|
|
|
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! 1. ГIурбанан денош диъ ду: зул-хьидджа беттан 10-гIа, 11-гIа, 12-гIа, 13-гIа а денош. ГIурба деран хан Iийд-дийнахь Iийд-ламаз дичахьана дуьйна, Iийд-дийнал тIаьхьадогIучу кхаа дийнан тIаьххьарчу дийнахь малх чубуззалц йолу хан ю. Вуьшта аьлча, Iийд-дийнахь Iуьйранна малх хьалабаьллачул тIаьхьа, ши ракаIат ламаз а, жима ши хутIба а далла йолу хан яьлча дIайолаелла, Iийд-дийнал тIаьхьа долчу кхаа дийнах тIаьххьарчу дийнахь малх чубуззалц йолу юкъ гIурба деран хан ю. Iийд-ламаз динчул тIаьхьа, оцу диъ дийнахь муьлхха хенахь а ден мегаш ду иза, делахь а Iийд-ламазал тIаьхьа дийча гIолий ду. Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «(Iийд-)ламазал хьалха урс хьаькхначо шена (жижигана) хьаькхна, (Iийд-)ламазал а, шина хутIбатал а тIаьхьа урс хьаькхначо шен хьадж кхочуш а дина, бусалба нехан суннатца а нисвелла иза».[1] 2. ГIурба ден ниййат долчунна суннат ду зул-хьидджа беттан хьалхара итт де дIадоладелча мас а, мIара а ца хадор, ша гIурба дийна валлалц. Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Зул-ХьидджахI бутт болалуш (стиглахь) шайна бутт гича, шух цхьаъ гIурба ден лууш хилахь, шен мIара а, шен мас а ма хадайойла цо».[2]
Цундела, гIурба дейта лууш волчунна мелехь ду гIурбанан беттан хьалхарчу итт дийнахь шен мас а, мIара а ца хадор, гIурба дийна даллалц. Оцу суннатан хан дIайолало зул-хьидджа беттан доьххьаралера дийнахь, иза чекхйолу цу беттан иттолгIачу дийнахь гIурба дерца, йа цу дийнахь ца дийнехь цул тIаьхьадогIучу кхаа дийнахь гIурба дерца. ГIурба доьйтуш воцучунна суннат дац мас-мIара ца хадор, иштта суннат дац иза хьаджана ихьрам дехка кечлуш волчунна а. Цундела, нагахь санна хьой гIурба дейта лууш елахь, гIурбанан беттан доьххьара дийнахь дуьйна ахь хьайн мас а, мIара а ца хадийча мелехь ду, хадо езаш хьал а хилла хадийча къа а дац, Дала мукъалахь.
Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!
02.11.2008
|