|
|
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Керстан пачхьалкхехь жижиг даа мегар ду йа дац? Керсто дийнарг а, духкуш дерг а.
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! ХIокху хаттарна жоп иштта хIокху къепехь нисдина делча гIолий хир ду: 1 - Бусалба боцучу нахана юкъара, бусалба нахана шайн даар даа магийна болу керста-нах цхьана дашо гул а беш, шина тобане бекъа а луш болу нах бу: уьш гулбен дош «жайнин охIлу» ду, ткъа и «жайнин охIлу» ши тоба ю, йа ши дин ду – керста-нах (христианаш) а, жуьгтий а. Лекха хинволчу АллахIа аьлла Шен сийлахь Къуръан чохь: ×Тахана хьанал хилла шуна дика даарш; шуна хьанал ду жайна деллачийн даар а, царна а хьанал ду шун даарØ[1] Цундела, шайн дин лелош болчу керста-наха (христианаша) а, шайн дин лелош болчу жуьгташа а дийна долчу хьайбанан жижиг даа мегаш ду, хьакха а, иштта и санна йолу вайна хьарам йолу хIуманийн жижиг иза дацахь. 2 – Оцу шина тобанах болчу наха дийна долчу хьайбанан жижиг даа мегар дац нагахь санна, цара шаьш и хьайба дуьйчу хенахь Делан цIе а ца йоккхуш цхьана кхечуьнан цIе яьккхина хилар хьуна билггал хаахь. Нагахь санна цара Делан цIе яьккхина йа ца яьккхина хууш дацахь, ахь Делан цIе а йоккхуш даа мегаш ду иштта жижиг. Имам Бухарис дийцинчу хьадисехь деана ду, Пайхамаре – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цхьана асхьабаша хаьттинера аьлла - «керста-нахера жижиг кхочу тхуна, дуьйчу хенахь тIехь Делан цIе яьккхина ду йа дац ца хууш, цунна хIун дан мегар ду?» - тIаккха Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – иштта жоп делла царна: «Аш Делан цIе а йоккхуш дIадаа иза». 3 – Лекха хинволчу АллахIа хьарам дина бусалба нахана хьакха яар а, елла хIума яар а, иштта кхин масех хIума а. Цо аьлла Къуръан чохь – сийлахь а, лекха а ву Иза –: ×Хьарам йина ю шуна (урс хьакхаза) елла хIума а, цIий а, хьакхин жижиг а, АллахI воцуш кхечуьнан цIарца йийнарг а, садукъийна йийнарг а, тохарца йийнарг а, лакха тIера чуйоьжна елларг а, кхечу хьайбано маIа Iоьттина елларг а, акхароша шайна кхачанна йийнарг а – (уьш йалале хьалха) аш урс хьаькхна йоцург – АллахIан метта дIахIиттийна болчу деланашна йийнарг а…Ø[2] Цундела, жайнин охIлунгара схьа делахь а мегаш дац оцу айатехь хьахийнарш яар. 4 – Тахана дукхах йолчу керста-нехан пачхьалкхашкахь, цара шаьш юьйш йолу хIума йа ток тохарца йоь, йа садукъорца йоь, йа тапча тохарца йоь. Цундела, нагахь санна билггал хууш делахь, и хьо эца гIерташ долу жижиг иштта еллачу хIуманан жижиг хилар – и жижиг эцар а, даар а хьарам ду, хIунда аьлча иза Дала айатехь билггал хьарам йина хIума ю. Европин Фатва даларан Маджлис цIе йолчу маджлисо цу хьокъехь делла фатва ду, Европехь хьайба а, зIакардаьхни а дуьйш «лелош долу некъаш билгал динчул тIаьхьа, цу некъаш юкъара дуккханца а ШариIатана доьхьал догIуш долу хIуманаш девзинчул тIаьхьа, кIеззиг доцучу терахьца и хьайбанаш – къаьсттина дукха зIакардаьхни – долуьйтуш долу хIуманаш цу некъашца хилар хиинчул тIаьхьа, маджлисо сацам бина тIелаьцна зIакардаьхни а, бежанаш а даа мегаш ца хилар. Амма уьстагIий а, кегий Iахарий а – уьш мегаш доцучунна юкъа ца догIу, хIунда аьлча уьш дайъаран некъ шариIатан некъо хIиттийначу билламашна доьхьал богIуш некъ бац цхьа йолчу пачхьалкхашкахь. Цул тIаьхьа, Маджлисо кхайкхам бо малхбузенан пачхьалкхашкахь болчу бусалба нахе къасттина йолу шайн урс хьокху меттигаш йахкар…» ХIокху фатва юкъахь гуш ду, цара цхьадолу жижиг даа магийна хилар, важадерг магийна ца хилар. Цара иза ца магоран а, магоран а бахьана оцу пачхьалкхашкахь урс хьакхаран некъашка хьаьжжина ду. Делахь а, вайна билггал хиъна, массо пачхьалкхехь а и некъаш цхьатера доций, масала суна хаарца Норвеги-пачхьалкхехь зIакардаьхнина урс хьакхаран некъ кхечу агIор бу, йиссинчу пачхьалкхашхь санна бац. Иштта хила мега муьлхха а кхийолчу пачхьалкхашкахь. Цундела, бусалба нах хьовса беза, шаьш дехаш йолчу пачхьалкхехь, шаьш дехаш йолчу гIалахь-юьртахь йолчу дийнатащ дойъучу меттехь уьш муха дойъу, тIаккха нагахь санна шайна билггал хаахь, дийнат далале хьалха цунна урс хьокхуш хилар, тIаккха иза даа мегар ду, нагахь санна дийнат йа садукъорца, йа ток тохарца, йа кхечу агIор цкъа ден а доьй, тIаккха иза деллачул тIаьхьа цунна урс хьокхуш делахь иза даа мегар дац. И хIума билгал дан а, иза талла а хала хила мега, ницкъ ца кхача а мега. Ткъа атта дерг хIун ду? 1 – Европехь Iаш дуккха а бусалба нах бу, цара цхьаболчара йехкина къаьсттина бусалба динан билламашца догIуш долчу кепара урс хьокхуш меттигаш ю. Цундела цаьргара эца деза жижиг. Бакъду, цхьайолчу меттигашкахь иза чIогIа деза хуьлу бах, ткъа шен таро елахь иза эцча дика хир ду, таро яцахь кху лахаь дерг дан мегар ду. 2 – Массо наха схьадийцарехь, жуьгташа шайн жижиг шайн динехь ма-дарра хуьлуйтуш ду, цара елла хIума юуш яц. Цара шаьш урс хьокхуш ду шаьш жижиг доккхучу дийнатана. Церан билламашца догIуш долчу жижигна цара хIоттош билгало ю бах (K) аьлла элп (схьагарехь иза кошер-даар бохург долчух тера ду). Цундела, Дала церан даар вайна магийна долу дела, цара елла хIума яа а ца юу дела, цара духкуш долу жижиг а, церан и билгало тIехь йолу жижиг а даа мегар ду ца кхоьрруш. Дика хууш верг сийлахь АллахI ву! 14.11.2009
|