Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 


Ассаламу Iалайкум
варахьматуллахI! Лераме тхан бусалба ваша Олхазар, Дала латта войла хьо тхуна, тахана бусалба динах ненан маттахь хатта метиг хилар доккха совгIат ду суна, иштта кхечарна а хир ду аьлла хета суна.
Сан хаттар: Стага шен зудчуьнца гIулкх доуьйтучу хенахь шен зуда берах ца хилийта лелош бахьанаш ду-кх (презерватив а, цхьацца молхан бIаалгаш а). Уьш лело мегаш дуй, цхьана ханна, масала цхьана шарахь я шин шарахь, я шиъ-кхоъ, я диъ-пхиъ бер делахь, кхин бер цахилийта лело а мегий и духьало?
Дала диканца бекхам бойла хьуна. Ларамца, хьан дин ваша Халид

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Цхьаъа бахьана а доцуш, бер ца хилийта бахьанаш лелор дика лоруш хIума дац, ца лелийча мелехь долуш хIума ду. Ткъа нагахь санна цхьа бахьана делахь – тIаккха шен билламашца мегаш ду бер ца хуьлуьйту бахьанаш лелор.

 

● Хьалха-хьалха хиллачу бусалба нахана девзаш хилла дац таханлера бер ца хуьлуьйту керлаюкъадевлла бахьанаш, ахь хьайн хаттарехь хьахийнарш санна долу. Хьалха девзаш хилларг – майрачо шен хи зудчух къастор ду. Иштта оцу цIарца девзаш а ду и хаттар жайнашкахь, «дIакъастор», «къастор» аьлла. «Къастор» бохучуьнан маьIна – майрачо шен хи (оралла) шен зудчуьнан бехкеметтигал арахьа охьадалийтар ду. Вуьшта аьлча, шен зудчух шен хи къастор ду иза.

Жабира – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: «Оха тхайн зударех тхайн хи къастадора, АллахIан элчанан – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – заманахь, Къуръан охьадуссуш а долуш, ткъа иза ца мегаш хIума хиллехьара Къуръано иза ма де аьлла хир дара тхоьга».[1]

Кхечу дийцарехь цо иштта аьлла хиллера деана а ду: «Оха тхайн зударех тхайн хи къастадора, оха и хIума деш хилар АллахIан пайхамаре – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – дIа а кхечира, цо тхоьга иза ма де а ца элира».[2]

Оцу шина хьадисо гойтуш ду иза мегаш хилар, иза хьарам ца хилар.

ТIаккха, кхечу хьадисехь деана ду, зудчух хи къасторах лаьцна Пайхамаре – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хаьттина хиллера аьлла, тIаккха цо иштта жоп делла хиллера аьлла: «Дийна доллушехь бераш къайлах дайъар ду иза».[3] Ткъа хIокху хьадисо гойтург иза мегаш ца хилар ду.

Цунах лаьцна Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «И хIума «макрухI» (дича къа а доцуш, ца дича мел а болуш долу хIума) ду вайн Iелам-нахана гергахь, муьлхха хьолехь а, муьлхха зудчуьнца а; хIунда аьлча иза тIаьхье хадоран некъ бу, цундела деана ду хьадисехь, - «дийна доллушехь бераш къайлах дайъар ду иза» - аьлла; ткъа хIара хьадисаш цхьаьнатохаран некъ иштта бу: иза ца магош долчу хьадисашкахь дерг – иза «макрухI» хилар гойтуш ду, ткъа иза мегаш хилар гойтучу хьадисашкахь дерг – иза хьарам ца хилар гойтуш ду, дика доцучара и дIадоккхуш ду бохург а доцуш».[4]

Цундела, шен зудчух шен хи (оралла) къастор хьарам дац, делахь а ца лелийча мелехь ду иза.

 

● Цигара схьа девза вайна бер ца хилийта лелочу таханлера бахьанийн хьукм а, хIунда аьлча церан хьукм «къасторан» хьукманах схьаоьцуш ду, церан массеран маьIна цхьаъ долу дела.

Таханлера Iелам-наха цундела аьлла, бер ца хуьлуьйту бахьанаш лелор – хаттар юкъахь хьахийна дерш санна долу – дика лоруш дац нагахь санна уьш лело цхьаъа бахьана дацахь, уьш лело цхьаъа хьашт дацахь. Амма нагахь санна и хIума лелорна цхьа бахьана делахь, цхьа хьашт делахь, тIаккха мегаш ду уьш лелор, хIара билламаш кхочуш хилчахьана:

1 – И бахьанаш лелорах зудчунна зен хуьлуш ца хилар. Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Мегаш дац зен дар ша́ шена а, кхечунна а».[5] Цундела билггал хууш хила деза, масала, бер ца хилийта лелочу молханаша зудчунна зен деш ца хилар.

2 – И бахьанаш лелорна майра а, зуда а ший а реза хилар. Нагахь санна цаьршиннах цхьаъ реза дацахь мегар дац иза, хIунда аьлча доьзалхо хилар доьзал кхолларан уггар коьртачу Iалашонех ду, иза цаьршинан шиннен а хьакъ ду, бакъо а ю, цундела майра реза а воцуш и хIума лело мегар дац зудчо, зуда реза а йоцуш лело а мегар дац майрачо.

3 – Бер хиларан некъ даиманна дIабаккха, доьзалхо хилар даиманна йолчу ханна дохо Iалашо йолуш лело мегар дац и бахьанаш, хIунда аьлча доьзалхо цкъаъа хуьлуьйтур воцу бахьанаш лелор хьарам ду, мегаш дац. Шейх ВахIбат Аз-Зухьайлийс дийцина Имам Аз-Заркашийс цу хьокъехь аьлларг: «Мегаш ду бер ца хуьлуьйту молха-тайпа бахьана лело цхьайолчу ханна, «къастор» санна. Цкъаъа бер хир доцучу кепара молха-тайпа бахьанаш лело мегар дац».[6]

Ткъа уьш лело магош долу бахьанаш а, хьашташ а хIун ду аьлча – Iелам-наха церан хьахийна долу масалш иштта ду: тIаьхьий-хьалхий бераш дар бахьана долуш зуда кIадйалар, йа гIелйалар, йа цуьнан могшалла галйа́лар, йа бер дича зудчуьнан могшалла телхар хилар, зудчунна берах хилча чIогIа йоккха хало хуьлуш хилар, зудчуьнга бер «кесарево» йеш бен далуш ца хилар, бер дакхо дезаш хилар, бераш кхио дукха хала хир долчу кепара совдовлар, иштта кхидIа а.

 

● Кхузахь билгалдан деза цхьа хIума: бер ца хилийта тахана лелош долчу бахьанех цхьа бахьана ду оьрсийн маттахь «спираль» цIарца девзаш, иза дукха даьржина лелош а ду. И «спираль» йиллар дика лоруш хIума дац, йа цхьаболчу баккхийчу Iелам-наха ма-аллара, мегаш хIума дац.

Шейх Мухьаммад Ал-Мухта́р Аш-Шинкъи́тIийс – Дала Iалашвойла иза – аьлла: «Спираль» - иза зудчуьнан бехкеметте юьллуш хIума ю, иза доьзалхочух ца хилийта. Мегаш дуй и йиллар, йа мегаш дац? Оцу хаттаре хьаьжира со, иза магош болчеран дешнашка а хьаьжира со, цара и хIума йилла магорна далош долчу шариIатан Iилмангара а, лоьраллин Iилмангара а бахьанашка хьаьжира со, тIаккха шариIатехь нийса лара мегар долу цхьаъа бахьана ца карийра суна и хIума йилла мегаш хиларна. Цундела, цу хаттарх схьа гуш дерг а, билгалдолуш дерг а иза йилла мегаш ца хилар ду. Иза ца магаран масийтта бахьана а ду:

Хьалхарниг: И хIума юьллуш хилча бехкеметтиге хьоьжу, ткъа иза кхин дан хIума ца хилча бен мегаш хIума дац, ткъа и хьал цигахь доцуш ду.

ШолгIаниг: И хIума юьллуш бехкеметтигах куьйгаш Iуьтту, ткъа иза а кхин дан хIума ца хилча бен мегаш хIума дац, ткъа и хьал цигахь доцуш ду.

КхоалгIаниг: И хIума юьллуш бехкеметтиг чу хIума йохуьйту; и хIума йахийтар а, хьажар а юха-юха а хуьлу. Ткъа нагахь санна иза борша стага деш делахь – иза кхин чIогIа а, боьха а, доккха а хIума ду.

ХIара кхо хIума мегаш доцу хIуманаш ду, и хIума юьллуш йолу лор зуда хилча а мегаш хIуманаш дац уьш, мегаш дац цо бехкеметтиг чу хIума йахийтар, йа иза зудчуьнан бехкеметтиге хьажар, йа и хIума йилла цо шена магор.

И кхо хIума шариIатехь дихкина хIуманаш ду. Суна хууш долчуьнца, лоьраша аьллачу дешнех а, и хIума магочара аьлла долчу дешнех а суна гина долчуьнца а, шариIатехь нийса лоруш долу цхьаъа бахьана ца карийна суна иза мегаш хила, и хIума йиллар магорна шариIатехь цхьаъа нийса агIо ца гина суна.

Оцу хIуманашна тIетоха хьайна юха-юха и бехкеметтиг гучуяха езаш хилар. ТIаккха кхин а тамашийна хIун ду аьлча – оцу хIумано зудчуьнан ламазах йохаран раж галйоккхуш хилар ду. Цхьана къепехь нисйелла ца хуьлу цуьнан иза и хIума йиллича. И хIума йиллина ялале галйолу цуьнан и раж (цIий да́лар), хьалхадолуш а, тIаьхьадуьссуш а, галдолу цуьнан и гIулкх. И хIума йиллар бахьана долуш цкъацкъа ламаз а, Iибадат а галдала мега цуьнан. … Иза уггар атта хIума ду цунна хила йиш йолчух, вуьшта-м соьга цхьадолу хьелаш дийцина, и хIума бахьана долуш зудчуьнан и раж чIогIа тамашийна галйолуш, и лелор бахьана долуш вон тIаьхьлонаш хуьлуш. Цундела, суна цунах гуш дерг иза йилла мегаш ца хилар ду.

Амма и магорна хьехош долу бахьана, масала зуда доьзалхочух хиларх кхоьруш хилар – и цуьнан кхерам шена цхьа зен хиларна хила йиш ю, масала цуьнца цхьа цамгар елахь, йа цхьа зене бахьанаш делахь, ткъа цуьнан дарба «къастор» ду, борша стага шен хи (оралла) цунах къастор ду, йа бехкеметтиге хи ца кхочуьйтуш болу тIоьрмиг бухар ду. Ткъа ишттачу хьолехь и «спираль» йилларх лаьцна Iелам-нахана гергахь цхьа бакъо ю: «Мегаш доцучу хIуманан меттана лело йиш йолуш мегаш долу кхин хIума делахь, и мегаш доцург лело ца мега».[7] Чекхдели Шейх Шинкъи́тIийс аьлларг.

Цул совнаха, и хIума йиллар бахьана долуш зудчунна мелла а зенаш а, цамгарш хилар билгалдаьлла ду бохуш дуьйцу Iелам-наха. Цу зенех ду масала зудчуьнан саццаза цIий ихар, иза юьллучу хенахь а, йиллинчул тIаьхьа а лазарш хилар (цхьайолчу хенахь и лазарш чIогIа а хуьлу), цкъацкъа цо бер арадолучу меттехь Iуьрг доккхуш хилар, цхьадолчу хьолашкахь доьзалхо цу меттехь кхоллалуш хилар, иштта кхидIа а.[8]

Цундела, зене доцу, хьарам доцу кхидолу бахьанаш лело аьтту а болуш и бахьана лело мегар дац бер ца хилийта.

Дика хуург сийлахь АллахI ву!

25.08.2009


 

[1] Бухарий, Муслим.

[2] Муслим.

[3] Муслим.

[4] Имам Ан-Нававий, «Шархь сахьихь Муслим», 10/9-10.

[5] Ахьмад, Ибн МаджахI.

[6] Шейх ВахIбат Аз-Зухьайлий, «Ал-фикъхI ал-исла́мийй ва адиллатухI», 4/194. Билламаш бийцина жайнаш: «Фата́ва́ аш-шабакатил-исла́миййахI», фатва № 18375; «Фата́ва́ ал-ладжнатид-да́имахI», фатва № 18591; «Фата́ва́ Шейх Мухьаммад Ал-Мунадджид», фатва 12529.

[7] Иза вайн Шейха Мухьаммад Ал-Мухтар Аш-Шинкъи́тIийс шега деллачу хаттарна маттаца делла долу жоп ду, «За́дул-мустакъниI» жайнин маьIна дечу хенахь. Хьажа, йа ладогIа: Шейх Мухьаммад Ал-Мухтар Аш-Шинкъи́тIий, «Шархь за́дил-мустакъниI», 24\22, «Шархь сунан ат-Тирмизий», 2\40; Иза мегаш дац аьлла кхин а: «Фата́ва́ аш-шабакатил-исла́миййахI», фатва № 22784, 4219,  .

[8] «Фата́ва́ аш-шабакатил-исла́миййахI», фатва № 22784.