Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Со балхахь волуш, ламаз карахь хилча ас когахь мачаш йолуш до. Мегар дуй иштта?

 

 

Жоп:

БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Мегар ду, мачаш цIена хилчахьана. Анасе (Дела реза хуьлда цунна) хаьттина хилла: «Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) шен шина мачанца ламаз дорий?». Цо жоп делла: «ХIаъ».[1] И доцург кхидолу хьадисаш а ду иза мегаш хиларх лаьцна.

Ткъа дика хуург АллахI ву!

19.06.2011 = ‏17‏.07‏.1432


 

[1] Бухарий, Муслим.