Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Оьзда доцу суьрташка хьежа мегий?

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Хууш ма-хиллара, Бусалба дино цхьаъа хIума хьарам деш дац, цуьнца цхьа зен хилча бен. Ткъа оьзда доцучу суьрташках хьежарехь вуно дукха а, даккхий а зенаш ду. Оцу боьха суьрташка хьежаро синмарзо меттахйоккху, дегIамарзо меттахйоккху, вон лаам меттахбоккху. И хIума хилча, стаг велахь а, зуда елахь а, и шен лаам а, дегIамарзо а кхочуш йан некъ лоху цо, зина дан некъ лоху цо. Оцу кеппара, оцу суьрташка хьежаро зина дарга кхачаво, ткъа вочу хIуманна тIевуьгуш долу хIума дерриге хьарам ду.

Оцу суьрташка хьежаро, адаман дахарехь уггар мехала йолу хан эрна йойъуьйту. Иза цхьаъ тоьар дара иза хьарам хила, кхидерг ца дийцича а.

Оьзда доцучу суьрташка хьежаро адаман дин гIелдо, нийсонна тIеверзош болу цуьнан синхаам гIелбо, Дала цуьнца кхоьллина болу синхIоттам талхабо, юьхь тIехь Iаьржа бода хIоттабо, дог чIагIдо, даг тIе бода боуьйту, синна холам а бо.

Оцу суьрташка хьежаро оьздангаллех вохаво, эхь доцучу воккху, бусалба стеган лаккхарчу гIиллакхех вохаво.

Оцу боьхачу суьрташка хьежча, царна тIехь болу боьха зударий божаршна шайн цIенчу хIусамнанойл хазло, уьш шайн хIусамнанойл гIолий хета, тIаккха и бахьана долуш, оцу суьрташа меттахбаьккхина болу шайн боьха лаам арахь кхочушбар лоьху цара. Цунах вуно дукха зенаш хуьлу, и бахьана долуш цамгарш яьржа, доьзалш буху, нахана юкъахь бохам а, боьхаллаш а яьржа. Иза вайна гуш ду оцу суьрташка хьежар а, уьш санна йолчу «киношка» хьежар а вон ца хеташ болчу керста нахана юкъахь.

Ткъа и массо вонаш а, боьхаллаш а шех схьадолуш долу хIума цхьаъа шеко йоцуш хьарам ду.

Боьха суьрташка хьежар бIаьрган зина юкъадогIуш ду. Делан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла: «Шина бIаьрган зина – хьажар ду, шина лерган зина – (вуониг) хазар (ладогIар) ду, меттан зина – (лар тIехь доцу) къамел дар ду, куьйган зина – (вуочахьа) куьг хьакхадалар ду, коган зина – (вуочахьа) ког баккхар ду. ТIаккха, бехкеметтиго йа тIелоцу иза, йа духатуху».[1]

Оцу хьадисан маьIна деш, Имам Ал-Муна́вийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «(Хьарам долчу хIумане) хьажар -  бакъдолчу зина́н геланча ду, боьхаллин куьйгалхо а ду, цунах хуьлуш болу бала уггар чIогIа а, боккха а бу».[2]

ХIора адаме хаттам бийр болуш бу, цо хьажочу бIаьргах лаьцна. Лекха хинволчу АллахIа аьлла: [Бакъдолуш, хазар а, хьажар а, дог а – церах массерах лаьцна хаттам бийр болуш бу].[3]

Имам ГIазалийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Хьуна хаийла (хIай бусалба стаг), бусалба динан ши агIо хилар: ца магийнарг Iаддитар а, муьтIахьаллин Iамалш яр а. Ца магийнарг Iаддитар цаьршиннах уггар чIогIа агIо ю, хIунда аьлча муьтIахьаллин Iамалш массаьрга ялун дела, амма шен дегIан марзонаш йитар – иза баккъалла бакъ болчаьрга бен далуш хIума дац. И бахьанехь аьлла ду Делан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна): «ХIижрат динарг – иза вон хIума Iаддитинарг ву; тIемало а – шен харцлаамца тIом бинарг ву».[4]

Хьуна хаийла, хьо Далла Iеса хуьлучу хенахь, хьо Цунна Iеса хьайн меженашца хуьлуш хилар. Ткъа и меженаш хьуна Дала делла ниIмат ду, хьоьга Дала кховдийна тешамалла а ду. Дала хьайна динчу ниIматца хьо Цунна Iеса хилар уггар доккха Цуьнан ниIмат керстдар ду, Дала хьайга кховдийначу тешамаллийна ахь тешнабехк бар а уггар доккха дозанал тIехвалар ду. Хьан меженаш хьоьга ларъян елла ю, цундела ахь ойла е, айхьа уьш муха ларйо. «Шу массо а цхьана хIуманна тIехь Iу ву, аш Iуналла дечу хIуманах шуьга хаттам бийр болуш а бу».[5]

Хьуна хаийла, къемат-дийнан майданашкахь хьан массо межено цIенчу, паргIатчу маттаца хьуна дуьхьал тешалла дийр долуш хилар, массо халкъашна хьалха ахь лелийнарг гучудоккхуш. Лекха хинволчу Дала аьлла:

[(Цу) дийнахь тешалла дийр ду царна дуьхьал церан меттанаша, церан куьйгаша, церан когаша, цара деш хилларг схьадуьйцуш].[6]

Кхин а аьлла Лекха хинволчу АллахIа:

[Тахана (къемат-дийнахь) Оха тухур ду мухIар церан батош тIе, Тхоьга дуьйцур ду церан куьйгаша, тешалла дийр ду церан когаша, цара лелош хиллачуьнца].[7]

Цундела ахь ларде, хIай пекъар, хьайн дерриг дегI, Далла Iеса хиларх… Къаьсттина ахь ларъе хьайн дегIан ворхI меже: бIаьрг, лерг, мотт, гай, бехке меттиг, куьг, ког.

Бакъдолуш жоьжагIатан ворхI неI ю хьуна, оцу хIора неIарна хIора меженан дакъа кхочур долуш, шайна чухула къаьсттина цхьана меженашца дукха Далла Iеса хилларг бен чу а гIур воцуш.

Амма бIаьрг: иза хьуна кхоллина бу хьо боданашкахь нисвалийта, хьайн хьашташ кхочушдарехь хьуна цуьнца гIо хилийта, хьо цуьнца хIокху лаьттан а, стигланан а Iаламаташка хьежийта, тIаккха цаьршинна чохь долчу Делан Iаламаташ тIехь хьоьга ойла яйта. Цундела ахь иза ларбе деа хIуманах:

1.       Хьайна мегаш йоцчу зудчуьнга хьажарх а;

2.       Вочу синмарзонца хазчу куьце-суьрте хьажарх а;

3.       Сийсазаллийца, кураллийца бусалба стаге хьажарх а;

4.       Бусалба стеган кхачамбацаршка айхьа хьайн бIаьрг хьажабарх а».

КхидIа, диссина йолчу ялх меженах лаьцна дийцина Имам ГIазалийс, Дала къинхетам бойла цунах.

Имам ГIазалийн оцу тIаьххьарчу дешнаша билгалдеш ду, боьха суьрташка хьежар хьарам хилар. Иза массо бусалба Iеламнехан а, берриге бусалба нехан а бартхилла хIума ду.

Цундела, бусалба стага ларбан беза шен ши бIаьрг, вочу метте хьажорх. Лекха хинволчу АллахIа аьлла: [Ахь ала (АллахIах) тешаш болчу божаршка: шайн бIаьрса (бIаьргаш) лардойла цара, шайн бехкеметтигаш ларйойла цара, иза ду царна гIолий а, цIенох а дерг; бакъдолуш АллахI хууш-девзаш ву цара дийриг].[8] Уьзза омру Дала зударшна а дина: [Ахь ала (АллахIах) тешаш болчу зударшка: шайн бIаьрса (бIаьргаш) лардойла цара].[9]

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

03.05.2010 = ‏19‏/05‏/1431


 

[1] Бухари, Муслим.

[2] Имам Ал-Муна́вий, «Файдул-къадир», 4/85.

[3] Сурат «Ал-Исро́ъ», 36 айат.

[4] Ибн Хьиббан, Хьаким, АлхIайсамий, Ахьмад, Албаззáр, ТIабараний.

[5] Бухари, Муслим, Абу Давуд, Тирмизи, Ахьмад.

[6] Сурат «Аннýр», 24 аят.

[7] Сурат «Йáсийн», 65 аят.

[8] Сурат «Ан-Ну́р», 30 айат.

[9] Сурат «Ан-Ну́р», 31 айат.