Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум!

Я поругал мою жену за небрежное использование компьютера, на что она обиделась, и исходя из своей обиды, сказала:"валлахи,я больше не дотронусь до твоего компютера". После чего она раскаялась, и попросила прощенья у АЛЛАХА. Дело в том, что все доаваты находятся в компюторе, и она из-за клятвы незнает можно ли еи трогать компютер, чтобы она могла дальше слушать доаваты на компютере.

"Ас сайн зудчунна цо компьтер вон лелорна дов динера, тIаккха цунна иза халахийтира. Халахетта а йолуш, цо элира тIаккха: «ВаллахIи, кхин хьан компьютарх куьг Iуттур ма дац ас». Цул тIаьхьа иза дохко елира, Деле гечдар а дийхира цо.

Тхан берриге хьехамаш компьютер чохь бу, ткъа ша и дуй биъна хилча, хьехамашка ладогIархьама компьютер тIегIорта мегар ду йа дац ца хаьа цунна".

 

Жоп:

БисмиллахIир-рохьманир-рохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Нагахь санна хьан зудчунна хIинца и компьютер лело лаахь, шен дуй боха а бина (къар а бина), цунна тIера гIуда а делла, иза лело мегар ду цо. Нагахь санна цо и дуй бохор хиларан бахьана ахь хьайн хаттарехь ма-аллара, цу компьютер чура хьехамашка ладогIар делахь, иза бохор гIолий хила а тарло цунна.

Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Цхьаммо цхьана хIуманна тIехь дуй баахь, тIаккха цунна цул гIолийниг дерг дича дика хир дара аьлла хетахь, оцу шен дуйна тIера гIуда а делла, и (гIолий) дерг дойла цо».[1]

ТIаккха, нагахь санна цунна и компьютер лело а лиъна, лакхахь вай ма-аллара цо шен дуй бохор белахь,  цу дуйна тIера цо дала деза гIуда иштта ду: шена лаахь цхьа бусалба лай паргIат воккхур ву цо (ткъа иза хIокху заманахь далур долу хIума дац, лайш ца хиларна), шена лаахь итт миска адамна цхьацца кан даар луур ду цо, йа шена лаахь итт миска адамна тIеюйху хIума лур ю цо (масала, цхьацца хеча, йа цхьацца коч). Нагахь санна оцу кхаа хIуманах цхьа а дан аьтту бацахь, кхаа дийнахь марха кхобур ду цо.

Иза вай дийцира шен тоьшаллийца хIокху хаттарехь: Дуй къарбинчо хIун дан деза?

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

04.11.2009

 

 

 

[1] Бухарий, Муслим.