакал хьамд», шен ши куьг юха а хьала а айдеш. ТIаккха «АллóхIу акбар» а олуш сужуд деш хилла цо, ша сужудана охьавахча шен ши пхьарс шен дегIана гена а боккхуш, пхьаьрсан кIелонаш гучу хьоле кхаччалц, шен хьаж а, мара а, ши куьг а, когийн ши гола а, когийн буьхьигаш а дикка лаьтта тIе а кхочуьйтуш. ТIаккха сужудехь олуш хилла цо: «Субхьáна роббийал-аIлá» кхозза. ТIаккха «АллóхIу акбар» а олуш охьахууш хилла иза, шен аьрру кога тIе, иза шена кIеллахь а болуш, аьтту коган пIелгаш къилбехьа дирзина а долуш, сужуд дечу хенахь ма-хиллара. Ша охьахиъча цо олуш хилла: «РоббигIфир лú, вархьамнú, ваджбурнú, варфаIнú, вахIдинú, ва Iáфинú варзукънú». ТIаккха «АллóхIу акбар» а олуш юха а сужуд деш хилла цо, тIаккха шолгIачу ракаIате хьалагIоттуш хилла иза, «АллóхIу акбар» а олуш. Иштта и хIума деш хилла цо – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хIора ракаIатехь а. ТIаккха, ши ракаIат дIадаьллачул тIаьхьа, хьала а ца гIоттуш, хьалхарчу ташаххIудана (эттахьигана) охьа а хуий, цо доьшуш хилла: «Аттахьиййáтул-мубáракáтус-салавáтут-тIаййибáту лиллáхIи, ассалáму Iалайка аййухIаннабиййу ва рохьматуллόхIи ва баракáтухI, ассалáму Iалайнá ва Iалá IибáдиллáхIис-сóлихьúн, ашхIаду ал-лáилáхIа иллаллόхI, ва ашхIаду анна Мухьаммадан расулуллόхI. АллóхIумма солли Iалá Мухьаммад, ва Iалá áли Мухьаммад, ва саллим». ТIаккха кхоалгIачу ракаIатана хьалагIоттуш хилла иза, «АллóхIу акбар» а олуш, ша хьаланисвелча ши куьг хьала а айдеш – хIара йоьалгIа меттиг а ю цо ламазехь куьйгаш хьала айдеш хилла йолу. ТIаккха, ша маьркIижа ламазехь волуш кхоалгIачу ракаIатера ваьлча ташаххIудана охьахууш хилла иза, йа делкъа а, малхбуза а, пхьуьйра а ламазашкахь хилча доьалгIачу ракаIатал тIаьхьа охьахууш хилла иза, аьрру хенан маьIиг тIе, шен аьрру ког аьтту когана буххула жимма ара а боккхуш, аьтту ког сужудехь санна, пIелгаш къилбехьа дирзина а долуш Iад а буьтуш. ТIаккха шен ши куьг шен шина настара тIе а дуьллий, аьтту куьйган пIелгаш схьагулдеш хилла, хьажоран пIелг дIабахийтина а буьтуш, иза хьалаайбархьама, тIаккха цу пIелге хьожуш а хилла иза. ТIаккха, ша ташаххIуд дешна ваьлча салам луш хилла цо, иштта: «Ассалáму Iалайкум ва рохьматуллóхI» - аьтту агIор а, «Ассалáму Iалайкум ва рохьматуллóхI» - аьрру агIор а. Цо шен корта дIаберзош хилла салам лучу хенахь, шен шина беснен кIайла тIехьа болчарна гучу хьоле кхаччалц. Делера уггар деза салават а, салам-маршалла а хуьлда-кх цунна. Юкъарчу чулацамца дийцича, Пайхамара – АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна – иштта деш хилла ламаз. Кхузахь хаа деза, ламаз дарехь цхьадолчу хIуманаш тIехь Iелам-нахана юкъахь – мазхIабашкахь – цхьацца хилпалонаш юйла, кхидолчу Iибадаташкахь санна. И хилпалонаш хиларан бахьанаш дукха ду, уьш хIинца дийцина вер вац, ткъа вайна коьрта хаа дезарг хIун ду: хIора мазхIабан дайша олуш дерг а, деш дерг а пайхамаран суннат дезаш, олуш а, деш а хилла, хIораммо а шен-шен иджтихIáде хьаьжжина. Ткъа дика хууш верг сийлахь АллахI ву! 21/05/08
|