Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Кхетам

Доьзал

ГIиллакх

Iелам-нах

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео
Хьешан тептар
Кехат язде соьга

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Студент поступает учиться, и ему говорят "открой свой счет в банке, с которого ты будешь забирать свою степендию". Вопрос: Можно ли открывать в таком случае личный счет в банке, если с кредитной карточки будет сниматься процент?

 

 

Жоп:

БисмиллахIиррохьманиррохьим.

АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Иштта счет хьаелла мегар ду. Нагахь санна оцу счета тIедолуш долчу ахчанна банко шегара ахча тIетухур доцучу кепара елла аьтту белахь, ишттарниг елла еза, ахча тIекхетар дерг елла мегар дац. Нагахь санна банкехь оцу кепара йолу счет схьайоьллуш яцахь, тIаккха важа схьаелла а мегар ду, делахь а тIекхетар долу ахча цхьанне агIор шена пайденна лелон мегар дац, мелхо а «шен кочара даккха» дезар ду цо иза, цхьанхьа дIадала дезар ду.

ТIаккха, схьагучу суьртехь, и санна йолчу счетана «кредитни карта» луш ца хуьлу, хIунда аьлча и карта даларна шен билламаш хуьлу банкийн, шайгара даьккхина декхар юхадерзо ницкъ кхочур хилар билгалдеш хIиттийна. Ткъа хIокху стипенди схьаоьцучу хьолехь, цу балхана схьайоьллуш йолчу счета тIера ахча схьаэцалур долу карта луш хуьлу, оцу картийца банкера декхар эцалуш ца хуьлу. Иштта долу карта даккхар мегаш ду. Ткъа «цу тIера процент оьцур елахь» бохург схьахетарехь оцу банко ша и карта даккхарна а, леладайтарна а шена схьаоьцуш долу ахча долчух тера ду, иза а мегаш хIума ду, галдаьлла хIума дац.

Проблема йолу хIума ду баккъалла долу «кредитни карта» даккхар а, лелор а. «Кредитни карта» - декхаран карта ду, банко оцу картийца декхар луш хуьлу и карта долуш волчунна, цуьнана счета тIера ахча чекхдаьлча. ТIаккха, и декхар банко хIоттийна йолчу хенахь банкана дIаделча, цо оцу декхарна тIе шена са́ ца йоккху. Ткъа нагахь санна хIоттийна йолчу хенахь и декхар дIа ца лахь, банко шена оцу декхар тIе са́ йоккху, масала, ахь схьаоьцур долчу декхарна тIе 2% (йа кхин а алсам) совнаха ахча тIедала дезар ду олу. Ткъа иза – риба́ ду. Цундела ю и карта даккхар а, лелор а проблема. И карта даккхарна шен цхьа цаторийла яцахь, иза даккха мегар дац, хIунда аьлча «договор» дечу хенахь банко хIиттош болчу оцу риба́н билламашна реза хуьлуш куьг таIо дезаш хуьлу цигахь. Цундела, цаторийла йоцучо шен счета тIера ахча схьаоьцуш долу «обычный простой» карта даккха деза. Нагахь санна цхьа цаторийла елахь, и кредитни дерг бен луш дацахь, тIаккха иза даккха мегар ду, делахь а оцу банкера декхар ца эца хьажа веза, деккъа шен счета тIехь долуш долу ахча лелон деза.

Ткъа дика хуург АллахI ву.

15.07.2012 = ‏25‏.08‏.1433