|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! "Возлюбите арабов по трем причинам: потому что я - араб, Священный Куран ниспослан на арабском языке и потому что речь обитателей Рая - речь арабская". ХIара хьадис бакъ дуй?
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI. Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! И хьадис масийтта Iеламстага «харц» хьадис ду , «кхоьллина» хьадис ду аьлла. Иштта аьллачерах ву Имам Ибнул-Джавзий а, Имам Абу Хьатим а, Имам Ал-Iукъайлий а, Шейх Ал-Албаний а, кхиберш а. Цара иза аларан бахьана – цуьнан иснада юкъахь харц луьйш хилла а волуш, кхоьллина хьадисаш дуьйцуш хилла волу стаг хилар ду.[1] Цхьаболчара иза «кхоьллина» ду аьлла чIагI ца дина, хIетте а, оцу хьадисан уггар лахара ала мегар дерг – иза «чIогIа гIийла» ду алар ду.[2] ТIаккха, Къуръан Iаьрбийн маттахь хилар – иза девзаш хIума ду. Къуръан а, Суннат а Iаьрбийн маттахь хиларна, бусалба нехан шайн аьтту ма-ббу Iаьрбийн маттаца ба́ла кхочуш хила бе́за, иза Iамош хила беза, ткъа къаьсттина таханлерачу заманахь шиъ-кхоъ мотт хууш хилар дика лоруш а, дуккха нахана юкъахь даьржина а ду. Амма Iаьрбой безарх лаьцна аьлча – цхьа къам ца дезар а, цхьана къомаца оьгIазло лацар а нийса хIума дац, йа хьекъалца хьаьжча а, йа бусалба динца хьаьжча а, хIунда аьлча дерриге адамаш Делан лайш ду, Далла муьтIахь хила дезаш а ду, адамашна юкъахь диканаш а бу, вонаш а бу, бусалбанаш а бу, бусалба боцурш а бу. Ткъа цхьа къам вон ду аьлча, цу юккъера дика нах а вон бу алар хуьлу иза, доцург кхоллар а хуьлу иза, гIийбат дар а хуьлу иза, бIеэзарнашкахь болчу (дикчу) нахана хIума алар хуьлу иза, цхьана дашца шена эзарнашкахь болчу нехан мохь тIелацар хуьлу иза. Ца деза дезарг – вон хIума ду, муьлхха къомах волчо иза лелош делахь а. Деза дезарг – дика хIума ду, муьлхха къомах волчо иза лелош делахь а. АллахIах тешаран уьйр хилар бахьана даим шеца безам хила безарг - бусалба адам ду. Бусалба стаг АллахIах тешаш хиларна ве́за ве́заш ву, тIаккха кхидIа йолу цуьнан дикалла сов яларе терра и безам совбала а йиш ю. Цу балхехь цхьаъа къастам а бац, башхула а яц, муьлха къомах ву, йа тайпанах ву и бусалба стаг. Ткъа Iаьрбой (бусалба нах) схьаьлаьцча – уьш Дала базбина шайна юкъахь уггар Шена дукхавезаш волу, уггар Шена герга волу, дерриге адамел веза волу Мухьаммад (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) кхолларца. Иза Iаьрбо хиларан дозалла ду Iаьрбойн, Iаьрбошна юкъахь иза шайн тайпанах хиларан дозалла Къурайши тайпанна, цу тайпанна юкъахь иза шайн цIийнах хиларан дозалла ХIашиман цIенна. ХIетте а, бусалба воцу Iаьрбо а, Къурайши тайпана верг а, ХIашима цIийнах верг а (ишттаниг хилчи а бохург ду вайн иза) – шеца цхьаъа и дозалла долуш вац, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) шен йоIе аьлла долчу дешнаша а, кхидолчу хьадисаша а гойтуш ма-хиллара. Кхин а, Iаьрбо а волуш, Къурайши тайпанах а волуш, ХIашиман цIийнах а волуш волчу стагал а, зудчул а веза а, еза а хила йиш муьлхха а кхечу къомах волу стаг а, зуда а (нохчи хуьлийла иза, гIалгIай хуьлийла иза, суьйли хуьлийла иза, ирландхо хуьлийла иза, гIазкхи хуьлийла иза, испанхо хуьлийла иза, турк хуьлийла иза йа курд хуьлийла иза, иштта кхидIа а), нагахь санна хIара шолгIаниг доьххьаралерачул алсам АллахIах кхоьруш велахь/елахь, йа дикаллехь цул алсам велахь/елахь. «Шен Iамалца кхачамбацар хилларг хьалхавоккхур вац цуьнан цIийно (цхьана къомах, йа тайпанах, йа хIусамах иза хиларо)», цундела, шен дайн дозалла долуш бара аьлла, йа шен схьавалар деза дара аьлла Iамал ца йеш Iе́н мегар дац Делан лай.[3] Амма ялсамани чура мотт Iаьрбийн мотт бу бохучух дерг – Имам Ибн Таймиййе (Дала къинхетам бойла цунах) хаьттина хилла цунах дерг. Цуьнга дина хаттар а, цо делла жоп а да́лор ду вай цу хьокъехь. Имам Ибн Таймиййас (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Соьга хаттар дира цхьамма: «ГIовттор долчу (къемат) дийнахь адамашка дийр долу къамел хIун хир ду? Лекха хинволчу АллахIа цаьрга Iаьрбийн маттахь вистхир вуй? Жоьжахатин охIлунан мотт фарси бу, ялсаманин охIлунан мотт Iаьрбийниг бу бохург нийса дуй?». Ас жоп делира цунна, Iаламийн Эла волчу АллахIана хастам бинчул тIаьхьа: «Цу дийнахь адамаша муьлхачу маттахь къамел дийр ду а, сийлахь а, лекха а волчу Делан вистхилар царна муьлхачу маттахь хезар ду а хууш дац, девзаш дац. ХIунда аьлча, лекха хинволчу АллахIа вайна ца довзийтина цунах лаьцна цхьаъа хIума, йа Цуьнан элчано а (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) а ца довзийтина. Жоьжахатин охIлунан мотт фарси хир бу бохург а, ялсаманин мотт Iаьрбийниг хир бу бохург а, Iаьрбийн мотт (эхартахь) даим зовкхехь хир болчера мотт бу бохург а нийсачу хьадисехь деана дац. Цу хьокъехь асхьабашна юкъахь цхьа къовсам хиллера хууш-девзаш а дац вайна, муххале а цара цхьамма а дийцина а, хьехийна а хIума дац иза, хIунда аьлча и санна долчу хIуманех лаьцна къамел дар совнаха къамел дарна юкъадогIуш ду. … ХIетте а, тIаьхьарчу хенашкахь хилла болчарна юкъахь къовсам хIоьттина цу хьокъехь. Цхьаболчара, Iаьрбийн мотт буьйцур бу цара аьлла. Вукхара, Iаьрбийн мотт буьйцур бу, жоьжахатин охIлунах боцучара, цара жоп далар фарси маттахь хир, жоьжахати чохь церан хир болу мотт иза а бу аьлла. Кхечара, сурйа́ни́ маттахь бистхир бу уьш аьлла, хIунда аьлча иза А́даман мотт болу дела, кхидолу меттанаш цунах дIасадаьржина долу дела. Кхиболчара, сурйа́ни́ мотт хир бу, ялсаманин охIлунах боцучеран аьлла, цара буьйцур берг Iаьрбийниг хир бу аьлла. И дерриге дешнаш аьллачеран (нийса) далил (тешалла) дац, йа хьекъалан агIор а дац, йа хьадисера а дац, мелхо а тешаллаш доцу дешнаш ду уьш, иштта хир ду бохуш аьлла долу. Ткъа дика хуург а, гIолий хуург а сийлахь-цIена а, лекха а волу АллахI ву».[4] Иштта дIадерзадо вай а хIара жоп: дика хуург сийлахь-цIена а, лекха а волу АллахI ву! 03.01.2011 = 28.01.1432 [1] Шейх Ал-Албаний, «Силсилатул-ахьадис ад-даIифахI вал-мавдуIахь», 1/293; «Фатава ал-ладжнатид-даимахI», 3/195, 245. [2] Уьзза жайнаш. [3] Къовларш юкъара хьадис Имам Муслима дийцина ду, цул тIаьхьа долу дешнаш цуьнан маьIна деш Имам Нававийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла ду. «Шархь сахьихь Муслим», 17/23. [4] «МаджмуIул-фатава», 4/300-301.
| КхидIа |