Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум варахьматуллахI! Мархи баттахь таравихь ламазаш прямой эфир йолчу каналан тIаьхьахIоттина дан мегий? Вуьшта аьлча телевизаран тIаьхьахIотина, масала хьаж-цIахь таравихь ламаз деш прямой хьагойта цара деш долу ламазаш, царна тIаьхьа хIоьттина ас дан мегар дуй таравихь ламазаш?

 

Жоп:

БисмиллахIир-рохьманир-рохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Телевизор чухула гойтучу имамана тIаьхьахIоьттина ламаз дар нийса лоруш дац, йа иштта ламаз дан мегар а дац, хIунда аьлча иза Iелам-нехан фикъхIан жайнашкахь хьехочу жамаIат ламазан масийтта билламца догIуш дац, тIаккха, таханлера Iелам-наха магош а дац.

Шейх Ибн Iусайми́на, Дала къинхетам бойла цунах, шега и санна хаттар дича, аьлла: «Радио чухула, йа телевизор чухула имамана тIаьхьахIоьттина ламаз дан мегар дац. ХIунда аьлча жамаIат ламазах лууш дерг цхьанакхетар ду, адамаш гулдалар ду, цундела иза цхьана меттехь хила дезаш ду, йа могIанаш цхьаьна хIоттаделла хила дезаш ду. Радиона, телевизорна а чухула (жамаIат) ламаз дан мегар дац, цунах (шариIатехь) лууш дерг иштта и хIума дарца кхочуш ца хуьлу дела. Вай иза магайчи, хIоранга а пхи ламаз шен чохь далур дара, рузба а далур дара, ткъа иза жамаIат ламазан а, рузбан ламазан а Iалашонашна доьхьал догIуш ду».[1]

Дика хуург АллахI ву!

06.09.2009

 

 


 

[1] Шейх Ибн Iусаймин, «Маджму́I фата́ва́ ва роса́ил Ибн Iусайми́н», 15/120; «Фата́ва́ ал-исла́м: суа́л ва джава́б», № 50245.