|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Ламаз сен (хIунда) дан деза? Делина иэша ма ца оьшу вайн ламазаш? Баркалла.
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Дала де аьлла тIедожийна долу дела. Цо аьллачунна мутIахь хуьлуш. Ша вайн ламазашкахь хьашт долуш воццушехь, ламаз де аьлла Цо вайга. Цундела дан деза ламаз. Закат Цунна оьшуш ца ло вай. ГIазот а Цунна оьшуш ца до вай. Баккхий нехан лерам а Цунна оьшуш ца бо вай. Иштта кхидIа а. Ткъа вайна оцу ламазах хуьлуш долу пайданаш дийца даьхча - уьш дуккха а ду.
| КхидIа |