|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Цхьа хаттар дара сан, айса хIун дан деза ца хууш йиссина со. Аса а, со йаха дагахь хилла волчу кIанта а, чIагIо йинера охашимма АллахIаца дуй бууш, тхойшиъ даим цхьаьна хир ду аьлла (ас сой цуьнга гIур ю аьлла, цо со шена юьгур ю аьлла). Со сан цIерачара ца яхийтина цуьнга, хьалхе ду аьлла, и кхечу махкахь ву аьлла. Цо а шен кхин хьоьжуш Iен йиш йоцу дела зуда ялийна. Юха цо аьлла соьга, шена биц ца белла вайшимма биина дуй, аьлла, со шена юха хан яьлча йига дагахь. ТIаккха со реза ца хилла цунна. ШарIо магош дарий-те цунна жимма со йоккха хиллалц (шина шарахь) собар ца деш шена зуда а ялийна, юха соьга шега йола ала? Зудчунна тIейаха суна ца лаьа, йа сан цIерачара суна вообще магор дац. Дуй къарбина хуьлий-те? Къарбинехь со юй-те и къарбинарг йа и ву-те? Оцу хьолехь хIун дан деза-те охашиммо? АллахI реза хуьлда хьуна жоп даларна! АллахIа диканца бекхам бойла!
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Дика хир дара ашшимма доьххьара иштта и дуй ца биънехьара. Шаьшшина жималлийна а, цакхетамна а дина хир ду ашшимма иза. ТIейогIучу хенахь кхин ма далийта хьайгара иштта хIума. Ткъа хIинца хIун дан деза ашшимма? Ахь, хьайн цIерачара бохург а дина, и кIант Iадвита веза, цо хьо а Iадйита еза. Кхин цуьнца зIене ма йийла, йа кхин цуьнца къамелаш а ма де, цуьнга хьайца кхин зIене ма вийла ала, шен ойла шен доьзална тIе хьажае ала. Иза шен доьзалца ваха Iадвита, хьо жима ю, хьо маре йаха а ларор ю, хьуна диканиг хIусамда а нислур ву, Дала мукъа лахь. Цундела, хьо цуьнга гIур йолуш а ца хилча, йа цо хьо ялор а ца хилча, шаьшшимма биина болчу дуйна «каффарат» (бехказлонан гIуда) дан деза ашшимма. И дича паргIат хир ду шуьшиъ. Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла: «Цхьаммо цхьана хIуманна тIехь дуй баахь, тIаккха цунна цул гIолийниг дерг дича дика хир дара аьлла хетахь, оцу шен дуйна тIера гIуда а лой, и гIолий дерг дойла цо».[1] И дан деза «каффарат» хIун ду вай дийцира хьалха кхузахь: «Дуй къарбинчо хIун дан деза?» ХIокхунах тера долу хаттар вай дийцира кхузахь: «ВаллахIи, кхин хьан компьютарх куьг Iуттур ма дац ас» - аьлла дуй биъна сан зудчо». Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 02.05.2011 = 28.05.1432
|