Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Сан хьа хаттар дар шуьга: ламаз оьцучу хенахь нихIат дагахь хилчахьана кхачам буй, и багахь ца аьлчаъ? Цу тIе, ламаз эца дIаволалуш БИСМИЛЛАХI аьлча тоьар дуй? АллахI реза хуьйла!

 

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

1. Вайн Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – маттаца ниййат дина аьлла деана дац цхьанхьа а, йа ламаз оьцуш а, йа ламаз доьхкуш а, йа цхьаъа кхечу балхехь а, цхьа хьадж дехкар доцучахь. Делахь а, цхьаболчу Iеламнаха – масала шафиIий мазхIаберачара – маттаца шен дагчура ниййат меллаша хьаалар «мустахьабб» ду, «дича дика ду» аьлла, даг чохь долчунна маттаца схьаолучуьнца гIо хилийтархьама а, шеконашна цо доьхьало йо дела а.

Имам Нававийс (Дала къинхетам бойла цунах) боху цу хьокъехь: «Ламаз оьцучу хенахь дан деза (важиб долу) ниййат – иза дагца долу ниййат ду. Цуьнца цхьаьна маттаца иза схьаалар тIехь дац (важиб дац). Деккъа маттаца схьаьлча (дагца ниййат а ца деш), тоам болуш дац иза. Ткъа нагахь санна ламаз оьцуш волчо и шиъ цхьаьнатохахь (дагца ниййат дар а, маттаца иза схьаалар а) – иза гIолий а ду, чIогIох а ду. Иштта аьлла вайн мазхIабера Iеламнаха, цу тIехь барт хилла а бу церан».[1]

Цигара схьа девза вайна хIокху хаттарна жоп: ламаз оьцучу хенахь ниййат даг чохь хилча кхачам бу, иза маттаца схьаалар тIехь дац. Ткъа шена луучо шена хеззачул схьаалар дика лерина ду.

ТIаккха, кхузахь билгалдан деза цхьа хIума: иза маттаца шена хеззачул хьаолучуьнга иза ма ала бохуш цунна инкарло йар а догIуш дац, йа ца олучуьнга ала бохуш дов дар а догIуш дац, йа и санна долчу хаттарш тIехула бусалба наха шайн барт бохор а мегаш хIума дац.

 2. Ламаз эца волалуш «БисмиллахI» (АллахIан цIарца) алар мелехь долу хIума ду. «Суннат» а, «мустахьабб» а, «мандуб» а олу иштта долчу хIуманах Iеламнаха шайн жайнашкахь. И бохург – дича дика а долуш, ца дича къа а доцуш долу хIума ду.

Имам Нававийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла «Ал-азкар» жайни тIехь, «Ламаз оьцуш олуш дерг» цIе йолчу да́къана юкъахь: «Цуьнан юьхьехь «БисмиллахIиррохьманиррохьим» алар мелехь ду. Нагахь санна цо «БисмиллахI» алахь, иза а тоьаш ду. Вайн мазхIабера Iеламнаха аьлла: «Ламаз эца волалучу хенахь бисмилла даккха вицвеллехь, ламаз оьцуш волуш (шена дага ма деъа) даккха мегар ду цо иза. Ткъа нагахь санна ламаз эцна валлалц цо иза ца даккхахь – иза даккхаран меттиг (хан) чекхйолу, цундела, ваьллачул тIаьхьа даккха ца оьшу цо иза, (цо иза даьккхина ца хилча а) цуьнан ламаз эцар нийса а ду, цу тIехь цхьаъа башхула а яц цо иза шена хаа а хууш ца даьккхинехь а, йа вицвелла ца доккхуш диссинехь а. И ду вайн мазхIабехь дерг а, дукхах болчу Iеламнехан мазхIабехь дерг а».[2]

Цигара схьа девза вайна шолгIачу хаттарна жоп а: ламаз оьцуш «БисмиллахI» аьлча тоам болуш ду. Шена луучо «БисмиллахIиррохьманиррохьим» алахь, иза гIолий ду. Ткъа, цхьаммо йа иза а, йа важа а ца олуш Iаддитахь – ламаз эцар галдолуш дац, ламаз эцар нийса хуьлуш ду.

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

11.11.2010 = ‏1431‏.12‏.05


 

[1] «Ал-мажмуI шархьул-мухIаззаб», 1/316.

[2] «Ал-азкар», 32 агIо.