|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум Олхазар! Цхьа хаттар ду сан: керста дарбанцIа (больнице) кхаьчна хилча ламазца хIун дан деза? Гонах ша-вериг керста ву, ламаз дечу хенахь цхьаъ чувогIу-кх цхьа хIума хоттуш йа олуш, йа лор чуоьху-кх хIоккхе вало, цига вало, хIара де, важа де олий, тIаккха ахь цуьнга сразу жоп ца делча (ламаз дечу хенахь) уьш цIаьххьанна т1аьхьа ца кхуьу, тIаккха сразу гамло хьоьца, лартIехь бист ца хуьлу, йан езаш йолу лечени лартIехь ца йо и.к.д. ХIун дан деза ишта хьолашкахь? Вижана Iашшехь дан мегий ламаз йа дагахь ойланашца дан мегий и, йа мухха делахь дан ма-деззара дан деза и?
Жоп: БисмиллахIир-рохьманир-рохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Нагахь санна цомгаш верг шен дегIан могшаллийца дан ма-дезза ламаз далуш велахь, цо ламаз ша́ хила ма-дезза дан деза, ламазан берриге билламаш а, бIогIамаш (рукнаш, арка́наш) а, важибаш а кхочуш деш. Масала, ирахь латта могшалла а йолуш охьахиъна дан мегар дац, охьахиъна дан ницкъ кхочуш а волуш дIатевжина дан мегар дац, иштта кхидIа а. Ткъа нагахь санна хьан хаттарехь ахь хоьттучу хьолехь «лоьраш ца кхета» бохучул совдаьлла кхин бахьана дацахь, ламаз шен-шен хенахь, ша́ хила ма-дезза дан деза, хIунда аьлча уьш кхетар ца хилар, йа уьш бист хирг ца хилар ламаз шен куц-кепах дохон бахьана дац. Ткъа и хало шена ца хилийтархьама, лоьраш чу богIуш йоцучу хенахь дан мегар ду ламаз, хIунда аьлча ламазийн хенаш еха ю. Масала, делкъа ламазан хан малхбуза ламазан хан хиллалц ю, лор хIора итт-пхийтта минотехь чувогIуш хуьлийла дац оцу цомгашчуьнан хьал гуттар чолхе хьал дацахь, цундела лор араваьллачул тIаьхьа юха иза чуваллалц йолчу юкъахь шен ламаз дан хьажа веза. Кхин а, и лоьраш кхето хьажа мегар ду, хьан динан кхетамца (вероубежденийца) ахь хIора дийнахь пхоьзза ламаз дан дезаш хилар, ламаз дина валлалц хьан вистхила йиш хирг ца хилар. ДIабуьйцучу маттах ца кхеташ лор вацахь, цо ахь бохург къобал дан декхар ду, къаьсттина нагахь санна хьо малхбузенан (западан) пачхьалкхашкахь велахь. Амма нагахь санна цомгашчуьнгахь хIора итт-пхийтта минотехь лор тIехIитта везачу кепара хьал делахь, иза чIогIа хала хьал хила деза, ишттачу хьолехь волчо шен ницкъ кхоччучу кепара ламаз дан деза, хуьлийла иза охьахиъна волуш, йа дIатевжина волуш. Нагахь санна хьал гуттар хала хилахь, ламаз шен-шен хенахь даро йоккха хало а, новкъарло а йийр йолуш елахь, тIеттIаоза мегаш долу ламазаш шина-кхаа дийнахь тIеттIаоьзна дан а мегар ду, шен хьал жимма аттонга даллалц, цамгар бахьана долуш ламаз тIеттIаоза магийначу Iелам-нехан дашна тIе а тевжина. Дала маршалла дойла! Дика хуург сийлахь АллахI ву! 30.09.2009
| КхидIа |