Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум варохьматуллахI! Дела реза хилла хьуна, ас дукха пайда оьцу хьан сайтах. Хаттар: духьа ламаз дина ваьлчи хьатIкъ каффарат ламаз до ас, 7 ковсар а 7 ихлас до. Суна и гинера тхан дедас йа нена дас йаздинчу жайнахь. Цунах лаьцна хIумма хезний хьуна?

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Цу ламазах лаьцна суна хIумма гина дац. И ламаз Къуръан тIехь, йа Суннатехь а деана дац, йа вуьшта аьлча бусалба динехь нийса тешалла долуш дац иза.

Ткъа, иштта тешалла доцу ламазаш, йа кхоьллина хьадисашна тIедоьгIна долу ламазаш дан мегар дац аьлла Iелам-наха. Масала, Имам Нававийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «РагIа́иб-ламаз аьлла девзаш долу ламаз – раджаб беттан доьххьара пIераскана дийнахь маьркIижна а, пхьуьйрана а юкъахь деш долу шийтта ракаIат ду; иштта, шаIбан бутт юккъе бахча буьйсанна деш ламаз ду, цхьа бIе ракаIат долуш; и ши ламаз бидIат ду, боьха вон хIума а ду. «Къу́тул-къулу́б» жайни тIехь а, «Ихьйа́у Iулу́мид-дин» жайни тIехь а и шиъ хьахийна хиларх Iехавала мегар дац, цаьршинах лаьцна дуьйцуш долчу хьадисах а Iехавала мегар дац, хIунда аьлча иза дерриге харц долу дела. Цаьршинан хьукм шайна ма-дарра ца довзар бахьана долуш церах лаьцна шина кехат тIехь яздар яздина болчу Iелам-нахах а Iехавала ца веза, хIунда аьлча иза цу тIехь гIалат ваьлла дела. Имам Шейх Абу Мухьаммад Iабдуррахьман ибн ИсмаIил Ал-Макъдисийс мехала жайна яздина и ши ламаз харц хилар билгалдеш, дика а, хаза а яздина цо иза, Дала къинхетам бойла цунах».[1]

Нагахь санна «хьаткъ каффарат» бохучух лууш дерг – хьаткъах лар ца валаран каффарат делахь, оцу ламазан метта Суннатехь нийсачу хьадисашца деана долу «Тоба даран а, гечдар дехаран а ламаз» дан мегар ду. Иза нагахь санна ша́ билггал хьаткъах лар луш ца хиллехь дийр ду, йан ма-езза ша́ хьаткъах цIано еш ца хиллехь дийр ду, хIунда аьлча и ламаз цхьа къа латийначо шена гечдар доьхуш деш ду, ткъа хьаткъах кхоччуш цIано ца йар кошан Iазап хиларан бахьанех цхьа бахьана ду.

Дика хуург сийлахь АллахI ву!

20.12.2009


 

[1] Имам Ан-Нававий, «Ал-маджмуI шархьул-мухIаззаб», 4/56.