|
|
|
Ассаламу
Iалайкум!
Берах йoлчу зудчо 40 де кхачале бер
дIадаккхар (оьрсийн маттара - аборт) динехь мегаш ду аьлла хезна суна. Иштта
хIума дина меттиг а хаьа суна. Иштта бер дIадаккха йиш юй зудчуьнан, цхаьна а
агIор? Елахь, муха дIадаккха магош ду иза? БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!
А – Бер дIадаккхаран хьукм.
Зудчуьнан кийрахь беран цIа чохь тIадам кхоллабеллачул тIаьхьа, беран дуьхье кхоллаеллачул тIаьхьа, иза дIадаккхарх лаьцна Имам ГIазалис – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: ”Иштта и хIума дар - кхолладелла даьллачу хIуманна тIехь харцо (преступлени) яр ду. Адам кхолладаларан шен даржаш ду. Доьххьара дарж беран цIа чохь боьрша стеган тIадам кхоллабалар ду, и тIадам ненан хих дIакхетар ду, кхоллар къобал дарна и тIадам кийча хилар ду, ткъа и тIадам бохор, галбаккхар - харцо (преступлени) ю. И тIадам цIийн дакъалган куьце баьлча, цул тIаьхьа, Iевшина жижиган куьце баьлча иза бохор кхин а йoккха, вон харцо (преступлени) хуьлу. Ткъа цунна чу са кхоьллинчул тIаьхьа, цуьнан кхоллар нисделла даьллачул тIаьхьа иза дохийча, галдаьккхича, и харцо воллехь кхин а сов йoлу, кхин а чогIа йoккха хуьлу. ТIаьххьара а кхин ца хиллал йoккха харцо ю и бер дийна дуьненчу даьллачул тIаьхьа иза дер”. Имам Рамлийс а, Имам Ибн Хьаджар Ал-ХIайтамийс а – Дала къинхетам бойла цаьршинах – берана чу са кхоллале и бер дIадаккхарх лаьцна (тIадам беран цIа чохь сецначул тIаьхьа иза дIабаккхарх лаьцна а) – ”иза хьарам хила догIуш ду” – аьлла. Ткъа, хьадисо вайна гойтуш ду, 40 де кхаччалц йoлчу хенахь бер тIадаман куьцехь хилар, 80 де кхаччалц йoлчу хенахь цIийн дакъалг санна хуьлуш хилар, 120 де кхаччалц Iевшина жижиг санна хуьлуш хилар, 4 бутт баьлчи цунна чу са кхуллуш хилар. Делахь а, цхьайoлчу хенахь и бер дIа ца даьккхича ца долуш хьал хила а мега, цундела и хьолаш а, цаьрца доьзна долу хIуманаш а дуьйцур ду вай. СаIудера Гуттаренна болу Фатван Гуламера Iелам-наха деллачу фатва юкъахь деана ду: "Зудчуьнан бер хиларан дерриге даржашкахь и бер дIадаккхар шен бухехь мегаш дац, ШарIо магош долу бахьана хилча бен. И бер тIадам болчу хенахь – 40 де кхацчалц йoлчу юкъахь – ШарIо магош долу цхьа бахьана делахь, я нанна хир долу цхьа зен духатоха дезаш делахь, ишттачу хьолехь мегар ду цу хенахь и тIадам дIабаккха (и ши хIума дацахь мегар дац). Оцу бахьанашна юкъа ца дог1у бераш кхиош хало хиларх кхерар а, я уьш кхион а, кхаба а таро хир яц аьлла хетар а, я хIоккхул долу бераш суна тоьар ду аьлла хетар а, я и санна долу кхидолу ШарIаца догIуш доцу бахьанаш а. Беран ненан кийрахь 40 де совдаьлча иза дIадаккхар а хьарам ду, хIунда аьлча цу хенахь иза цIийн дакъалг санна хуьлу, и хан адаман кхоллар дIадоладаларан дуьхье ю, цундела иза дIадаккха мегар дац тешаме болчу лоьрийн гуламо сацам бича бен, ”и бер кхи дIа а ненан кийрахь дитахь ненан дахарна кхерам бу” – аьлла, ”нанна цхьа доккха зен хила мега и бер кхин дIа а Iад дитича” - аьлла". Шейх Юсуф Ал-Къардавийс бах: ”Бер дIадаккхар шен бухехь хьарам ду, ткъа и хьарамалла и бер ненан кийрахь кхиарца сов дoлу. Бер доьххьара 40 дийнахь долчу хенахь и дIадаккхаран хьарамалла кхечу хенел кIеззиг ю, цу хенахь цхьацца мегаш долу бахьанаш делахь дIадаккха мегаш хила а тарло иза. 40 де даьллачул тIаьхьа хьарамалла чIагIло, цундела цу хенахь иза дIадаккхар кхин а чIогIа хьарам хуьлу, Iелам-наха мегар ду аьлла долчу даккхийчу бахьанашца бен дIадаккха мегар дац иза цу хенахь. Беран 120 де дIадаьлча, хьадисехь ма-аллара ”чу са кхолларан” хене и бер кхаьчначул тIаьхьа и дIадаккхаран хьарамалла кхин а чIогIа чIагIло, йoккха хуьлу, и бер кхин дIа а ненан кийрахь дитича нана билггал лийр хилар лоьраша чIагIдина хилча бен дIадаккха а ца мега иза цу хенахь”.
Б – Бакъо а йoцуш, мегаш а доцуш бер дIадаьккхинчу зудчунна а, майрачунна а тIедужуш долу декхар.
Цунна тIедужуш долу декхар хIара шиъ ду: I) 5 (пхеа) эмкалан мах дIабала беза цо оцу беран верасашна. И мах дIабала безарг и зуда ша яц, цуьнан уллера гергара нах бу, цара дIабала беза и мах беран верасашна. Нагахь санна цуьнан верасаш (беран да, кх.б.) кьинтIера бовлахь и мах тIераболу. Нагахь санна беран дас нене и бер дIадаккха а аьлла, дIадаккха мегаш доццушехь цо иза дIадаккхийтича, дена а, нанна а шинне тIедужу хIара мах оцу берах ирс оьцуш болчу верасашна дIабалар. ХIара санна тIедужу цаьршинна шинненна а кху лахахь хьахийна долу шолгIа декхар а. 2) Нагахь санна таро елахь цхьа лай паргIатваккха веза цо, ткъа нагахь санна иза паргIат ваккха таро яцахь тIаьхьий-хьалхий 2 бутт марханаш кхаба деза, ша динарг Деле шена гечдайта. Беран верасаш къинтIера бевлча а хIара декхар тIера ца долу, хIунда аьлча доьххьарниг цу дийначу беран хьакъ дара, амма хIара къа латоран хьакъ ду.
|