Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Рузбан дийнахь, маьждигехь берш рузба дина бовллалц цIахь болчара (масала зударша) делкъа ламаз дан мегаш дац олуш хезна суна. ХIун эра дара ахь цунах лаьцна?

 

 

Жоп:

БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Нагахь санна и цIахь верг рузба дар шена тIехь важиб доллушехь рузбане ца воьдуш Iийна велахь, тIаккха рузба дина даллалц делкъа ламаз дан мегаш дац цо. Рузба дина даьллачул тIаьхьа сихха делкъа ламаз дар тIе а дужу цунна.

Нагахь санна и цIахь верг рузба дар шайна тIехь важиб долчерах вацахь, масала, ахь ма-аллара зударий санна – иштта болчара рузбана дина даллалц делкъа ламаз ца деш собар дича дика ду аьлла ду шафиIийн мазхIабера цхьаболчу Iеламнаха, делахь а толийна дерг цара делкъа ламаз шайн хеннахь дар дика хилар ду, рузба дина даллалц собар а ца деш.[1]

Цундела, рузба тIедоьжна а болуш рузбане ца баханчарна мегаш дац делкъа ламаз дан рузба чекхдаллалц. Рузба тIедоьжна боцучара делкъа ламаз дан мегаш ду рузбанна азан динчул тIаьхьа, рузба чекхдаларе а ца хьоьжуш.

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

21.05.2011 = ‏18‏.06‏.1432

 

 


[1] Имам Ибн Хьаджар ал-ХIайтамий, «Ал-манхIаджул-къавим бишархьи масаилит-таIлим», 298 агIо.

ТIаккха, доьххьара дуьйна рузба тIедоьжна болчерах цхьанна тIе цхьа бахьана хIоьттинехь, и рузба дар тIерадоккхуш долу (масала цхьа стаг цомгаш велахь), тIаккха рузба дина далале хьалха и бахьана дIадала мега аьлла хеташ делахь, ша́ рузбане ваха ларо мега аьлла хеташ делахь, цхьаболчу Iеламнаха иштта волчо рузба дина даллалц делкъа ламаз ца деш собар дар дика ду аьлла. И бахьана дIадер дац, ша́ рузбане вахар хир долуш дац аьлла хеташ волчо собар дан ца оьшу аьлла. Ткъа иштта долу хьал наггахь бен хила тарлуш дац, цундела оцу жоьпа юкъахь ца хьахийна вай иза, жоп кхетамана атта хилийтархьама.