Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

Ассаламу Iалайкум!

Со «мусафир» (некъахо) волуш маьркIижа хан тIееъна, пхьуьйра ламаз цунна тIеоьзна дан мегий нагахь санна со пхьуьйра хан дIаялале цIакхочур волуш хилча?

Баркалла.

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!  

Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – «МинхIаджут-тIóлибúн» тIехь аьлла: «Ламаз тIеоьзна дечу хенахь, оцу шина ламаз юкъахь иза ша саца везачу метте дIакхачахь цуьнан тIеттIаозар галдолу. Нагахь санна иза шолгIа ламаз деш а волуш, йа иза динчул тIаьхьа дIакхачахь гал ца долу – нийса дерг и ду». Уьзза маьIна долу дешнаш аьлла цо «Ал-МаджмýI» тIехь а, «Ровдатут-тIóлибúн» тIехь а.

Цу аларх схьа вайна го, ша тIеузуш долчу ламазан хан дIаялале ша шен вехачу метте дIакхочур велахь а, иза тIеоьзна дан мегаш хилар а, ша дIаькхаьчча цо иза юха дан дезаш ца хилар а.

Цундела, хьо, ламаз тIеттIаоза магочу кепара болчу новкъахь а волуш, маьркIижа хан тIееъча, ахь дан мегар ду маьркIижа а, цунна тIеоьзна пхьуьйра а ламаз, хьо цIа кхаьчначул тIаьхьа а пхьуьйра ламазан хан дIаялаза хир елахь а.

 

Ткъа дика хууш верг АллахI ву!