Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Иштта бусулб вешо делла хаттар дешнера ас, Буьйсанна деш долчу ламазех лаьцна. Иштта хаттар дара сан: И ламаз вайн маттахь дехкар муха ду хаа лаьара суна. И муха доьхку?

 

Жоп:

БисмиллахIир-рохьманир-рохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Парз а доцуш, мелана деш долу ламазаш шина кепара ду: шена тоьхна цхьаъа доза доцуш дерг а ду, буьйсанна вижинчара гIаьттича деш долу (тахIаджуд) ламаз санна, доза дерг а ду, малх лаьцча ден ламаз а, парз ламазашца ден ламазаш а санна.

Доза тохаза долу ламаз массо Iелам-наха нийса лоруш ду, ниййат дечу хенахь и ламаз ша́ цIе тухуш билгал ца дича а. Ишттачу ламазана ниййат дечу хенахь, «ламаз дан ниййат до ас» аьлча а тоьаш ду.

Доза тоьхна долчу ламазашна ниййат дечу хенахь уьш билгал дан дезаш ду, масала витр ламазан ниййат дечу хенахь «витр ламаз» аьлла билгалдан деза, иштта малх лацаран ламаз а, парз ламазел хьалха-тIаьхьа деш долу ламазаш а, и. кх. дI. Иза дукхах болчу Iелам-наха аьлларг ду, маликий а, шафиIий а, хьанбалий а мазхIабера Iелам-наха аьлларг ду.[1]

Цундела, буьйсанна гIаьттина деш долу ламаз доьхкучу хенахь, «Ас ниййат до ламаз дан, АллахIа доьхьа» - аьлла дихкича а тоам болуш ду. Шена луучо «суннат ламаз дан» ала а мегар ду, «буьйсанна гIаьттина деш долу суннат ламаз дан» ала а мегар ду. Цхьа къаьсттина хIара ду аьлла ниййат дац цуьнан, коьрта дерг ламаз дан ниййат хилар ду.[2]

Дика хуург сийлахь АллахI ву!

24.11.2009

 

 

 

[1] «Ал-мавсуIатул-фикъхIиййатул-кувайтиййахI», 12/162.

[2] «Фатава аш-шабакатил-исламиййахI», фатва № 113209.