|
|
|
Ассаламу Iалайкум! Керстан пачхьалкхехь бусулба бу бохуш болчу наха духкуш долу жижиг хьанал ду, йа хьарам ду? Кху хаттарехь буьйцуш берш туркой бу, амма цхьана наха уьш ширк деш бу бах, цхьана наха уьш бидIа дещ бу бах, цхьана нахана уьш бусалба хета.
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Бусалба наха дийначу дийнатан жижиг хьанал ду, иза вайна массарна а хууш ду. Бусалба стаг – «лаилахIа иллаллахI» олуш верг, ламаз деш верг, бусалба нах санна верг – иза къинош летош велахь а цо лелош-духкуш долу жижиг хьанал ду, цу тIехь цхьа а хаттар дац. АллахIаца накъост веш волчу стага лелош-духкуш долу жижиг даа мегаш дац, иза хьарам ду, иза хIокху Умматан барт хилла хIума ду. Ткъа, туркой ширк деш бу, церан жижиг даа ца мега бохург и олуш волчунна шена а, цунна гонах болчу бусалба нахана а чIогIа кхераме къамел ду, бусалба динан баххаш ца девзачуьнан къамел ду, лар тIехь кхетам боцучуьнан къамел ду. Иза тера ду, масала, цхьана вай къомах волчо, йа вайн къома юкъара цхьана наха баккъалла а ширк деш хилча – «нохчаша лелош-духкуш долу жижиг даа ца мега, иза хьарам ду» - бохуш долчу къамелах. Ткъа иза иштта шена ала луур доцучо нахана а ала ца деза. Цхьажимма мукъане а шен хьекъале ойла йайта еза бусалба ву бохуш волчу стага, ша цхьа дош алале хьалха, хIунда аьлча «ша олуш дерг цхьа жима хIума а хеташ, Дела оьгIаз вохуьйту цхьа дош олу стага, и бахьана долуш кхузткъе итт шарахь жоьжахате чу вужу иза». (Тирмизи, Ибн МаджахI, Ахьмад, Ибн Хьиббан). Цхьана къомах волчу цхьана стага – йа хилийтахь иза цхьа тоба – цхьа ширк ларалуш долу хIума деш шена гинера аьлла, цу къомах болу массо нах оцу тобанах дIа муха тарбийр бу? Иштта олуш верг, иштта хеташ верг, шена хаа а ца хууш бусалба нахана ширк деш бу олуш ву, уьш мушрикаш бу олуш ву, ткъа, "бусалба стагана тIехь керстаналла кхоьллинарг иза вийнарг санна ву". (Бухари). "цхьана стага кхечу стагана тIе йа Iесалла а, йа керстаналла а тосур дац, нагахь санна и стаг иштта вацахь иза юха и аьллачунна тIедеъний бен". (Бухари). "цхьана стага вукхунна керстаналла дийр дац, цу шиннах цхьанна и керстаналла тIедоьжний бен". (Фатхьул-Бари). "цхьана стага шен (бусалба) вешина керстаналла дахь – цу шиннах цхьанне тIедоьрзур ду иза". (Муслим). "цхьамма цхьана стагаца керстаналла ду алахь, йа цуьнга "хIай Делан мостагI!" алахь, тIаккха и стаг иштта хила а ца хилахь, и цо аьлларг юханехьа цунна тIедоьрзур ду". (Муслим). Ткъа цхьана стагана аьлларг иштта хилча, массо нахана, дуккха а болчу нахана, цхьана меттехь дехаш долчу цхьана къомана керстаналла тIедожийначуьнан хьал муха хир ду-те? И хIума хьуна билггал девзинчул тIаьхьа, цунах схьа девзар ду хьуна ахь хаьттинчунна жоп а: нагахь санна хьуна билггал цхьана бусалба стага Делаца накъост лоцуш гинехь, тIаккха цунна ша Делаца накъост лоцуш вуй хиънехь, и шена девззиншехь, и шена хуъушшехь иза кхидIа а и ширк дар Iадда ца дуьтуш велахь – тIаккха къаьсттина оцу стага урс хьаькхна йийна йолчу хIуманан жижиг даа мегар дац хьуна. Амма нагахь санна хьуна билггал и урс хьаькхна волчу стага Делаца накъост веш гина дацахь, йа хьуна иза билггал хиъна дацахь, тIаккха хьан бакъо яц цуьнга хетта, "хьо бусалба ву йа мушрик ву?" бохуш, цо йийначу хIуманан жижиг даа мегаш а ду хьуна, хIунда аьлча коьрта бух – бусалба стаг бусалба хилар бу, иза бусалба волчара воккхуш долу хIума цуьнгара билггал гучудаллалц. Цхьа стаг цхьана тобанах ветталуш велахь, цу тобана юкъара нах Делаца накъост веш белахь, тIаккха а бакъо яц хьан и стаг ширк деш ву аьлла цуьнан жижиг даа мегар дац ала, хIунда аьлча жижиг даа магарехь а, ца магарехь а коьрта дерг кхо хIума ду: 1 – и жижиг Дала хьарам динчу дийнатийн жижиг ца хилар; 2 – урс хьокхуш волу стаг а; 3 – дийнат деран некъ а. Цундела, цхьана тобана юкъара цхьа нах ширк деш белахь, тIаккха цу тобана юкъара цхьана стага духкуш жижиг делахь, иза хьанал ду, нагахь санна къаьсттина и стаг ширк деш вацахь, йа иза ву йа вац хууш а дацахь. Цхьаболчара ширк дарх, массара а деш хила деза бохург нийса дац. Амма бидIат дар: бидIат дар къа латор ду, къа латош волчу бусалба стага духкуш долу жижиг даа мегаш ду, иза мегар дац аьлла цхьа а вац. Адам бусалба хилчахьана, "хьо иштта вуй, вуьшта вуй" бохуш хеттарш дан мегаш дац, йа иза тIехь а дац, цундела бусалба цIе йолуш волчу стага духкуш долу жижиг парггIат эца а, даа а мегар ду хьуна. Дала шу бусалба дин тIехь чIагI дойла, Дала шуна хийра махкахь бусалба дин лело гIо а дойла, аьтту а бойла, Дала шуна а, тхуна а, массо бусалба нахана а Шех тешар а, Ша везар а, Шен диндезар а лойла. |