Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум варахьматуллахI! Фарз хьаж дин ца хилча Iумрат да мегий?

 

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Мега. Имам Нававийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Iеламнехан бартхилла хIума ду хьадж дарал хьалха Iумрат дан мегаш хилар, цу шарахь цо хьадж дийр делахь а, дацахь а. Иштта ду Iумратал хьалха хьадж дар а. Цунна тешаллийна далийна цара Ибн Iумаран (Дела реза хуьлда цунна) хьадис, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) хьадж дале хьалха Iумрат дина хиллера аьлла. Бухарийс дийцина ду иза. Кхин а тешаллийна далийна цара гIарадевлла девзаш долу нийса хьадисаш, АллахIан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) ша шен (парз) хьадж дале хьалха кхо Iумрат дина хиллера аьлла».[1]

Имам Ибн Iабдил-Барра а (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла уьзза маьIна долу дешнаш, иза Iеламнехан бартхилла хIума ду аьлла.[2] Кхиболчу Iеламнаха а аьлла и маьIна долу дешнаш.

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

28.02.2011 = ‏25‏.03‏.1432


 

[1] «Ал-мажму́I шархьул-мухIаззаб», 7/170.

[2] «Ат-тамхIи́д», 20/13.