|
|
|
Цхьа хаттар дара тхан хьоьга, цунна хьай аьтто белахь сихо жоп дезара тхуна, бехк мабилла сихо жоп дезарна, хаттарехь долу хIума доьжна лаьтташ ду, цундела цунна мелла сиха жоп дезаш лела тхо. Бусалба стага керста зудчунца зина дина, йуха цу зинах доьзалхо кхоллавелла, и бера дIадаккхийта мегар дуй? И керста зуда кху бусулба стага йалон мегар дуй? И бер дуьненчу далахь хьанна кхочуш ду, ненаца дита деза и йа дас хьаэца деза и? Зудчо ша бусалба дин тIе оьцур ду боху нагахь санна шен динел гIолий и бусулба дин делахь. АллахIера йал хулийла хьуна, Дела реза хулда хьуна. Ларамца, Халид
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! ● Зина дар даккхийчу къинойх доккха къа ду, хуьлийла иза керстанца, йа бусалбанца. Лекха хинволчу АллахIа аьлла бусалба нахе: [Зинáна герга а ма гIойла шу, бакъдолуш иза – боьхалла а ю, вон некъ а бу].[1] Делан Элчано – АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Зинá дечо зинá дийр дац ша кхоччуш АллахIах тешаш а волуш; къола дечо къола а дийр дац ша кхоччуш АллахIах тешаш а волуш; къаьркъа молчо иза а мер дац ша кхоччуш АллахIах тешаш а волуш».[2]
● Юкъахь нийса бина мах а
болуш дехаш долчу майрачунна а, зудчунна а юккъахь тIаьххьарчуьнан кийрахь
кхолладелла долу бер бахьана а доцуш дIадаккхар хьарам ду. Iелам-нехах
дешнех – Дала мукъа лахь – нийса долчуьнга хьевсича, иза хьарам хиларехь
башхула яц и бер ненан кийрахь лацаделлачул тIаьхьа кIеззиг хан яьлла хилар
а, дуккха хан яьлла хилар а. Иштта, хьарам ду бер дIадаккхар шовзткъа де
далале а, даьллачул тIаьхьа а, цунна чу са кхоллале а, кхоьллинчул тIаьхьа
а. Бакъду, цуьнан хан алсам мел йолу хьарамалла а сов долу, иштта и
дIадаккха магочу бахьанийн гуо а гатло. И дерриге вай дийцира хьалха, хIокху
шина хаттарехь:
Бер дIадаккха
мегий? Магахь маца мега? Бер дIадаккхар (оьрсийн маттара - аборт)
Юккъахь шарIо ма-бохху бина мах а боцуш, зина́ дар бахьана долуш кхолладелла бер дIадаккхар – иза хьарам ду оцу берана чу сакхоьллина даьлла делахь, хIунда аьлча цунна чу са кхоьллинчул тIаьхьа иза чохь са долу адам ду, ткъа адам де́р вуно доккха къа ду. Ткъа, хьадисехь ма-дийццара, ненан кийрахь долчу берана чу са кхуллу цуьнан 120 кхаьчча. «Беран 120 де дIадаьлча, хьадисехь ма-аллара «чу са кхолларан» хене и бер кхаьчначул тIаьхьа и дIадаккхаран хьарамалла кхин а чIогIа чIагIло, йoккха хуьлу, и бер кхин дIа а ненан кийрахь дитича нана билггал лийр хилар лоьраша чIагIдеш тешалла дина хилча бен дIадаккха а ца мега иза цу хенахь».[3] Амма нагахь санна зина́х кхолладеллачу цу беран 120 кхачаза делахь, цхьаболчу Iелам-наха магадо иза дIадаккхар, цхьаболчара ца магадо. Ткъа и бер цкъа делахь зина́х кхолладелла а хилча, шолгIа делахь иза керста зудчуьнца а хилча, и ши хIума цхьаьнакхетча иза дIадаккха магош болчу Iелам-нехан дош нийса хила герга ду, Дала мукъа лахь. Имам Ар-Рамлийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Нагахь санна (бера-цIа чохь лацаелла) оралла зина́ бахьана долуш елахь, иза дIаяккхар мегаш хила а тарло. Ткъа нагахь санна иза дIа а ца йоккхуш, цунна чу са кхоллалц Iадйитахь, шеко яц иза дIадаккхар хьарам хилар. Нагахь санна (оцу стагана а, зудчунна а юкъахь) хилларг зина́ а делахь, и зуда бусалба нехан мостагIий ларалучу керста-нехах а елахь, шеко яц и (цуьнан кийрахь кхоллаелларг) шинне агIор лераме ца хилар».[4] ● И керста-зуда цо яло мегар ду, нагахь санна цуьнца нахаца леларан боьхалла а яцахь, иза «жайнин охIлунах» (жуьгтий, йа христианка) а елахь. Бакъду, керста-зуда ца ялор дика а ду, гIолий а ду, хIунда аьлча, цкъа делахь цхьаболчу Iелам-наха таханлера керста-зударий ба́ло́р ца магадо; шолгIа делахь цуьнца бинчу доьзалх лар тIехь хила ма-безза доьзал ца хуьлу дуккха а хьолашкахь; кхоалгIа делахь нагахь санна и стаг вайн махкахь, вайн нахана юкъахь вехар волуш велахь, мелла а халонаш хир ю цунна шена а, цу зудчунна а; доьалгIа агIор аьлча, цуьнан бераш кхио езарг и хир ю, ткъа нагахь санна цо бусалба дин тIе ца лацахь, йа цо шен амалш ца хийцахь, цо берашна вон Iаткъам бан мега. Кхин а цхьа агIо а ю иза дика ца хиларан: нагахь санна цу зудчо бусалба дин тIе ца лацахь, еллачул тIаьхьа иза бусалба нехан кешнашка дIайолла мегар дац, ткъа цунах хена яхалла церан берашна чIогIа цатам а, сингаттам а, хало а хир ю. И вон агIонаш массарна хила еза бохург дац вай иза, дуккха а хьолехь хуьлуш дерг ду. Цундела, ша цкъа дикка ойла а йина, массо агIо юста а юьстина, тIаккха ша вехаш волчу меттера дешна-стагах дага а ваьлла цхьа сацам бича дика хир ду цо. ● Нагахь санна и бер дуьненчу далахь, хьанна кхочу иза? Цуьнан жоп иштта ду: оцу стага и зуда ялайахь а, ца ялайахь а, зина́ дар бахьана долуш кхолладелла долу бер, и зина динарг веллачул тIаьхьа цуьнгара ирс оьцур долчу кепара цуьнан бер лоруш дац шариIато. Цуьнан баккъалла билгал долу гергарло а, уьйр а ненаца ерг ю. Цундела, нагахь санна оцу стага и зуда ялош ца хилахь, и бер шен ненаца дисса деза, иза билггал хIокху стеган ду аьлла цIийцIа долу гергарло шариIато цунна луш доцу дела. Ткъа нагахь санна и зуда цо схьаялайахь, и бер цаьршинца дехар ду, делахь а и стаг велча цуьнан ирс оьцучу кепара цуьнан бер лорур дац иза.
Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!
20.10.2008 [1] Сурат «Ал-Исрóъ» 32 айат. [2] Бухари, Муслим. [3] Шейх Юсуф Ал-Къардавий. [4] «НихIа́йатул-Мухьта́дж», 8\442, Имам Ар-Рамлий; «Фатава Аш-Шейх Ал-Мунадджид», фатва: 13331. Кхин а: «Фатава Ал-АзхIар», 9\454, Шейх IатIиййахI Ас-Сокър.
|