Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум Олхазар. Суна цхьа хьадис хезнера, Пайхамара (С.А.В.С) [соллаллохIу IалайхIи ва саллам] шена цхьа йиш (музык) локхуш хезча лерга пIелгаш доьхкира, ша и ца хезчиге валлалц дIа а ца дехира аьлла. И хьадис динна (полный) дац. Сан дехар дара и хьадис динна яздар а, цуьнан маьIна дар а. Баркалла.

 

 

Жоп:

БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Абу Давуда дийцина НафиIера схьа, «Ибн Iумарна (Дела реза хуьлда цунна) хезира цкъа шок локхуш йа зурма (эшар) локхуш,[1] тIаккха цо шен ши пIелг шен шина лерга биллира, (ша воьдуш хилла болчу) некъа тIера юьстах а велира иза (шена иза ца хазийта), тIаккха соьга элира цо: «ХIай НафиI, хIумма а хезий хьуна?». Ас элира: «ХIан-хIа». ТIаккха цо шен ши пIелг шен шина лергара дIабаьккхира, цул тIаьхьа элира цо: «Со цкъа Пайхамарца (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) вара, цунна иштта и санна хIума хезира, тIаккха цо иштта (ас диннарг) дира».

Имам Шавка́нийс и хьадис Абу Давуд воцучо кхин а Ахьмада а, Ибн МаджахIас а дийцина ду а аьлла.

1. Оцу хьадисан маьIна и хьадис дешча билгал ду. Цхьана хIуманца цхьаьна эшар локхуш хезча, йа жаIуно шен шок локхуш хезча, Ибн Iумара (Дела реза хуьлда цунна) шен лерга пIелгаш доьхкина, оцу меттигана гена а ваьлла иза, шена иза ца хазийта. Кхин иза хезаш йоцучу хенахь ши пIелг лергара дIабаьккхина цо. Иштта и хIума Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) дира аьлла а дийцина цо.

2. И хьадис цхьаболчу Iеламнаха гIийла ду. Церах ву, масала, ша́ и дийцина волу Абу Давуд. Делахь кхиболчу дуккха Iеламнаха нийса ду аьлла иза.

3. Оцу хьадисах схьадолуш долу коьрта хьукма ладогIа магар йа ца магар ду. Кхузахь гIеххьа тамашийна хета мегаш долу хIума ду, эшаршка ладогIа магош болчу а, ца магош болчу а Iеламнаха цхьатерра оцу хьадисах шайна далил лаьцна хилар. Иштта цхьана дешнех галморзах кхетам хуьлуш хиларан масал ду иза, малхбуза ламаз Къурайза тайпа долчахь бен ма дойла аш аьлла Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) бахийтина хилла болчу асхьабашна юкъахь хилларг санна. Уьш новкъа боьлхуш болуш, малхбуза ламазан хан тIехIоьттина хилла. ТIаккха церах цхьаболчара аьлла, вайга ламаз цу меттехь бен ма де аьлла, цундела вай ламаз хIинцце дан ца деза. Вукху асхьабаша аьлла, хIан-хIа, цунна лууш хилларг сихха цу метте дIакхача бохург дара, малхбуза ламаз цигахь а деш сихха дIагIо бохург дара, хан тIехIоьттича ламаз ма де бохург дацара. Иштта, оцу цхьана хьадисах тайп-тайпана кхетта уьш. Кхоно цара иза Пайхамарга (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) дийцича, цо йа хIокхарна а, йа вукхарна а дов ца дина, шу иштта хIунда кхеттера аьлла.

Оцу кеппара, хIокху хьадисехь а далил карийна эшаршка ладогIа магош болчу Iеламнахана а, ца магош болчу Iеламнахана а (Дала къинхетам бойла церах массерах). Магош болчара, оцу хьадисехь билггал далил ду аьлла, эшаршка ладогIар хьарам ца хилар. ХIунда аьлча, иза мегаш дацахьара, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) кагйина хилла хир йара и локхуш хилла йолу хIума. Иза хьарам делхьара, цо магийна хир дацара Ибн Iумарна цуьнга ладогIа. Иза хьарам хиллехьара, цо ма лакха аьлла инкарло йина хилла хир йара и локхуш хиллачунна. Йа Ибн Iумара НафиIана а магийна хир дацара цуьнга ладоьгIуш Iен. Ткъа Пайхамар (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) цуьнга ладогIарх ларваларан бахьана – дуьненан кхидолчу дуккха а хIуманех иза ларвалар санна ду иза, масала дIатевжина волуш яахIума ца яар а, йа цо шен хIусамехь деши-дети ахчанга буьйса ца яккхийтар а, иштт а и санна долчу кхечу хIуманех иза ларвалар санна ду.[2]

Ткъа иза мегаш дац аьлла берш Ибн Iумар (Дела реза хуьлда цунна) оцу зурманах ларваларга хьевсина, Пайхамар а (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) цунах ларваларга хьевсина, цундела аьлла цара: зурма хезначо иштта лерга пIелгаш дохкар мегаш хилар гойтуш ду и хьадис. Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) Ибн Iумарна ладогIа магорна а, Ибн Iумара НафиIана ладогIа магорна а, и зурма локхуш хиллачунна инкарло ца йарна а цхьацца агIор жоьпаш делла цара, масала и зурма локхург гуш воцуш хилла хила тарло, генахь хилла хила тарло, бусалба воцуш хилла хила тарло, НафиI жима хилла хила тарло, кхин а хьарам дерг ладогIар ду, хазар дац, ткъа цаьршимма цигахь ладугIуш ца хилла, цаьршинна хезаш хилла, иштта кхидIа а.[3]

Иштта и ду хIинца суна оцу хьадисан хьокъехь карийнарг.

Ткъа эшаршка ладогIарх лаьцна вай хьалха ма-дийццара, дукхах болчу Iеламнаха иза магош дац, цхьаболчарна гергахь мегаш хIума ду иза.

Дика хуург веза-сийлахь АллахI ву!

19.06.2011 = ‏17‏.07‏.1432


 

[1] Оцу хьадисехь Iаьрбийн маттара деана долу дош «мизма́р» ду. Цуьнан маьIна деш Iеламнаха иза цхьана хIуманца йиш лакхар ду аьлла, йа жаIуно шен шок лакхар ду аьлла. Цундела яздина ас иза иштта.

[2] Имам Ибн Хьазм, «Ал-Мухьалла́ бил-а́са́р», 7/570.

[3] Имам Ибн КъудамахI, «Ал-МугIни́», 10/154; Имам Ал-Iази́м-а́ба́дий, «Iавнул-маIбу́д», 13/182.