|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Кхуза универехь даима еса хуьлуш цхьа чоь ю тхан, оха ламаз до цу чохь. Цхьана дийнахь со суо малхбуза ламаз деш лаьтташ вара, тIаккха Индонезера цхьа бусулба ваша чу а ваьлла, сох куьг а тоьхна суна улле дIахIоьттира. Иза ишта схьахIоьттина хилча ас жамаIатехь дIа чекхдаьккхира ламаз. Ша цхьаъ лаьттачун тIехIотта ца мега моьттуш вара со хIинцалц. Иза ду сан хаттар, сан ваша. ЖамаIат а йоцуш, ша цхьаъ бен вацахь а ламаз деш лаьтташ, "жамаIатаца" аьлла дIа а дихкина оцу ламаз дечунна улле а хIоьттина дан мегаш дуй и ламаз? Дела реза хуьлда хьуна!
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Ламаз деш ша цхьаъ лаьтташ волчунна тIаьхьахIотта мегаш ду, цуьнца жамаIат ламаз дехка а мегаш ду. Иза мегаш хилар гойтуш Iелам-нехан масийтта кепара дешнаш ду. Масала, цхьамма маьждигехь ламаз дечу хенахь цуьнца цхьаьна цхьаъа вацахь, цо «имам волуш» аьлла ниййат дан мегар ду аьлла Iелам-наха, нагахь санна шена тIаьхьахIитта чубогIур болуш нах белахь. Кхин а, ша цхьаъ волуш ламаз дIадихкинчо «имамана тIаьхьахIоьттина» аьлла ниййат дан мегар ду аьлла цара, хIунда аьлча ша цхьаъ волуш ламаз дIадихкинчунна кхиберш тIаьхьахIиттахь иза имам хилар а мегаш долу дела.[1] Шейх Мухьаммад Аш-Шинкъи́тIийс (Дала Iалаш войла иза) аьлла: «Шина «Сахьихь» тIехь деана ду Ибн Iаббаса (Дела реза хуьлда цунна) аьлларг: «Маймунат йолчахь буьйса йоккхуш вара со цкъа. Цу буса Пайхамар (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) а вара иза йолчахь. Иза, ламаз а эцна, ламаз дан волавелча, со цунна аьрру агIор тIехIоьттира цунна. ТIаккха цо со схьа а лаьцна, шен аьтту агIор хIоттийра». Оцу хьадисо гойтуш ду, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) ламаз ша́ цхьамма дIадихкина хилар, цул тIаьхьа иза имам хилла хилар. Ткъа ша́ цхьаъ ламаз дийриг а, имам волуш ламаз дийриг а цхьатера ву, цундела цунна (ша цхьаъ волчунна) мегаш ду иза имам хуьлучу хьоле ва́лар, хуьлийла иза парз ламаз дечу хенахь, йа суннат ламаз дечу хенахь. Масала, ахь хьо хьой цхьаъ волуш делкъа ламаз дIадолийна хилча, цхьа стаг чувеъча, хьуна жамаIат хилийтархьама иза хьуна тIехIоттар нийса ду (гIалат дац). Иштта и хIума дина хилла хилар дуьйцуш нийса хьадис а ду, Пайхамарера (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) схьадеана, (жамаIат) ламаз дина даьллачул тIаьхьа цунна цхьа стаг гина хиллера аьлла, ша́ цхьаъ дIахIоьттина ламаз деш. ТIаккха цо аьлла: «(ХIокхуьнца цхьаьна ламаз а дина,) хIокхунна сагIа дала хьанна лаьа?». Абу Бакара аьлла: «Ас дийр ду иза». ТIаккха хьала а гIаьттина, цуьнца ламаз дина цо. Цо гойту, ша́ цхьаъ верг имам хуьлучу хьоле ва́ла мегаш хилар, и хIума иштта дар суннат ламазехь а, парз ламазехь а нийса а, мегаш а [2]хилар». Девзаш хилархьама тIетухур ду вай, цхьаболчу Iеламнаха и хIума дан парз ламазехь мегар дац аьлла хилар.[3] Дика хуург сийлахь АллахI ву! 20.02.2010 = 06/03/1431 [1] Имам Ал-Махьаллий, «Шархьул-махьаллий Iалал-минхIа́ж», 1/334. [2] Шейх Мухьаммад ибн Мухьаммад Ал-Мухтар Аш-Шинкъи́тIий, «Шархь за́дил-мустакъниI», 11/37. [3] Уьзза жайна.
| КхидIа |