Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 


Ассаламу Iалайкум
сан бусулба ваша! Сан цхьа хаттар ду. Шина стеган (адаман) барт, безам хилийтар доьхьа аьшпаш битта мегий?

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Барт боьхначу бусалба нахана юкъахь барт бар, царна юкъахь маслаIат дар вуно еза Iамал ю, дика, хастаме гIуллакх ду, мелехь болх а бу. Лекха хинволчу АллахIа аьлла: [Дикалла яц (пайда а бац) дуккха а церан къамелашкахь, сагIа ло аларехь а, диканиг де аларехь а, нахана юкъахь барт беш дечу къамелехь а бен; ткъа и хIума (и кхо болх) АллахI реза хилар дезаш лелийнарг – Оха лур ю цунна йоккха ял].[1]

Кхин а цуьнан дозалла го вайна адамана Дала еллачу дегIан могшаллин ниIматана цо шукр дан дезар нахана юкъахь барт барца Дала тIерадолуьйтуш хиларехь а, адамашна юкъахь маслаIат лелор Бусалба дино сагIа далар санна лерина хиларехь а. Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Адамийн хуттургех хIора хуттургана тIера сагIа дала догIуш ду хIора малх схьа мел кхетачу дийнахь. Ткъа ахь шина адамана юкъахь нийсонца барт бар сагIа лоруш ду; ахь цхьана стагана дийнатца гIо а дина, иза цу тIехь дIавигар, йа цуьнан мохь цу дийнат тIе хьалабиллар сагIа лоруш ду; дика дош а сагIа ду; ламазе воьдуш ахь боккхуш болу хIора ког сагIа лоруш ду; адамашна зен ден хIума ахь новкъара дIаяккхар а сагIа лоруш ду».[2]

Абу Аййу́б Ал-Анса́рийс – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: «Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – соьга элира: «ХIай Абу Аййу́б! АллахIана а, Цуьнан Элчанна а дезаш (дика хеташ) долу сагIа дийций ас хьоьга? Нах вовший оьгIаз бахана хилча, церан юкъаметтиг йоьхна галъяаьлла хилча, ахь церан барт бар ду хьуна иза!».[3]

Вайна массарна ма-хаъара, аьшпаш боттар, харц лер даккхийчу къинойх доккха къа ду, меттан уггар даккхийчу сакхтех а ду, мунепакъаллин куьцех цхьа куц ду, и хIора хIума дуьйцуш даьхкина хьадисаш а ду.Ткъа, нахана юкъахь барт бар иштта деза хиларна, кхидолчу хьолашкахь даккхийчу къинойх лоруш долу харц лер магийна Бусалба дино адамашна юкъахь маслаIат дарехь.

Умм Кулсу́ма – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: «Суна хезира АллахIан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – олуш: «Пуьташ буттуш вац нахана юкъахь барт бийриг – диканиг тIекхачадо цо, йа диканиг олу цо».[4]

ХIокху хьадисан маьIна деш, Iелам-наха аьлла: «Пуьташ буттуш вац» - иза пуьташ боттаран къа шена хуьлуш вац бохург ду; «нахана юкъахь барт бийриг» - довдаьлла волчу шинна юкъахь барт бархьама харц луьриг, йа оьгIазло юкъайоьжна волчу шинна юкъахь барт беш харц луьйриг, хIунда аьлча цуьнан харц лер дикачунна тIекхачош ду».[5]

И доцург кхидолу хьадисаш а ду, маслаIат дарехь а, барт барехь а харц лер къилахь лоруш ца хилар дуьйцуш.

Делахь а, Iелам-наха ма-аллара, нагахь санна и барт баран гIуллакх баккъалла доцург ца дуьйцуш, баккъалла пуьташ ца буттуш лелалур делахь, гIолий ду харц леран меттана «таврийа» лелор. «Таврийа» бохург – хьуна ала лууш дерг баккъалла бакъдолу хIума ду, делахь а хьоьга ладугIучунна гергахь иза кхин маьIна долуш хIума нислуш ду. Масала, ахь ала мегар ду «хьенеха хьоьга салам делира», хьайна вукхо хIокхуьнга салам ло аьлла дацахь а, хIунда аьлча хьуна билггал хууш ду цо хIора ламазехь ташаххIуд доьшучу хенахь бусалба нахана салам кхачор доьхуш хилар. Кхин а ахь ала мегар ду масала «хьенеха хьуна доIа дира», хIунда аьлча цо цкъа мацца дина а берриге бусалба нахана доIа дина дела, ткъа хIара ахь шега и олуш верг а бусалба волу дела. Иштта ахь ала мегар ду «хьенехана хьо дика адам ду аьлла хета», хIунда аьлча вукхунна бусалба нах шеко йоцуш дика адамаш ду аьлла хета дела, ткъа хIара бусалба нахах цхьаъ волу. Иштта оцу масалшца дуста а дустуш, мелла а харц лерна генавала хьажар гIолий ду.

Ткъа нагахь санна иштта гIуллакх хуьлуш дацахь, билггал ахь пуьташ боьттича а къа дац хьуна тIехь, Дала мукъа лахь, оцу хьадисан доьххьала дIа долчу маьIнехь ма-дарра, муххале а иза мелехь хила а тарло хьуна.

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

12.07.2009 


 

[1] Сурат «Ан-Нисаъ» 114 айат.

[2] Бухарий, Муслим.

[3] Ал-Мунзирий – Ал-Алба́ний, «Сохьи́хьут-таргIи́би ват-тархIи́б», 3/46.

[4] Бухарий, Муслим.

[5] Имам Ал-Мунна́вий, «Ат-Тайси́р бишархьил-джа́миIис-согIи́р», 2/623.