Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Ламаз деш тIаьххьара этхьаг доьшучу хенахь хьажо пIелг муха меттах бакха беза? Соьга тайп-тайпана аьлла дукх наха. ТIаккха царех нийса мил ву ца хаьа суна.

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Имам Нававийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: "Суннат ду шен хьажо пIелг хьалаайбар, ша "лаилахIа иллаллахI" олучу хенахь "и" элп аларца. Имам ШафиIийс билгалдина ду иза, хьалха вай дийцина долчу хьадисашна тIе а доьгIна. Вайн мазхIабера Iелам-наха аьлла: цкъа бен хьалаайбира бац цо иза. РофиIийс кхин цхьа агIо а йийцина, дерриге ташаххIудехь (этхьагехь) хьалаайбина буьтур бу аьлла, ткъа иза гIийла (агIо) ю. ТIаккха ша́ иза хьалаайбича, меттах бохур буй цо иза? Кхо агIо ю (шафиIий мазхIабехь цу хьокъехь): дукхах болчу Iелам-наха аьлла долу нийса дерг – меттах бохур бац цо иза аьлла ду, нагахь санна меттах бахахь "макрухI" хира ду иза, ламаз духур а дац цуьнан, хIунда аьлча иза кIеззиг меттахвийлар долу дела; шолгIаниг – иза меттах бахар хьарам ду аьлла ду, нагахь санна меттахбахахь ламаз доха а духу, иза иштта дийцина Абу Iалий ибн Аби ХIурайрас аьлла аьлла, ткъа иза гIийла а ду, ша́-къаьстина а ду (кхечерах массерах къаьстина); кхоалгIаниг – иза меттах бахар мелехь ду аьлла ду, иза дийцина Шейх Абу Хьамида а, Бандани́жийс а, къеда Абу Ат-ТIаййиба а, кхечара а; (хIокху тIаьххьарчунна) тешаллийна дало йиш йолуш ду Ваил ибн Джухьра (Дела реза хуьлда цунна) дийцина долу хьадис, цо Делан Элчанан (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) ламазан куц дуьйцучу хенахь, цо шен ши куьг ташаххIудехь мича диллира а дийцина, цул тIаьхьа элира аьлла: "ТIаккха шен пIелг хьалаайбира цо; суна гира цо иза меттах бохуш, цуьнца доIа деш". БайхIакъийс дийцина иза нийсачу иснадаца. БайхIакъийс аьлла: "Меттах бахар бохучунах лууш дерг хьалаайбар хила а тарло, юх-юха иза меттахбахар а доцуш. Иштта хилча иза цхьаьнадогIуш хуьлу Ибн Аз-Зубайра дийцинчу хьадисаца". ТIаккха шен нийсачу иснадаца цо дийцина (IабдуллахI) ибн Аз-Зубайрера схьа (Дела реза хуьлда цаьршинна): "Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) шен пIелг хьалаайбора ша доIа дечу хенахь, меттах а ца бохура цо иза". Абу Давуда а дийцина иза нийсачу иснадаца". Чекхдели Имам Нававийс аьлларг.[1]

Кхин а аьлла Имам Нававийс (Дала къинхетам бойла цунах): "Хьажо пIелг дIахецна буьтур бу, "иллаллахI" олучу хенахь хьала а айбийр бу иза, меттах а бохур бац иза".[2]

Имам Нававийн хIокху тIаьххьарчу дешнийн маьIна деш, Имам Ибн Хьаджар Ал-ХIайтамийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: "Хьала а айбийр бу иза", цхьа кIеззиг саттийна а болуш, къилбехьа берзийна хилийтархьама; "иллаллахI" бохучу дешан "и" элп олучу хенахь; (иза хьалаайбар) хьадисехь деана долу дела; ташаххIуд чекхдаллалц охьа а бохуьйтур бац иза; иза хьалаайбарца цунах лууш дерг – Шена Iибадат дийриг цхьаъ хилар гайтар ду, Иза Ша́ Шен хиларехь цхьаъ хилар а, Шен сифаташца цхьаъ (Шех тера кхин цхьаъа воцуш) хилар а, Шен белхашца цхьаъ хилар а; оцу кеппара, цо цхьаьнатухур ду шен кхетамца Иза цхьаъвар а, шен дашца Иза цхьаъвар а, шен Iамалца Иза цхьаъвар а... Хьалаайбинчул тIаьхьа "меттах а бохур бац иза", иштта деана хьадис долу дела; ткъа иза меттах бахарх лаьцна деана а нийса хьадис ду, цундела и шиъ цхьаьнатухуш, ала деза: цунах лууш дерг хьалаайбар ду".[3]

ТIаккха, пIелг меттах боккхура аьлла деана долу хьадис а, ца боккхура аьлла деана дерг а ший а нийса хилча хIун дан деза? Цхьаболчу Iелам-наха и ши хьадис юкъарчу маьIнийца цхьаьнатоха йиш ю аьлла, (1) жимма хьалха Имам БайхIакъийс ма-аллара, "меттах бахар" бохучунах лууш дерг "хьалаайбар" ду аларца, (2) йа "меттах бохура" аьлла тIечIагIдеш деана долу хьадис и хIума дан мегаш хилар гойтуш ду аларца.[4]

Цхьаболчу Iелам-наха, и ши хьадис ший а нийса ду аьлла, делахь а "меттах ца бохура" аьлла дерг хьалхадаьккхина цара, шафиIий мазхIабера дукхах болчу Iелам-наха ма-аллара. Ткъа, Iелам-нахана юкъахь ишттачу хьолехь лелаш цхьа бакъо ю: цхьана меттехь цхьа хIума дацаре деш делахь, вукху меттехь цхьа хIума тIечIагIдеш делахь, дацаре дийриг Iадда а дитина, тIечIагIдийриг хьалхадаккха деза, хIунда аьлча цхьа хIума девзина-гина волчуьнгахь алсам хаам болу дела, дацаре динчунна ца хиънарг цунна хиина долу дела. Ткъа хIокху вайн хаттарехь оцу Iелам-наха и дацаре деш долу хьадис хьалха хIунда даьккхина, тIечIагIдийриг тIаьхьа а теттина? Имам Махьаллийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла цу хьокъехь, цхьа баьхьана хилла церан иза иштта хьалхадаккха, аьлла. Имам Аш-Ширбинийс а, Имам Ар-Рамлийс а бахьана иштта ду аьлла: ламазехь бух лоруш долу хIума ду меттах ца вийлар, ламаз меллаша, тийна дар, ткъа пIелг меттах бахар цу бухана доьхьал ду, цундела и пIелг меттах ца бохура аьлла долу хьадис оцу бухца цхьаьнадогIуш долу дела, иза хьалхадаьккхина.[5]

Ткъа цхьаболчу Iелам-наха оцу маьIне а ца хьовсуш, оцу вай йийцина йолчу бакъонца Iамал йина, оцу шина хьадисах цхьаъ хоржуш: дацаре дийриг Iадда а дитина, тIечIагIдийриг хьалхадаьккхина цара, цундела, пIелг меттах бахар суннат ду аьлла цара, Имам Нававийс ма-аллара.

ТIаккха, и хIинца вай дийцинарг дерриге шафиIий мазхIаб юкъахь дерг дара, и Iелам-нах а шафиIий мазхIабехь берш бара, и хIума дан ца оьшу алар а, дича дика ду алар а шафиIий мазхIабера Iелам-наха аьлла ду. Кхидолчу мазхIабашкахь дерг жимма тIаьхьа дуьйцур ду вай, Дала мукъа лахь.

ТIаккха, хIокху хаттарехь деана и ши хьадис хилча, хьадисан Iелам-нахах цхьаболчара оцу шиннах цхьа хьадис гIийла ду аьлла, вукхара важа гIийла ду аьлла. Оцу кепара болу и къовсам дукха хьолехь хIокху заманан Iелам-нахана юкъахь хилла бу. Масала, "пIелг меттах ца бохура" аьлла долу хьадис гIийла лерина Шейх Ал-Албанийс, "меттах бохура" аьлларг нийса лерина цо, цундела иза меттах бахар суннат ду аьлла цо. Ткъа кхиболчу дуккха а Iелам-наха, "пIелг меттах бохура" аьлла дерг гIийла ду аьлла, и аьллачерах ву Шейх Бакр Абу-Зайд а, Шейх Мухьаммад Iамр ибн Iабдул-ЛатIиф а, Шейх IабдуллахI Ас-СаIд а, Шейх Iабдул-Iазиз Ат-ТIарифий а, Шейх МустIафа Ал-Iадавий а, Шейх Мукъбил Ал-ВадиIий а, иштта кхиберш а.

Оцу кеппара, оцу цхьана хаттарехь деана долчу оцу шина хьадисан хьокъехь  кхаа кепара некъ лаьцна Iелам-наха: цаьршинан юкъара маьIна даккхарца а, цаьршинах цхьаъ вукхул хьалхадаккхарца а, цаьршинах цхьадерг гIийла ду аларца а. И хIора некъ шина декъе бекъа ло, цундела ялх кепара некъ лаьцна ала а мегар ду кхузахь.

ТIаккха, хьанафий мазхIабехь "лаилахIа" олучу хенахь хьалаайбеш бу пIелг, "иллаллахI" олучу хенахь охьабохуьйтуш бу, кхин меттах боккхуш а бац, церан тешалла (далил) Муслима дийцинчу хьадисан юкъара маьIна ду; маликий мазхIабехь пIелг меттах бахар суннат лоруш ду, церан тешалла хьалха вай дийцина долу хьадис ду; шафиIий мазхIабехь дерг хIун ду вай лакхахь дийцира; ткъа хьанбалий мазхIабехь дерг шафиIий мазхIабехь дерриг ду - "иллаллахI" олучу хенахь пIелг хьалаайбар а, кхидIа иза меттах ца бахар а.[6]

Ткъа вай жоп луш дерг – шафиIий мазхIабехь дерг ду, "иллаллахI" олучу хенахь пIелг хьалаайбар суннат хилар а, иза меттах ца бахар гIолий хилар а.

Бакъду, нагахь санна цхьамма пIелг меттах бохуш хилахь, цуьнга иза ма баха ала мегар дац, цунна инкарло йан а мегар дац, хIунда аьлча цу хьокъехь даьхкина хьадисаш а долу дела, иза дуккха а Iелам-наха суннат ду аьлла а долу дела, церах цхьаберш шафиIий мазхIабера баккхий Iелам-нах а болу дела, иза меттах ца бахар гIолий ду аьллачара меттах бохучуьнан ламаз гал ца долу аьлла а долу дела, и санна хаттарш бахьанехь бусалба нехан барт бохон йиш йоцу дела.

Дика хуург сийлахь АллахI ву!


 

[1] Имам Ан-Нававий, "Ал-МаджмуI шархьул-мухIаззаб", 3/454.

[2] Имам Ан-Нававий, "МинхIажут-тIолибин", 31.

[3] Имам Ибн Хьаджар Ал-ХIайтамий, "Тухьфатул-мухьтадж", 6/94.

[4] И шолгIа агIо ялийна Имам Ар-Рамлийс "НихIайатул-мухьтадж" тIехь, 1/522. Цуьнан маьIна: меттах ца бахар суннат ду, ткъа меттах бахар йа суннат а дац, йа макрухI а дац, мелхо а мегаш хIума ду.

[5] Имам Аш-Ширбиний, "МугIнил-мухьтадж", 1/173; Имам Ар-Рамлий, "НихIайатул-мухьтадж", 1/522-523.

[6] Шейх ВахIбат Аз-Зухьайлий, "Ал-фикъхIул-исламий ва адиллатухI", 2/88-90.