|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! АллахI реза хуьлда хьуна, сан ваша, хIара пайдехьа гIуллакх дарна. Сан цхьа хаттар ду: ЖамаIат ламаз дечу хенахь, ламаз дойтуш волу стаг имам Абу Хьанифан мазхIабехь велахь, цунна тIаьхьа хIоьттинчу стага, имам ШафиIи мазхIабехь волчу, ламазан бисмалла (Сурат Ал-Фатихьа) деша дезий? Къаьсттина ламазан бисмалла айдина (чIогIа) доьшуш долу ламазаш дечу хенахь хIун дан деза?
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI. Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Имамана тIаьхьахIоьттина жамаIат ламаз дечо фатихьат дешар важиб лоруш ду шафиIий мазхIабехь, хуьлийла и деш долу ламаз меллаша доьшуш дерг, йа чIогIа доьшуш дерг. Цу тIедоьгIна вай жоп делча, имам бисмилла дешна ваьллачул тIаьхьа тIаьхьахIоьттинчо бисмилла (ал-фатихьат сурат) деша деза, имамо кхидIа доьшуш долу сурат чIогIа доьшур делахь а. Имамо шолгIа сурат доьшучу хенахь тIаьхьахIоьттинчо бисмилла деша мегар хилар (мегна ца Iаш, деша дезаш хилар а) гойтуш ду хьадис, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) асхьабашка хаьттина хиллера аьлла дийцина долу: «Шайн имамана тIаьхьа Къуръан доьшуш хир ду аш…?». Цара: - «ХIаъ» - аьлла жоп делча, цо аьлла: «Ма деша аш иза, фатихьат бен, бакъдолуш иза ца дешначуьнан ламаз – ламаз дац».[1] И хьадис иштта хIокху дешнашца деана а ду: «Ас чIогIа доьшучу хенахь аш цхьаъа хIума ма доьшийла, ал-фатихьат доцург».[2] «Шайн имамо чIогIа доьшучу хенахь, ал-фатихьат доцург кхин хIумма ма доьшийла аш», «…ал-фатихьат доьшийла тIаьхьахIоьттина волчо шелахь» - аьлла, иштта дешнашца деана а ду иза.[3] Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 11.01.2011 = 07.02.1432 [1] Абу Давуд, Тирмизий. [2] БайхIакъий. [3] Имам аш-Шавканий, «Найлул-автIор шархь мунтакъол-ахбар», 2/253.
| КхидIа |