|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Масала ши йоI ю, шии фарз лелош яц: цхьаъ голал лекха юбка лелош ю, шолгIаниг голалла лаха юбка лелош ю. АллахIана гергахь шинни цхьа къа дуй цаьршинна? АллахI реза хийла хьуна.
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Къа шинненна а ду цаьршинна, хIунда аьлча ший а гучуяккхар хьарам долу меже гучу йоккхуш ю и шиъ. Ткъа иштта меже алсам гучуйоккхучунна алсам къа ду. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 2010-08-05 = 24/08/1431
| КхидIа |