|
|
|
Ассаламу Iалайкум! Вай цIахь стаг велча «искъат» до, шуна цунах дерг хезна хир ду аьлла хета суна. Хаа луург цуьнан схьадалар, цара балийна бух дара. Дала ял лойла.
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Вайн цIахь стаг веллачул тIаьхьа цунна тIехь доккхуш лелош долу «искъóтI» схьадалар а, цуьнан бух а хIокху хаттарца доьзна ду: Нагахь санна цхьа стаг – йа зуда – кхабаза тIехь диссина парз марха а долуш велча, цуьнан гергарчу наха хIун дан деза? ХIора марханна тIера мискачунна даар дала деза цара, йа цунна тIера доькхуш кхаба деза цуьнан диссина марханаш? Iелам-нехан ши дош ду кху хаттарна жоп луш. Хьалхарниг: Абу Хьанифас а, Малика а, Ахьмад бин Хьанбала а, ШафиIийс шен керлачу дашехь а, церан мазхIабашкара Iелам-наха а, гергарчара цуьнан хIора мархина тIера мискачунна даар дала деза аьлла. Цара иза аларан бахьана, Тирмизийс а, Ибн Маджас а, Ибн Хузаймас а дийцин долу хьадис ду, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Нагахь санна цхьаъ шена тIехь мархин беттан марханаш а долуш лахь, хIора денна тIера цхьана мискачунна даар лойла цунна тIера». Кхин а, уьзза маьIна долуш дийцина цара а, кхечара а Iумар ибн Ал-ХаттIаба а, Ибн Iумара а, Ибн Iаббаса а аьлла долу дешнаш. Цул тIаьхьа, Абу Хьанифас а, цхьаболчу Iелам-наха а, хIора денна тIера дала деза даар ах сахь ду аьлла, цхьана хьадисехь деана ма-дарра; Малика цхьа кан даар ду аьлла, Ибн Iумара ма-аллара. ШолгIаниг: Имам ШафиIийс шен шинан дашах хьалхарчу дашехь а, иштта цхьаболчу цуьнан хенахьлера Iелам-наха а аьлла, гергарчара цунна тIера доькхуш кхаба деза цуьнан диссина долу марханаш. Цара иза аларан бахьана хилла, Бухарис а, Муслима а, Абу Давуда а, Ахьмада а, кхечара а дийцина долу хьадис ду, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Шена тIехь марха а долуш веллачунна тIера (цуьнан диссина марханаш) кхобур ду цуьнан «валийс» (гергарчу стага)».[1] Иза девзинчул тIаьхьа... Абу Хьанифатан мазхIабера Iелам-наха – Дала къинхетам бойла церах – ца кхобуш диссинчу мархийца дуьстина ца деш диссина ламаз.[2] Кхабаза диссина парз марха а долуш веллачу стагана тIера, хIора марханна тIера цхьана мискачу стагана ах сахь даар дала дезаш хилча – Ибн Iаббаса ма-аллара – иштта и санна дан деза даза диссина парз ламаз а долуш веллачу стагна тIера а, хIунда аьлча ламаз мархел хьалха долу дела, цунна тIера ламаз дан а мегаш доцу дела, ткъа ламаз а, марха а цхьатера хилча, хьадисехь билгал динчу марханна тIера санна ламазана тIера а даар делча гIолий ду цу ламазан хаттам тIехь буьссур бац ала. Иштта аьлла Хьанафú мазхIабера Iелам-наха. Iаьрбийн маттара аьлча, цара ламазна а, марханна а юкъахь «къийáс» йина. Ткъа иштта и «къийáс» йар а, ламаз оцу гIуллакхехь марханах дIатохар а, цара шаьш ма-аллара «Усýлул-ФикъхI» Iилманехь къастош ду, цигахь талла дезаш а ду. Иза девзинчул тIаьхьа… Хьанафú мазхIабера Iелам-наха оцу шайн тешаллийца и чIагIдинчул тIаьхьа, цуьнан куц дуьйцуш цара аьлла: хIора ламаз цхьа марха санна ду, цундела, стеган диссина долчу хIора ламаз тIера ах сахь даар дала деза мискачу стагна, йа мукх, йа кIа, йа кхидолу даар. ТIаккха, цхьаболчу Iелам-наха, мискачу нехан шайн веллачу стагна тIера дала оццул дукха даьхни хир доций а хууш – къаьсттина цо дитина ламаз дукха хиллехь – цхьа некъ лехна, цуьнан гергарнаш оцу халонах кIелхьара баха – цуьнан дахарехь цо мас ламаз дийр дара дагар а дой, оцу ламазашна тIера догIучу дааран мах билгал а бой, тIаккха и мах масийтта мискачунна дIало, мискачо иза шен дола а боккхе юха велачуьнан верасана дIало, иштта и гIуллакх юх-юха до цуьнан дерриге ламазашна тIера даар делла даллалц. Цигара схьа ду тахана вайн цIахь и ший а агIо лелош хилар: хьал долчара тоьъачул даар дIало, доцучара ахчанца масийтта мискачуьнца лелош болу некъ лелабо. Иштта ду «ИскъóтIус-солáти Iанил-маййит» бохучу гIуллакхан схьадалар а, цуьнан далил а. Хьажа: Искъат дар Ткъа дика хууш верг АллахI ву! [1] Имам ШафиIийс керла аьлла долу дош цуьнан мазхIаб лоруш доллушехь, Имам Нававийс а, цул тIаьхьа баьхкинчу ШафиIийн мазхIабера Iелам-наха а цуьнан доьххьарлера дош нийса ду аьлла, керланиг дац аьлла, хIунда аьлча далилаца чIогIа дерг доьххьарлераниг долу дела, шолгIачу дешан тешалла долу хьадис гIийла долу дела, хьалхарчу дешан тешалла долу хьадис нийса долу дела. Имам ШафиIийс ша а аьлла хилла аьлла дийцина цхьаболчу Iелам-наха, шега кхаьчна долчу иснадаца и хьадис шена нийса ца хетча, нагахь санна и марха кхабар дуьйцу хьадис нийса хилахь уьзза ша а бах аьлла. Вайна ма-хаара, Имам ШафиIий Бухарил а, Муслимал а хьалха хилла ву, муххале а Бухари Имам ШафиIийн мазхIабехь хилла ву. Ткъа и марха кхабар дуьйцу хьадис нийса хилар вайна билгал даьлча, цуьнан шина дашах нийсаниг хьалхарниг ду, нийсачу хьадисаца догIуш дерг, Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – шен хIора жайни тIехь билгал ма-даккхара. ХIокху масало вайна гойту, Iелам-наха далилаца чIогIа дерг бен лелош ца хилар, мазхIаб бохург цхьаболчарна ма-моттара кхоьллина хIума ца хилар. [2] Хьажа – масала: «Ал-МабсýтI», «Китабус-сийам», Ас-Сарахсий; «Ал-Iинáйату шархьул-хIидáйахI», «Китабус-сийáм» Ал-Бáбартий; «Ал-Бахьрур-Рóикъ шархь Канзид-Дакъóикъ», «Бабу къодóил-фавáит», Ибн Нуджайм; «Хьашийту Ибн Iáбидúн», «Бабу къодоил-фаваит», Ибн Iáбидúн; «Ал-ДжавхIаратун-НаййирахI», «Китабус-савм», Ал-Iаббáдий. |