Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум!

Сан нана сан да дIакхелхича кхечуьнга мари яхана, иза мари яханчунна хьалха хьиджаб лело езий сан, ас хьиджаб лелош хилча?

 

Жоп:

БисмиллахIир-рохьманир-рохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Лекха хинволчу АллахIа аьлла сийлахь Къуръан тIехь: [(Бáлó мегар доцуш) хьарам бина бу шуна шун наной а, шун йоIарий а, шун йижарий а, шун дейижарий а, шун ненайижарий а, вешин йоIарий а, йишин йоIарий а, шу дакхийна болу шун нáной а, (нанас) бакхийна хилла шун йижарий а, шун зударийн наной а, шун шайца эвхьаза юкъаметтиг хилла болчу шун зударийн шуьца шун хIусамашкахь Iаш болу (кхечанхьа бина) йоIарий а, ткъа шун цаьрца эвхьаза юкъаметтиг ца хиллехь – тIаккха (уьш балор) къа дац шуна; (иштта хьарам бу шуна) шаьш шун букъсуртех (схьабевлла) болчу шун кIентийн зударий а, аш ши йиша цхьанатохар а, (хIокхул) хьалха хилларг доцург; бакъдолуш АллахI гечдеш а, къинхетам беш а ву].[1]

Цу айато гойту вайна, цхьамма бераш долу зуда ялийча, иза цуьнца эвхьазчу гIулкхаца цхьаьна а Iийча, цунна хьарам хилар оцу шен зудчуьнан кхечанхьа йина йолу йоI ялор. Ткъа вовшашлахь захало-маре дар даиманна хьарам долу нах вовший уллера гергара нах лоруш бу, цундела царна тIехь дац вовшашна юкъахь хьулвеш долу доккха духар лелор.

Цундела, нагахь санна хьан нана шен керла майрачуьнца мах бинчул тIаьхьа цуьнца цхьаьна Iер нисделлехь, (ткъа хьан хаттарехь схьагушдерг иза иштта хилла хилар ду), хьуна тIехь дац цуьнан майрачунна хьалха хьиджаб лелор, муххале а, хьайн вешина а, хьайн дена а хьалха айхьа лелор доллу духар лело мегаш ду ахь цунна хьалха а. Вуьшта аьлча, иза хьуна «махьрам» лоруш ву, хьо хьой цуьнца цхьаьна чоьна чохь Iен а мега, хьо хьой цуьнца дIасайаха а мега, ахь цунна хьалха хьиджаб лело а ца оьшу.

Дика хуург сийлахь АллахI ву!

22.09.2009

 

 

 

[1] Сурат «Ан-Ниса́ъ», 23 айат.