|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Доьххьара хьуна АллахI реза хуьлда ала луур дара, ахь сан хьалхалера хаттарна жоп даларна. Ткъа, шолгIа хаттар нисделлера сан ламазах лаьцна. Со Европехь Iаш ву, вечерний курсаш эр ду вай, цига оьхуш ву со, ткъа маьркIижа ламаз со цигахь волуш нисло сан, амма иза дита суна ца лаьа. Со сайн машен чу хиан до ас ламаз. Сайна цигахь яьсса кабинет нислахьара цу чохь дан ма-деззара дийр долуш вара со иза, амма ша-ерш кабинеташ дIалаьцна хуьлу. Иштта кепара и ламаз дан мегаш дуй теша, машен чохь охьа а хиина?
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Лераме ваша! Ламаз ирахь волуш дар – ламазан коьрта баххех цхьа бух бу. Ирахь латта гIора доцучо бен охьахиъна дан мегаш дац иза. Ткъа ламаз дан яьсса чоь оьшуш яц, йа ламаз цхьана чоьна чохь дар билламе хIума а дац. Мелхо а, муьлхха меттехь а дан мегаш ду ламаз, цу юкъара йолуш йолу меттиг билггал боьха юй хуург бен яц, масала нишка воьду меттиг а, и санна йолу кхийолу боьха меттигаш а. Делан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла: «(Дерриге) латта маьждиг дина а, цIена лерина а ду суна. Цундела, сан умматера муьлхха а стагана тIе (муьлхха а) ламазан хан тIехIоттахь, (ша волччахь) ламаз дойла цо».[1] Оцу хьадисан маьIна деш, Iелам-наха аьлла: «Хьалха хиллачу умматашна мегаш ца хилла лаьтта тIехь муьлхха меттехь ламаз дан. ХIунда аьлча и хIума къаьсттина АллахIан Элчанна (Мухьаммадна) (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) делла ду, цунна а, цуьнца цхьаьна цуьнан умматна а. Хьалха хилла болчу пайхамарша а, умматаша а ламаз дар нийса лоруш ца хилла къаьсттина Iибадат дечу меттигашкахь бен, хуьлийла уьш килсанаш, йа кхийолу къаьсттина меттигаш. Дерриге лаьтта тIехь ламаз дан бакъо елла ца хилла царна. ТIаккха хIара уммат деана, цуьнан ламаз нийса лерина ламазана динчу маьждигашкахь дича а, лаьтта тIера муьлхха меттехь дича а. Цундела, муьлхха стагана тIе ламазан хан хIоттахь, хуьлийла иза новкъа воьдуш волуш, йа цхьанхьа Iаш волуш, тIаккха цунна маьждиг ца карадахь – цунна (Дала) делла долу маьждиг ду цуьнан: лаьттан букъ. Нагахь санна цунна (ламаз иэца) хи ца карадахь – латта ду цунна (тайаммум дарца) цIано йан, шена тIехь ламаз а дан. Цуьнан маьIна: ламаз ца деш кIелхьара волуьйтуш вац цхьаъа; ма олийла цо «маьждиг дац», хIунда аьлча маьждиг долуш ду цунна; ма олийла цо «ламаз иэца хи дац», хIунда аьлча цIано йен (латта) долуш ду цунна. Иштта, цхьаъа бехказло яц цхьанна а, иза миччахь хиларх, ламаз ца дан, хIоьттина лаьтташ маьждиг дацара аьлла, йа цIано йан хи дацара аьлла. Иза мичча меттехь хиларх маьждиг а ду цунна: лаьттан букъ; цIано йийриг а ду цунна: вайна гуш йолу лаьттан тIехуле».[2] Бакъду, цу юкъара къастийна цхьайолу меттигаш ю, шайна тIехь ламаз дан мегаш йоцуш, боьха меттиг а, кешнаш долу меттиг а, иштта кхидIа а. И меттигаш кхечу хьадисаша къастийна ю. Цундела, хьой доьшуш волчу меттехь хьайна яьсса чоь ца карайахь, чохь адамаш долчу чохь а дан мегар ду ахь ламаз, у́чахь (коридор чохь) а дан мегар ду, тхов тIехь а дан мегар ду, уьйтIахь а дан мегар ду, кетIахь а дан мегар ду, кхийолчу муьлхха а меттехь дан мегар ду. Ламазана кIел тоссуш кегий кузнаш санна хIуманаш ю хIинца юхкуш, хьарча а йина жимчу кисана йахкало уьш, механа вуно йорах а ю уьш. Хьайна карайахь иэце, иза лелайе хьайца, уча дIахIоьттина а, уьйтIа дIахIоьттина а ламаз дойла хир ю хьан иза буха а тесна. Буха тасса цхьаъа хIума ца хилча а, ламаз нийса лоруш ду, еккъа цIенкъана тIехь дича а ламаз нийса лоруш ду, беца тIехь дича а ламаз нийса лоруш ду, лаьтта тIехь дича а ламаз нийса лоруш ду, асфальт тIехь дича а ламаз нийса лоруш ду. Вуьшта аьлча, буха хIума тесна хилар ламазан билламех дац, йа баххех а дац. ТIаккха, айхьа иштта ламаз деш хьой нахана гур вара аьлла ийзавала а ца оьшу, иэхь хета а ца оьшу, хьо хьой кхоьллинчу Дала бохург деш ву, иэхь хета дезарг а, озавала везарг а ламаз ца дийриг ву. Дала аьтту бойла хьан а, массо бусалба нехан а, дикчу хIуманна тIехь! Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 20.12.2009
|