Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Ламаз оьцуш масхь дича, юха оцу когашна хьацар даьлча, пазаташ тIадийча, ламаз карара долий? Йа кхин хIун бахьанашца карара долу? Дела реза хуьлда!

 

 

Жоп:

БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI.

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Масхь деш ламаз эцначул тIаьхьа мачаш чохь когашна хьацар далар шафиIий мазхIабехь ламаз карара доккхучу бахьанех дац.[1] Пазаташ тIадор а дац оцу бахьанех. Цундела, и хIума хилча ламаз карара ца долу.

ТIаккха, иштта эцна долу ламаз карара долу вуьшта эцна долу ламаз карара доккхуш долу хIума хиларца. Масала, наб кхетарца, аравахарца, и.кх.дI.

Иза ламаз карара далар дара. КхидIа масхь доха маца духу дуьйцур ду вай. Масхь хIокху кхаа хIуманах цхьахадолчуьнца духу:

1)   Шена тIехь масхь дина йолу хIума (мача, маьхьсе) шина когара йа цхьана когара дIаяьккхича йа дIаяьлча масхь духу. Нагахь санна когара хIума дIайолучу хенахь ламаз керахь хиллехь, юха керла ламаз а ца оьцуш ши ког билчахьана тоьаш ду хIокху хьолехь, иштта ши ког билича ламаз керахь хуьлу. Амма нагахь санна когара хIума дIайолучу хенахь ламаз доьхна хиллехь, доьххьара дуьйна юха ламаз эца деза.

2)   Масхь даран хан тIехъяьлча масхь духу. Некъахочо кхаа дийнахь-буса масхь дан мегаш ду, некъахо воцучо цхьана дийнахь-буса масхь дан мегаш ду. И хан дIаяьлча масхь духу. Кхузахь а, доьххьара санна, нагахь санна и хан дIайолучу хенахь ламаз керахь хиллехь, когара хIума охьа а яьккхина, ши ког дIа а билина, юха тIеюха мегаш ду иза, иштта ши ког билича ламаз керахь а хуьлу, масхь дан мегаш йолу керла хан дIа а йолало. Амма нагахь санна и хан дIайолучу хенахь ламаз керахь ца хиллехь – ламаз дерриге юха эца деза.

3)   Масхь дан мегаш йолчу хена чохь лийчар тIедоьжча а масхь духу. ХIокху хьолехь, кхидIа масхь дан луучо, шен когара хIума охьа а яьккхина, лийча а лийчина, ламаз а эцна, тIаккха юха когаюха еза шен мача-маьхьсе.

Ткъа дика хуург АллахI ву!

11.01.2011 = ‏07‏.02‏.1432


 

[1] Хьанафий мазхIабера Iеламнаха аьлла, ши ког дукхахберг йа шиннах цхьаъ дукхахберг тIа́дийча масхь духу. Кога тIехула хи хьакхарца до́гIуш ца хета царна ког дукхах берг тIа́дор. Хьажа: Шейх ВахIбат Аз-Зухьайлий, «Ал-фикъхIул-исламий ва адиллатухI», 1/434.