|
|
| Видео |
| Хьешан тептар |
| Кехат язде соьга |
|
Хаттар:
Ассаламу Iалайкум!
Со яло дагахь волуш йолу,
ма-дарра аьлча – ялош йолу йоI хьиджаб лелош ю, ткъа сан нана хьалхе дуьйнна
а цо иза лелаярна реза яцара. ХIинца зуда яло хан тIекхаьччи, оцу иза
йогIучу дийнахь мукъанна а иза дIаяккхийта бохуш соьга чIогIа сагатдойту
тхан нанас. Хьиджаб цкъа тIетиллича юха дIаяккха ца мега а олу дешначу наха,
ткъа цуьнах терра нанас аьлларг дар а ду деза. Аса хIун дан деза хIокху
хьолехь? ЙоIо маре йоьдучу дийнахь дIаяккха меги хьиджаб, йа ца мега?
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! ДIахьулйар важиб долу меженаш гур йолчу кепара духар хила мегар дац оцу йоьIан, маре яхале хьалха а, йоьдучу дийнахь а, яханчул тIаьхьа а. Нанна муьтIахь хилар хьуна Дала тIедожийна декхар ду. Бусалба духар лелор – оцу йоIана Дала тIедожийна декхар ду. Ткъа хьан нана цунна реза яцара аьлла, хила ма-дезза долу бусалба духар цуьнга цу дийнахь ма духа ала хьан бакъо яц, йа иза ца духа цуьнан а бакъо яц. ХIунда аьлча, Кхоллархо волчу АллахIана Iеса а хуьлуш Цо кхоьллина долчу адамана муьтIахь хилар нийса дац. Цунах лаьцна вай дийцира хIокху хьан хаттарх тера долчу хеттаршна жоп луш: Ткъа хьайн нана а реза хир йолуш, и йоI АллахIана Iеса а хир йоцуш долу хIума хир ду цо шена тIе хаза духар дохар, гIабли юхар, йа гIабли юха ца лаахь маре йоьдучу йоIаца догIуш хир долу цхьа кхидолу хаза духар духар, шариIато хIиттийна болчу билламашца догIуш долуш. Далла бу хастам, тахана иштта духарш шортта долуш ду, дуккха а мехкашкахь оцу кепара йолу гIаблиш а йолуш ю. Нагахь санна гIабли эца ца лаахь, йа иза дукха еза елахь, и гIуллакх дIадерззалц йолчу ханна мехах лело схьаэца мегар ду. ТIаккха, хIокхунах тера долчу масех хаттарна вай жоп делла хьалха, цаьрга хьаже уьш деша ахь, мелла а алсам пайда хир бу хьуна, Дала мукъалахь: «Суна хьиджаб дIатилла лаьара, сан марзахошна чIогIа ца деза иза» «Сан нанас соьга хьиджаб ца юхуьйту...» «Сан нанас сан хIусамнене йовлакх ма леладе бах...» «Бусалба зудчунна муьлхха а беснаш лело мегий?» «Еха юбка, футболка, йовлукх лело мегар дуй ас?» Ткъа дика хуург АллахI ву! 16.08.2011 = 16.09.1432
|